ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочуьнгара 30 млн сом дIадаккхарна бехке вина полисхо


Наручники
Наручники

Нохчийчуьра вахархочуьнгара Вахаев ШахIабера, талор а деш, ахча даккхарна шеко йолуш жоьпе озийна Москвара наркотикаш йохка-эцарца къийсам латточу декъан полисхо. Цуьнан цIе ю Ширяев, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Кхушара Чиллан-баттахь, 393 эзар долларх 30 миллион сом а хийцина, цIавоьдуш, мила ву цахуучу стага тIелатар а дина, и ахча дIадаьккхинера Вахаевгара, яздо Baza телеграм-канала.

Москварчу полисхойн аьтто баьлла и зулам динарг къасто, нохчочуьнан машенна чохь йиллина "жучок" олу гIирс а карийна. Цу тайпачу гIирсаца полисхоша тидам беш Iедал ду зуламхой хила мега аьлла шайна хетачу наханна тIаьхьа. Уьш дIахIитточу говзанчан болх беш хилла Ширяев.

Полисхочуьнца цхьаьна талламхоша дIалаьцна Губанов фамили йолу ЧОП олучу доларчу хадаран агенталлан белхахо. Цкъа дуьххьара шена хууш хIумма а дац, бохуш дуьхьлваьлла хила иза, амма тIаьхьо цо дийцина, шена Ширяев вевзаш волу 4 шо а хиларх лаьцна.

Губановс дийцарехь, полисхочо цуьнга дехар дина хилла Вахаевн машенна чу "жучок" йилла аьлла, нохчо велахь-вацахь зуламхо хила мегаш ву аьлла. Ширявс иштта тIедожийна хилла Губановна и гIирс чохь болчу машенна тидам бан планшет эцар а. Ткъа талор динчул тIаьхьа, планшет дIа а яйъий, цхьана ханна гIалара дIагIо, аьлла а хилла Ширяевс цуьнга.

Ша лаьцча, Ширяевс дIахьедина GPS-трекер олу гIирс ша Вахаевн машенна чубиллинера, белхан накъосташа дехар а дина аьлла. Цо чIагIдо, ша зулам ца дина, шена бинарг тешнабехк бу бохуш. Таллам дIабоьдуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG