ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хаам бо рогӀера "Ахматан" эскархойн тоба тIаме хьажорах


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГӀалин а, кхечу кӀоштийн а чоьхьарчу гӀуллакхийн дакъошкара белхахойх вовшахтоьхна "Ахмат" тоба Нохчийчуьра Украинана дуьхьал бечу тӀаме хьажийна. Хьалхо тӀом толлучу институто (ISW) дӀахьедира, кадыровхойх пайдаоьцуш хиларх Украинехь дIалецначу меттигашна тIехь Ӏуналла дойтуш.

Цхьаьнатоьхначу керла эскаран тобанан коьртехь ву Ноьвран кӀоштан чоьхьарчу гӀуллакхийн декъан куьйгалхо Эдельгириев Ширвани а, Теркйистан кӀоштан чоьхьарчу гӀуллакхийн хьукматан куьйгалхо Ахметханов Сулейман а, йаздо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Йахначу хенахь, Нохчийчоьнан Ӏедалша дукхазза хаам бира республикерчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан белхахойх кхоьллина тобанаш тӀаме хьажорх, билгалдоккху "Кавказский узел" хьостано. Хетарехь,шайн лаамехь бахийтина бац уьш, делахь а духьало йахь ницкъахошна шайна а, церан гергарчарна а тIаьхьабовла тарлора, билгалдоккху бакъонашларйархошна тIетевжина, хьостано.

Хьалхо Кавказ.Реалиин редакцино хаам бора Нохчийчохь тӀеман дакъошкара Украинина дуьхьал бечу тӀаме нуьцкъала Нохчийчохь куп тоьхначу декъехь церан хьашташ кхочушден белхахой хьийсорах. Iедало "декхарна" дуьхьал бахийтина шаьш олу уьш, хIинццалц схьа алапаш оьцуш, белхан меттиг шаьш латторна, дийцира дӀахьажийначех цхьаммо. "Малхбален адамийн бакъонашларъяран тоба" кхоьллинчу Лисянский Павела дийцира кадыровхоша дӀалаьцначу территорешкахь тӀеман зуламаш дарх лаьцна.

  • Нохчийчоьнан Ӏедалша кест-кеста хаам бо Украинина буьззинчу барамехь тӀелатарехь дакъалаца хьежош болчу тӀеман белхахойн терахьах лаьцна. "Новая газета Европа" хьасто йаздарехь, и терахьаш алсамдаьхна дуьйцуш ду.
  • "Ахмат-Чечня" полк гулйо республикерчу бахархойх а, йерриг а пачхьалкхера "лаамхойх" а - "спецназан университетехь" жимма Ӏамораш а дина, уьш тIаме дӀахьажош бу. Алаудинов Апти коьртехь волу "Ахмат" спецназ кхоьллина йу, хьалха а тӀамехь дакьа лаьцна эскархойх, ЧВК Вагнеран йолахойх а. Нохчийчохь кхоьллина йу Кадыров Ахьмадан цIе лелош 14 эскархойн тоба. Уьш дукха хилар бахьана долуш, дукха хьолахь галморзахаллаш нисло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG