ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчашна даим хаьара шаьш стенан дуьхьа тIом бо". Чехин журналисто дуьйцу махкарчу тIамех лаьцна


Шен агIончийн гонехь ву Масхадов Аслан, 1995 шо, Соьлжа-ГIала
Шен агIончийн гонехь ву Масхадов Аслан, 1995 шо, Соьлжа-ГIала

Прохазкова Петра – Чехин тIеман журналист ю. ТIом бола ма-белли Нохчийчу яхара иза уггар хьалха цига боьлхучу арахьарчу пачхьалкхашкара репортерашца цхьаьна. Прохазковас дуьйцура дуьнене федералан эскарша махкахь лелочу зуламех лаьцна, накъосталла дора меттигерчу бахархошна гуманитаран гIоьнца, схьайиллира дайх-нанойх къаьстинчу берашна леррина хIусам. Ша юхайирзинчул тIаьхьа масех книга язйира цо, кинош йехира Нохчийчохь хиллачу тIамех лаьцна.

Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь цо дагалоьцу тIемаш болчу заманахь ша Нохчийчу йахарх, конфликтан шина а агIонан векалшца къамелаш дарх, цигарчу хьолах лаьцна дуьйцуш шех Iиттайеллачу халонех а.

– Нохчийчу йаха лаам муха хилира хьан? Ларамза хилла ойла йара и, йа цхьана Iалашонца.

– 1994-чу шеран гIуран-бутт бара и, кхин кIорггера ойла йина хIума дацара иза. Со башха дика кхеташ йацара тIом хIун ю. Цул хьалха жимма болх бинера ас тIемаш боьлхуш Абхазихь (конфликт нисйелира 1992–1993чу шерашкахь – Редакцин билгалдаккхар.).

Прохазкова Петра
Прохазкова Петра

– Мел а цхьа хаарш хилла-кх хьан?

– ХIаъ, амма иза цхьа йолайелла лелар санна хIума дара, Нохчийчохь суна гинчуьнга хьаьжча. Журналист суо хиларе терра, интересе хир ду, амма кхераме хIуммаъ хир дац, моьттура суна цигахь. Сан 28 шо дара хIетахь, цундела цхьа чIогIачу хиламашка сатесна йара со. Сайн коллегашца цхьаьна яхара со цига. ХIетахь чIогIа доттагIалла дара ас лелош "Комсомольская правда" газетера Евтушенко Сашица а, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь суна дика гIо дина, иза сайчул а алсам зеделларг долуш вара, Бабицкий Андрейца а. Буса телефон туьйхира цо соьга, тахана санна дагадогIу суна, цо элира: "Внуково аэропорте дIагIо маса, цигахь вовшахкхетар ду вай, Нохчийчу доьлху" аьлла. Ас хаьттира: "ХIунда?" Жоп делира: "ТIом баьлла дела".

Суна цхьа а кхерам ца хаалора. Цхьа цIена а, кIоргенза а журналистан энтузиазм йар-кх и, ала тарло.

– Нохчаша тIе муха ийцира хьо?

– ТIом балале, 94-чу шеран аьхка Нохчийчохь хилла йара со, Ведана а кхечира- лаьмнашка хьажа йахара, чIогIа хаза ду цигахь. Къаьсттина Веданахь адамаш дог цIена, комаьрша хийтира суна. Массара а чу кхуьйкхура тхо, юург латтайора. Цигахь хиира суна шашлыках къонза тухуш хуьлий. Юьхьанца инзаре хетара суна, амма цул тIаьхьа дуьйна айса шашлык юучу заманчохь даим а къонза доьху ас.

Цигара адамаш чIогIа дика дара тхоьца. ТIом болабеллачу хенахь журналисташна, арахьарчу мехкашкара бахархошна даим а неIарш йоьллура, цхьа а проблема йацара муьлххачу хIусам чу а вахана, буьйса йаккха. И чIогIа коьрта дара, хIунда аьлча, бомбанаш йетта йолийча, таро йацара хьешанхIусамашкахь Iен, ток ца хуьлура, телефонаша болх ца бора, мобилан телефонаш хIетахь йацара. Машен йацара тхоьгахь, тIаккха нахаца бартбан дезара тхан, цхьанхьа дIасадига дезачу заманчохь.

– Оцу хенахь дукха барий арахьара журналисташ Нохчийчохь?

– Дуьххьара бомбанаш йетталц дукха бара, цул тIаьхьа америкахоша а, британхоша а, немцоша а шайн репортерашка Соьлжа-ГIалара маса арадовла элира. Уьш билггал дIабахара тIаккха.

ТIом мел лаьтта меттигерчу бахархошкахь Iийра со: Шелахь, Веданахь, Соьлжа-ГIалахь. Царна дика хаьара, юург стенгара эца мегар ду, стенгара телефон тоха мега. Нохчашца, эра дара ас, чIогIа мерза юкъаметтигаш тасайелира тхан хIетахь.

– Оьрсийчоьнан Iедалша чIагIдора: Нохчийчохь конституцин къепе дIахIоттош ду шаьш, ткъа нохчийн тIемалоша – шайн хIусамаш, даймохк, доьзалш Iалашдо шаьш бохура. Ткъа хьуна хIун аьлла хетара?

– Нохчийн и тIом масех декъе боькъийла ду. Хьалхара этап – 95-чу шеран Iа. Цхьа эрчо йара иза. Йовхо йацара хIетахь, дуккха а мухIажарш бара. Шайн хIусамаш Iалашйечу мискачу нохчийн тIом бара и. Цхьа а динца доьзна бахьанаш дацара, тахана вай тIеоьцучу маьIнехь терроризм йацара. Герз караэца дезна хьехархой, инженераш белхаш бен адамаш кхийтира сох. Дудаевн (Дудаев Джохар –Ичкерин хьалхара президент. – Редакцин билгалдаккхар.) цIарах нах бара, цхьа арми йара, амма оцу эвлашкахь цхьа пекъар божарий бара.

Бакъду, тIеман амал хийцалора хан-зама мел йолу. Цхьадолу адамаш гIеллора, вуьйжуш кхоьрура, хIунда аьлча, дуккха а нах беллера. ТIамо процессаш сихйо. Оьрсийчоьнан эскарш чIогIа къиза тIегIертара Нохчийчоьнна. Суна дагахь ю Соьлжа-ГIалахь йиттина бомбанаш, Шеларчу базарна дина тохар: маьрша нах дукха хIаллакбинера цигахь.

Дуьххьарлера тIом "къонахийн" тIом бара. ЧIогIа билгалоне дара нохчийн тIеман йийсархошца шаьш гайтар – наношна церан кIентий юхалора цара, суна сайнна гина ду иза. Армина дIабала ца лаьара царна уьш, юха а цаьрга тIаме ца хьийсабайта.

Шаьш дийна дисийтархьама тIом бара болалуш, оьрсийн менталитатах пайда а оьцуш, оьрсийн къайлаха сервисаш юкъа а гIерташ

Амма иштта лелар а хийцадала доладелира. Шаьш дийна дисийтархьама тIом бара болалуш, оьрсийн менталитатах, чIир кхайкхоран ламастех пайда а оьцуш, оьрсийн къайлаха сервисаш юкъагIерташ. Дуккхаъчу меттигашкахь терроран тIелетарш дайтархьама питана дара аьлла хета суна лелийнарг.

– ХIун олура оьрсийн салташа оцу тIамах лаьцна?

– Дукха хьолахь 18-19 шераш долу салтий бара уьш. Дикка кхеташ бацара уьш хуьлучух. ЧIогIа беркъа бара уьш – тIехь а, когахь а, тахана Украинехь а санна. Грачевс (Оьрсийчоьнан тIеман министр вара 1992–1996-чу а шерашкахь, оьрсийн армин дуьххьарлера генерал. – Редакцин билгалдаккхар.) аьллера, цхьана шина сахьтехь Соьлжа-ГIала схьайоккхур ю. Иттех шерашка гергга дIабахбеллачу тIамна кийча йацара Оьрсийчорьнан арми. 1996-чу шеран марсхьокху-баттахь Соьлжа-ГIалара техникех нораш тийсина, уьш дIабоьлхчу заманчохь - Оьрсийчоьнан салтий гIадбаханера, ткъа лаккхара хьаькамаш – эргIаде бара.

ШолгIа тIом болабелча, хьалха санна къамелаш ца дора тхоьца. Оьрсийн блокпостех девлла, тхо цхьанхьа дIасадоьлхуш, къаьркъанан ши шиша а, жимма кега-мерса ахча а оьцура оха тхайца.

Нохчий мел а биллина бара тхоьца къамелаш деш, шайца кеп-кепарчу операцишка боьлхуш тхо дуьгура, шпиономани йацара хIетахь, шеконаш ца хуьлура мостагIчуьнгахьа хила тарло аьлла. И дерриг а тIаьхьа доладелира.

96-гIа шераш дирзича Оьрсийчоьнан салтий журналисташца къамелаш дечуьра севцира. Наггахь бен гIо ца дора къаьркъано блокпосташкахь.

Нохчийчуьра арайолучу автобусара пассажирех талламаш бо Оьрсийчоьнан салтичо, герз кароре дог дохуш. 1994 шо, гIуран-беттан 24 -гIа де
Нохчийчуьра арайолучу автобусара пассажирех талламаш бо Оьрсийчоьнан салтичо, герз кароре дог дохуш. 1994 шо, гIуран-беттан 24 -гIа де

– ТIемалоша хIун олура?

– Цара кхетадора: тхайн латтанашкахьа, тхешан доьзалашкахьа, тхешан хIусамашкахьа тIемаш бо оха олий. Инарлас Лебедь Александра (1994-чу шарахь Нохчийчу эскарш дигарна дуьхьал вара иза. – Редакцин билгалдаккхар.) аьллера: дика салти ву дохийна шен цIа а, байина доьзал а гинарг. Иза кхеташ вара, нохчий кагбан атта доцийла. Тхуна гуш дара Нохчийчохь агресси кхуьуш яра.

Суна дагадогIу, 94-чу шарахь БасаевгIеран вежарий базарахь сода духкуш бара, цул тIаьхьа герз караийцира цара.

Нохчашна гуттар хаьара, шаьш стенан дуьхьа тIом бо. Ткъа Оьрсийчоьнан салташна юьхьанца хаъане а ца хаьара. ТIаьхьа Путин веача уьш кхетийнера, Нохчийчухула малхбале царна тIелеташ ю, кхузахь дуьненан терроизман центр ю, пачхьалкхо ша хIаллак ца йайта беш тIом бу аьлла. Оьрсийчоьнна кхерам лаьтта, Малхбале из йохон лууш ю. Рефрен санна юх-юха и цхьа йиш ю цара лоькхуш. Керла хIуммаъ дац.

– Цхьаьнгга а озабезамаш боцуш хила лорий хьо?

– ХIан-хIа, ца хилалора. Хьалхара бахьана дара: зеделларг дацара сан. Со говза тIеман корреспондент ма йацара, сайн бIаьргашна гинчо со цецйаьккхинера.

Хьо нохчашца Iаш хилча, хьо цаьргахьа хуьлу, бомбанаш а хьуна кхераме ма ю. Меттигерчу нахана хеттарг хета хьуна а, хьайн ма-хуьллу охабезамаш ца бан хьийза хьо, делахь а, цаьргахьа хуьлу-кх хьо. Доллу дуьне а ма дара нохчашкахьа.

Буденновске бахначул тIаьхьа (1995-чу шеран мангал-баттахь нохчийн гIаттамхоша закъалте ийцира Ставрополан кIоштара Буденновскера дарбанан хIусамера нах. – Редакцин билгалдаккхар.) дуьйненан юкъаралла сакхйаьллера. Терроризмехьа цхьа а хир ма вац.

Дарбанан цIийнан коьрта лор Костюченков Петр а, хирург Чипурина Вера а маьршадаккхар. Буденновск, Ставропол-мохк, 1995-гIа шеран гIуран-беттан 17-гIа де
Дарбанан цIийнан коьрта лор Костюченков Петр а, хирург Чипурина Вера а маьршадаккхар. Буденновск, Ставропол-мохк, 1995-гIа шеран гIуран-беттан 17-гIа де

– Бакъ дарий, закъалтхойн метта хьо хьуо гIаттамхойн караяха реза хиллера бохург?

– ХIаъ. Тхо Буденновске даьхкича, телефонан цхьа номер йелира тхоьга – хIетахь мобилан телефонаш йацара. Оха телефон туьйхира, схьаийцира Абдулхаджиев Асланбека, Шелахь хилла тIеман комендант вара иза, суна дика вевзаш вара. Цхьа гIоргIа аз дара цуьнан, суна вевзира иза. Ас боху: хьо вуй иза? Цо соьга: Хьо юй иза?

Дарбанан цIенна хьалхарчу дозана тIехь цхьанакхийтира тхойша, пхи минот йелира тхуна къамел дан. Цо элира соьга, арахьарчу пачхьалкхашкара журналисташна тIемалошца автобусаш тIехь Нохчийчу бахка лаахь, шаьш дуьхьал дац, амма шайн тIедахкарш дIахьедийр ду шаьш. Тхойша дIасакъаьстачу заманчохь, сан лерехь элира цо меллаша: "ТIаьххьарчу автобуса ховшалаш".

Масех кIира даьлча цо элира соьга, соьца хилла сан белхан накъост Штетина Яромир а ковранан тIаьххьарчу автобусахь хила лиира шена, оьрсаша тохарш дахь а – тIаьххьарчу машенахь кхерамза хир дара шуна аьлла. Цо а элира, Оьрсийчоьнан агIоно шайга аьллера, тхо реза ца хилира цаьрца Нохчийчу даха аьлла. Амма и бакъ дацара.

– Хьо кхерамна кIел нислуш меттигаш хуьлурий хьан?

– Цкъа хилира сан, хьекъал ца тоарна. Дагестанера Рахата эвлахь яра со. Басаев Шемал Дагестанна тIелетта 1999-гIа шо ду и. И эвла дIалаьцнера цо, Оьрсийчоьнан эскарша цигара лаьллинера иза. Со цаьрца йара, гIаш оцу эвла йаханера со. БТР тIехь шаьш дIакхетор ю хьо элира соьга салташа. Суна хаьара, тIеман машенаш тIе сайна хаа ца мегийла, хIунда аьлча, уьш гIакх хила тарлора, делахь а тIехиира со.

Ас съемка йира Iуьйранна кхечу БТР тIехь циггахь эккхийтар а хилла, нах белла дела. ЦIеххьана иштачу цхьана мини тIехь нисделира тхо. Йохийна техника камераца дIайазйечу аса и эккхийтар а дIайаздинера. Тхан машенлелорхо велира, пхи минот хьалха ас интервью йина. Тахханалц дагахь лаьтта суна цо дина къамел, Москвара ву ша бохура, зуда йало лууш ву ша а элира. Ший а ког баьккхинера цуьнан, БТР чуьра хьалаваьккхира иза, амма ца висира… ХIетахь дуьйна хаьа суна, салтичун тIаьххьара дешнаш "нана" хилар – клише а йац и, йа харцдерг а дац.

– Хьуна хIуммаъ-м ца хилира?

– ХIан-хIа, айса видео дIайазйеш хиларна ший а ког люк чуьра хьалабаьккхинера ас, суна зен ца дира. Сан камера а дийна йисира, карара охьайоьжнехь а. ХIетахь дуьйна гIагI диллинчу машенаш тIехь ца хехкало со.

– 2000-чу шарахь журналистика йитира ахь, гуманитаран юкъараллашца болх бан а йолалуш. ХIунда?

– Цул тIаьхьа ду-кх и. ТIамца цхьаьннан а бала бац аьлла хетара суна. Ас йаздо, кхерамна бухахь а нислуш, лаьмнашкахула йаьлла лела. ТIаккха? Хийцалуш хIуммаъ дацара. Ялх шо а дара тIом боьду. Айса лелориг эрна ду аьлла хийтира суна, цо йоккхуш йист йац, цул а цхьа пайден гIуллакх дан лиира суна.

БТР тIехь эккхийтар хиллачул тIаьхьа, Праге Чехин телехьожийле телефон туьйхира ас, дийцира хиллачух ма-дарра. Ас боху: "Эккхийтар а айса дIайаздина моьтту суна". Суна жоп делира: "Дика ду". Ойла йира ас: "Цара соьга бохург хIун ду? Цхьа эрчо ма йара цигахь, стаг а леш", чIогIа оьгIазйахара со хIетахь. Ойла йира ас: "Тоьар ду", Соьлжа-ГIала юхайеара, цигахь бисина бан а бацара арахьара журналисташ, берриш Назранехь бара. Соьлжа-ГIалахь сайн доттагIчуьнца Зимова Ивица (Чехин-Канадин фотограф. -Редакцин билгалдаккхар.) Iен магийра суна, амма йиш йацара компьютер, камера, фотоаппарат лело.

Оцу хеначохь куьйга "Наштаран паччахь" книга йазйира ас, Нохчийчохь хене бовла гIертачу зударех лаьцна. Францхойн, шведахойн, полшхойн, голландхойн, эстонхойн меттанашка гочйина иза.

Цул совнах, шарахь арахьа дисина бераш лелийра оха.

– Стенгахь керадора шуна уьш?

– Урамашкахь гулдора. Дукха дара уьш хIетахь, цхьадерш буобераш, вуьйжуш дех-ненах дIахедда бераш. Дукха хьолахь оьрсийн бераш хуьлура, нохчийн бераш гуттар а цхьаммо дIадуьгура. Цхьа наггахь нислора, нана йелла, да къаьркъане вирзина меттигаш, бераш шаьш хуьлура.

"Подвальщики" цIарца лелош цхьа проект йара тхан. Гуманитаран гIо доькхучу меттиге дIабахалуш боцчу нахана сан машенахь тIекхоьхьура оха.

Тхешан ахчанах латтош йара оха и проект. БТР тIехь хиллачу эккхийтарх лаьцна а, 1996-чу шарахь майданахь нах бойуш яьккхинчу видеох а суна дуккха а ахча деллера. Ас хIун дийр дара цу ахчанах? Туьканаш йацара и дайа. Цул тIаьхьа австрихойн а, чехийн а "Каритас" "католикийн гIоьналлин юкъаралла. -Редакцин билгалдаккхар.) организаци йолайелира тхуна гIодан.

– Нахана хьалха дIа а хIиттийна, нах байар хьахийра ахь…

– Зудчо шен цIийнда вийнера, суна хетарехь, цо балехь яллош хиллера иза. Наркоман вара иза, йеттара, цо цунна тIехь ца деш хIума ца хиллера. Мириам йара цуьнан цIе. Шен йишига а, кхечу цхьана гергарчу стаге Адаме а вейтинера цо иза. Кхуьй а дуьйш кхел кхайкхийра царна. Мириам доьзалхочух хиллера оцу хенахь, шарIан кхело сацамбира, иза йоьйла дац аьлла. Цуьнан йишина а, 18 шо хиллачу Адамна а тоьпаш туьйхира.

– Майданахь дIа а хIиттийний?

– ХIаъ. Видео дIайазйира цунах лаьцна, суьйранна нохчийн телехьожийлехь гайтира. Масхадов волу хан ю и. Аьтто боцу чIир екхар сацон гIертар дара иза. Меттигерчу Iедалхоша вийначун гергарчаьрга тоьпаш тохийтира царна.

ШолгIа хилларг муха дара аьлча, шина кIанта цхьана хIусамчу а иккхина, цу чуьра зуда а, бер а дуьйш, къола динера. Полицина схьакарийра и шиъ, йийначун гергарчьарга шайгга тоьпаш тохийтира.

Юкъарчу контекстехь аьлча, Нохчийчуьра къизаллаш а, ницкъбар а сацон гIерташ байина бара уьш.

Басаев Шемал ву (юккъераниг) Буденновскера дарбанан цIийнехь интервью луш, 1995-чу шеран мангал-беттан 15-гIа де
Басаев Шемал ву (юккъераниг) Буденновскера дарбанан цIийнехь интервью луш, 1995-чу шеран мангал-беттан 15-гIа де

– Басаевца ахь йина интервью бахьана долуш Оьрсийчоьно бехкейира хьо "дог-ойла Оьрсийчоьнна дуьхьал йоккхуш" ю аьлла. Муха дара иза?

Тоххара а контроль латтайора маьршачу журналисташна тIехь, амма уьш хьебеш бацара, иштта Iаткъам ца бора

– Оьрсийчохь низам араделира, иштта арахьарчу журналисташна а цхьаьна, террорхошца интервьюш йар доьхкуш. Малхбузен пачхьалкхашкахь а цхьацца бехкамаш бу оцу хьокъехь. Суна-м хаьара цунах лаьцна, делахь а Басаевн дахаран некъ гайта лиънера суна, сонта стаг вацара иза, оцу хьоле кхаьчнера иза, хуьлушдерг адекватехь тIе а ца лоцуш. Цул хьалха Масхадовца а йинера ас интервью.

Тоххара а контроль латтайора маьршачу журналисташна тIехь, амма уьш хьебеш бацара, иштта Iаткъам ца бора.

– Оцу хенахь ярий хьо Зязиков ИбрехIимехь марехь (чехийн "Человек в беде" гуманитаран организацин белхахо.- Редакцин билгалдаккхар.)?

– ХIаъ, йара. Тхуна моьттура, сан хIусамда Оьрсийчоьнан вахархо хилча, тIаккха суна депортаци йийр йац. Цунах гIуллакх ца хилира. Церан цIийнах хьуьйсура даим, царна Iаткъамбан буьлабеллера.

МухIажарийн каппашка бепиг хьош ву кIант. Слепцовская станица, 2000 шеран дечкен-беттан 19-гIа де
МухIажарийн каппашка бепиг хьош ву кIант. Слепцовская станица, 2000 шеран дечкен-беттан 19-гIа де

– ГIалгIайчоххьий?

– ХIаъ. ТIаккха ИбрехIим вайра, амма цу хенахь со цигахь йацара. Официалехь вийна аьлла цкъа а дIакхайкхор вац иза. Цхьана агIор-масех шарахь цхьа а кост доцчу стагехь марехь йара со, вукху агIор – йиссина а йацара.

– Ткъа цуьнан доьзал?

– Уьш чIогIа кхоьрура, соьца зIене бовла а ца лаьара, царна Iаткъам бора. ИбрехIим вайча, вежарша лийхира иза, ахча лур ду а баьхнера, суна хетарехь, оьрсаша вийнера иза. Суна хIинца а хууш дац ма-дарра цунах хилларг. Суна хуург хIун ду – Соьлжа-ГIала чувуллучохь йолчу постехь иза сацор, цул тIаьхьа иза цхьанна а гина вац.

Сайца и доьзна дара аьлла, ца хета суна, иза гуманитаран гIо латтош хиларца доьзнера. Даим латкъамаш бора цо, блокпосташкахь салташа дакъа ца дича сехьа ца волуьйту ша бохуш. Оцу тIехула дов даьллачух тера дара церан.

– Украинехь хиллий хьо?

– ХIаъ. Чиллан-баттахь и дерриг а доладеллачу хенахь йаха аьтто ца хилира сан, кIант вара сан экзаменашна кечлуш. Цо чIогIа дехар дира соьга: "Мама, цкъа мукъна а болх тIаьхьа а битий, сан гIуллакх хьалхадаккхахьа" аьлла. Зазадокху-баттахь бен ца йахара со, хIетахь дуьйна кест-кеста йоьду со цига. Дукха хIуманаш тIехь Нохчийчуьра тIом дагабоуьйту цо суна.

– Къаьсттина стенца?

Стенна бомбанаш йетарра цара Соьлжа-ГIалин нах бехачу кIошташкахь? ТIеман маьIнехь цхьа а хьесап дац

– ТIемаш боьлхучу асанехь Оьрсийчоьнан эскархойн тIемаш бан аьтто ца баьлча, бекхам бан буьйлалора уьш. Шаьш маьрша бахархой а бойуш, ток дIа а йоккхуш, электростанцешна бомбанаш йиттича, шайн Iедалхошка цара дехарш дийр ду аьлла хета царна, дийцарш дахьара аьлла. Изза дара Нохчийчохь а. Стенна бомбанаш йетарра цара Соьлжа-ГIалин нах бехачу кIошташкахь? ТIеман маьIнехь цхьа а хьесап дац. Дуьхьало шаьш эшайо аьлла хеташ хир ду-кх.

Оьрсийчоьнна моьтту, адамаш шелделча, маршо ца оьшу, шайна йовхо коьрта ю цара эра ду. ХIаъ, ишта а нисдала тарло а, амма деха дIагIур дац. Иштта Iаткъамбарца хIун кхочур ду царна? Шаьш бIаьргадахка ца деза халкъ тIехь деха доза къочур ду-кх царна.

Нохчийчохь леллина герз ду Украинехь а лелош. "Точка У", "Градаш"...Амма Нохчийчохь дукха йацара генара туху ракеташ. Цул совнах, къайлах бен тIом бара иза – Нохчийчоь а жима ю.

Украинехь мобилизаци йина миллион гергга салтичунна. Доллу дуьнено гIо ден доккха эскар ду. Нохчийчоьнна гIо деш цхьа а вацара, ишта а лаьттира Нохчийоь ялх шарахь дуьхьал.

Соьлжа-ГIаларчу цIийнан пена тIехь дIатоьхна, Кадыров Рамзанна орден луш Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир волу сурт ду. 2005-чу шеран лахьан-беттан 18-гIа де
Соьлжа-ГIаларчу цIийнан пена тIехь дIатоьхна, Кадыров Рамзанна орден луш Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир волу сурт ду. 2005-чу шеран лахьан-беттан 18-гIа де

Нохчийчохь Путин кхийтира: ша цхьаъ бен йоцу шанс – Кадыров лахар юй. Кадыровс-жимахволчо Москван метта боьха болх бира. Украинехь а ма йара церан изза план. Янукович (Украинан хилла президент.-Редакцин билгалдаккхар.) йа цхьа кхин, танкаш тIехь Киеве а валийна, дIакхайкхо: "ХIан, хIара ву шун, важа вон вара, шуна ца хаьара, ткъа хIара дика ву". Амма Украинехь, шайн коллаборанташ администрацешка дIахIиттийначу цхьана Херсонан а, Запорожьен а кIошташкахь бен цунах гIуллакх ца хилира церан. Кегий кадыровхой ма бу уьш.

Нохчийчохь а, Украинехь а цхьатерра шайн дуьхьалончаш а, шайн салтий а лоруш цахилар го вайна – эзарнашкахь уьш лахь а.

95-чу шарахь Iай, Соьлжа-ГIала яккха оьрсийн эскархой гIоьртича, тIаьхьий-хьалхий танкаш чуйахкийтира. ГIаттамхоша царна герзаш деттара, ткъа уьш юха а, юха а чуоьхура. ТIемалойн патармаш чекхдевлча, тIаккха бен аьтто ца хилира танкийн чукхача. Маса салтий велира цигахь? Бен дац. Оьрсийчоьнан историхь гуттар хилла ду адаман дахар цхьана хIуманан меха цахетар.

Нохчийчохь ю Прохазкова Петра, 2013-чу шеран стигалкъекъа-беттан 14-гIа де
Нохчийчохь ю Прохазкова Петра, 2013-чу шеран стигалкъекъа-беттан 14-гIа де

– ТIаьххьара хьо Нохчийчу яхча, муха хийтира хьуна цигахь?

– 2017-гIа шо дара и. Со Iадийнера. Лас-Вегас санна къагийначу гIалин юккъе кхечира тхо цхьа боккхачу некъа тIехула. Маьждиге дахара- инзаре хIума дара и. Сайн дахарехь дуьххьара цигахь гира суна йовха цIенкъа. Адамаш тийна дара, соьца хабар дица а ца хIуьттура, урамехь муххале а. Чохь баьхьара.

Полисхойн пачхьалкх йара иза, шен коьртехь лаьтташ кхин дIоггара хьекъал доцу стаг а волуш. Со кхеташ йац, хун хилла нохчашна. Соьга боху: "Собарде ахь, хIора 50 шо мел кхочу оха айдо коьртеш". Кхин а 30 шарахь ладегIа деза? Амма муха цуьнан [Кадыровн] ницкъ кхаьчна оццул долчу адамех зомбиш йан? Иза сонта стаг ву, дешна вац, амма йоллу Оьрсийчоь кхерамехь латтайо цо.

Къанваллалц иза вехар ву аьлла ца хета суна. Шен дех хилларг хир ду цунна а.

– ХIинцца хьуо Кадыровна хьалха нисйеллехь, хIун хоттур дара ахь цуьнга?

– Историн книгаш тIехь хьайх лаьцна муха йаздийр ду аьлла хета хьуна? Шен бераш тIамтIе хьийсош, суьрташ-кепаш хIиттош леллачу "Кадыров Рамзанан эпохех" лаьцна муха дуьйцур ду? Муха хета цунна, и дерриг а нохчийн школашкахь Iамор хилар? Суна интересе дара цо лун долу жоп.

***

Нохчийчохь шина тIамехь эзарнаш нохчий тIепаза байна спецоперацеш дIахьочу хенахь. Лар ца юьтуш дIабуьгура уьш. Царех лаьцна информаци гулйина "Нохчийчоьнан наной" ассоциацино шен "Нохчийчоь: байначинй IиндагIаш" книги тIехь. 20 сов шераш ду оцу зударша шайн вежарий, дай, кIентий лоьху. Карийнарш – кIезиг бу, царех цхьа а вацара дийна.

Тахана а хаддаза лоьцу Нохчийчохь кегийрхой, цхьаберш тIаьхьо керабо йа полицихь, йа хьаькамийн кабинеташ чохь, йа карране а ца карабо. Мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана даредарца, Путинан "планаш чекхйаха" дезаш ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG