ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий а, гIалгIай а махках бахар дагалоцуш митингаш дIайаьхьна Парижехь


Comité Tchétchénie ассоциацино вовшахтоьхна Мемориалан митинг. Париж, 2023-чу шеран чиллан-беттан 23-гIа де
Comité Tchétchénie ассоциацино вовшахтоьхна Мемориалан митинг. Париж, 2023-чу шеран чиллан-беттан 23-гIа де

Нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнашна Сталина депортаци йина рогIера шо кхачарна лерина ши митинг дIайаьхьира Парижехь.

Цхьана митингехь дакъалаьцна нохчийн диаспоран векалша, вайнахана репрессеш йар цхьаьнатуьйхира Оьрсийчоьно Украинан йинчу агрессина дуьхьал хиларца а юзуш, цунах дIакхийтира украинхойн жигархой а, хаамбо "Белсант" телеканало.

"Украинана дуьхьал Оьрсийчоьнан агрессии а, нохчашна а, гIалгIашна а 1944-чу шарахь йина геноцид а нисдира советан эскаран денна йа Турслочун денна - чиллан-беттан 23-чохь. Оьрсийчоьнан политикийн цхьа дастам ламаст ду шаьш зуламаш лелийна денош цхьана къоман дезачу денца нисдеш", - дIахьедира Францихь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

ШолгIа митинг вовшахтоьхнера францхойн 1999-чу шарера схьа дуьйна хуьлуш долчух кхетош, нохчийн мухIажарийн агIо лоцуш болх бечу бакъоларйаран Comité Tchétchénie ассоциацино.

Иштта чиллан-беттан 23-чу дийнахь Сталинан депортацина лерина нохчийн диаспоран акци хилира Венерчу ООН-н офисна хьалха. Иза вовшахтоьхнера къобалйазчу Нохчийн Ичкерия республикан Австрерчу векалто.

Цул совнах тезетан барамаш ГIалгIайчохь а хIиттийра Наьсаран иэсан Мемориална хьалха а.

  • 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь чоьхьарчу гIуллакхийн халкъан комиссаро Берия Лаврентийс Сталин Иосифа куьйгалла а деш, омра арахийцира Къилбаседа Кавказера нохчашна а, гIалгIашна а Казахстане депортаци йеш, ткъа ши де даьлча йолийра "Чечевица" операци. Шайн хIусамаш дIатийса декхаре хилира ахмиллион гергга вахархо. Чиллан-беттан 23-чохь билгалдоккхуш ду и де, оцу дийнахь белларш дага а лоьцуш.
  • Советан заманахь депортаци йира миллионаш наханна, амма шайн къоман билгалонца буьззинчу барамехь махках даьккхира 11 къам: немцой, полякаш, финнаш- ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирман гIезалой, туркой-месхетхой, гIалмакххой, корейцаш.
  • 2004-чу шарахь Европарламенто резолюци тIеийцира, нохчашна йина депораци геноцидан акт дара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG