ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчаша йиттина шена аьллачу адвокато Герасимов Павела хаамбина бехкзуламан гIуллакх долорах


Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу бахархоша шена йиттина аьлла, дIахьединчу адвокато Герасимов Павела хаамбина Кавказ.Реалиига, шена тIелеттачарна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна, хаа а хууш, могушаллина зен дар аьллачу Iедалан къепехь (ст. II5 УК РФ).

Юристо билгалдаьккхина, карарчу хенахь шеконашкахь волчу шиннан хьокъехь талламаш болийна, Герасимовс чIагIдарехь, цуна йиттинарг 10 хиллехь а. Конфликт иккхира Товбеца-беттан 20 -чохь Москварчу берийн майданахь. Товбеца-беттан 22-чохь Талламан комитето официалехь бина хаам бац бехктахкман гIуллакх долорах лаьцна.

Герасимовс билгалдоккху, шена тIелеттачеран гIуллакх Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан 115-чу Iедалан къепехь билгалдаккхарна реза вац ша аьлла. Цхьана тобано лелийна хулиганалла лору цо и – оцу тIехула низамо шога жоьпалла тIедожадо, ворхI шаре кхаччалц чохь яккха хан а кхачош.

"Адвокатийн гонашкарчу" Герасимовн информацица а догIуш, тIелетта цхьаберш кхин а цхьана гIуллакхна тIехула дIасабовлар дихкина бу – уьш бехкебо хаа а хууш, могушаллина къиза зен дарна. Кхин совдаьккхина хIуммаъ ца элира цо.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Герасимовс харцдерг ду элира Нохчийчуьрчу пачхьалкхан хаамийн гIирсаша, махкарчу жимачу беран коча а вахна, ша питана а дина, дов эккхийтинера бохуш яздийриг. Харцдерг дийцарна латкъамбан дагахь ву ша аьлла адвокато.

Герасимовс бахарехь, товбеца-беттан 20-чохь, берийн майданахь шен кIантаца хIара волчу хенахь, цхьана бере бехкбаьккхинера цо. И хиъначу кIентан дас, шен гергарнаш тIекхайкхинера. Цара, адвокато чIагIдарехь, дийнна сахьтехь йиттинера цунна, юристан боллу доьзал шаьш хIаллакбийр бу бохуш, кхерамаш а туьйсуш.

Экономикан зуламашца къийсам латточу Декъан белхахой ду шаьш аьллера тIелеттачара, полици схьакхаьчначул тIаьхьа. Цара кхерамаш тийсинера адвокатана, наркотикаш туьйсур ю шаьш бохуш, гIоьртинера таса а. ТIаьхьо дарбан цIийнехь адвокатан чуьра органаш а, корта а лазийна аьлла, дIаяздина.

Нохчийчуьра пачхьалкухан хаамийн гIирсаша кхин верси юьйцу. КIентан гергарчарна тIетевжина, цара чIагIдо, Герасимовс шен вукхарел а воккхаха волу кIант а, кхиндолу бераш а иркарахIиттош хиллера, оцу берана тIелата бохуш. Цул тIаьхьа иза лаьтта охьа а виллина, цуьнан садукъош хиллера. Кхечу хьасташкахула информаци тIечIагIйина яц.

Герасимов Павел – Оьрсийчоьнан хьакъволу адковат ву, дуьненаюкъара а, хIаваан а, криптобакъонан а дакъошкахула говзанча ву иза. Оьрсийчохь а, Украинехь а, Канадехь а болх бан адвактан лицензи ю цуьнан, цо Iалашйина Сочихь доьхначу Ту-154 а, Мисарахь А-321, Шереметьевохь SSJ-100 доьхначу кеманийн бакъонаш.

Кху шеран дечкен-баттахь полицино масех бехкзуламан гIуллакх диллира, Москварчу Гжельскан некъаца герз а детташ, летарна, цигахь лазийра ши стаг. Оцу зуламна бехкебо Нохчийчуьра бахархой а, иштта ГIиргIазойчуьра а, Узбекистанера а баархой.

Кхул а бутт хьалха, 2021-чу шеран гIуран-баттахь Москварчу "Славянский базар" метрохь уьрсан чов йира Нохчийчуьра 29 шо долчу Темирхаджиев Рамзанна. Бахьана хила тарлора вовшийн дешнаш кегдар.

Ставрополан кIоштарчу Ессентукихь къиза йиттира меттигерчу вахархочунна Гармашов Евгенийна. Тешаша чIагIдарехь, цунна тIелеттачо дIахьединера, ша ФСБ-хь болх беш ву.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG