Лахьан-беттан 25-26-чохь дIаяьхьна дуьххьара къобалъязчу Ичкерин вовшахтоьхначу диаспоран дуьненан юкъарчу съезд, цигахь дIахьедина "Цхьааллин ницкъ" болам кхуллуш хиларх.
Съездан декъашхой хилира – иштта дистанцихь а - кеп-кепарчу мехкашкара диаспорин 200 векалш, царлахь 80 делагат вара, меттигерчу диаспораша къастийна, хаамбина Кавказ.Реалиин корреспонденто.
Съездехь тIечIагIйина гуттар а болх беш хинйолу кхеташо, цуьнан куьйгалхо къастийна "Толам" комитетан урхалхо Сулейманов Джамбулат, ткъа цуьнан гIовс хир ву Ичкерин президентан (1997-2002) Масхадов Асланан кIант Масхадов Анзор.
Съездан коьрта Iалашо лору Сулеймановс дуьненаюкъара зIенаш чIагIйар а, даймахкахь бехачу а, дозанал арахьа болчу а нохчийн интересаш Iалашйар а.
"Ах миллион нохчо ву дозанал арахьа вехаш – этносан доьалгIа дакъа ду и. Нохчийчоьнан дозана тIехь бехачу нохчашка хьаьжча, вайна бакъо ю хетарг диллина дIа ала а, вешан бакъонаш ларйан а", дийцина цо.
Съездан хьешашлахь бара нохчийн оппозицин 1АДАТ боламан векалш. Иштта съездан балхахь дакъалаьцна Лакхарчу Радан депутаташа Наталуха Дмитрийс а, Гончаренко Алексейс а, Мережко Александра а, Чернев Егора а, Магомедоы Мусас а, украинхойн юкъаралхочо Кончинский Дмитрийс а.
Нохчийн диаспоран шолгIачу декъо лахьан-беттан 27-чохь дIаяьхьна Брюсселехь Ичкерин маршонехьа болчийн конфереци. Къоблаъязчу Ичкерин арахьара Iедалхой боцурш а, цуьнан программехь дакъалоцуш хир бу аьлла, дIакхайкхийнера нохчех боцу политикаш а цхьаьна: Европарламентан декъашхой Фотыга Анна а, Юкнявичене Раса а, Украинан Лакхарчу Радан депутаташ Дунда Олег а, Гончаренко Алексей а, Оьрсийчоьнан парламениан хилла депутатт Пономарев Илья а, америкахойн аналитикаш Бугайски Януш а, Гобл Пол а, Сэттер Дэвид а.
- Украинхойн агIор хIинцале а тIемаш беш ю, Ичкерин агIончех лаьтта масех лаамхойн батальон, оцу дакъойх цхьадерш Украинан ТIеман ницкъийн могIаршкахь ю.
- ГIадужу-баттахь Украинан Лакхарчу Радехь Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина мохк лерира Нохчийн Ичкерия республика, емалдира нохчийн геноцид. Оьрсийчохь бехкзуламан жоьпалла тIедожош ду пачхьалкхан цхьаалла йохон кхайкхамаш бинчарна а, цуьнан субъекташ дIакъасторах дийцарш дахь а.
- Нохчийчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а жигархоша кхайкхамбира шайн махкахошка, Украинан ТIеман ницкъех схьакхета Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бан а, кхин дIа шайн маршо къовса а. Оцу кхайкхамех лаьцна комментарий йина йац Киевехь, кхайкхамаш зорбане баьхна дукха хан йоццуш кхоьллинчу "Бахархойн кхеташо" боламан ресурсаш тIехь.