ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ночийчуьрчу къона салтичо Кубанехь "садукъийна" спецназхошна хIоттийначу хIолламна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Краснодаран махкахь Молькино олучу тIеман декъехь хIинцца арме вигинчу салтичо шен ницкъ гайтина тIеман полигонехь хIоттийначу кхелхинчу эскархошна хIоттийначу хIолламна тIехь, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь гуш ду эскархочун духар доьхначу жимачу стага монументан цхьана фигурана, цкъа дуьххьара лерга улле тIара а тоьхна, вукха фигурина садукъош прием а, йина скульптурина мийра тухуш. Операторш бу цо лелориг дIаяздеш цуьнан эсарахой-накъостий. Хезаш ду уьш боьлуш.

Инцидент хилла ши де хьалха. Юкъараллин резонанс хиллачул тIаьхьа тIеман декеъхь таллам бина. Kub Mash телеграм-канала билгалдаккхарехь, хIоллам хьийзина салтий ву ракетан бригадехь гIуллакх деш волу цIера Нохчийчуьра волу Агарагимов.

Къилбан тIеман гонан коьртачу пресс-секретара Астафьев Вадима дIахьедина, эскархо даржера дIавоккхийла дац, иза ханна арме гIуллакх дан вигна хиларна. Делахь а цунна а, видео тIехь болчу кхечу салташна а административан таIзар дийр ду аьлла цо.

Астафьевс билгалдаьккхина "профилактикан къамел дарна юкъаозо мегаш бу аьлла "Дагестанера а, Нохчийчуьра а баккхий нах".

  • Калиниградерчу Iиса Пайхамаран килсанна уллехь, дезачу хин хьоста чохь, стохка мачаш йилинчу Балтин хIордакеманийн декъан эскархошна таIзар кхайкхийна меттигерчу тIеман гонан кхело. Дагестанера волу Сайханов Расул а, Магомедов Джамалуддин а вара дин лелочарна халахетар дарна жоьпе озийранг.
  • Бехканна къерахиллачу Сайхановна тоьхна 100 эзар сом гIуда, ткъа къарвала ца хIоьттинчу Магомедовна – 200 эзар. ШолгIачо ша "мачаш ченах цIанъеш бен вацара", шена ца гира хьостанна тIехула кхозу икона, аьлла. Цо чIагIдарехь, ца гина цунна шеца эскарехь волчу Караханов Азада видео йоккхуш а. Шена ца хаьара охьадогIу хи "деза" дуйла, элира цо.
  • Стохка, Гезгмашин-беттан 13-чохь интернетехула видео яьржира масех жимчу стага (пхиъ вара гуш) Калининградерчу дезачу хичохь, эхьаза а лелаш, мачаш юьлуш. "Царна хIара деза хи ду, ткъа вай когаш буьлу кху чохь" – бохура цхьамма. ТIаьхьа эскархойх цхьамма, шех Расул олучо, видео яржийра шайна бехк цабиллар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG