ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий говрашкахь Бенойн Бойсхаран Дагестанерчу коше бахарх долу гIуллакх юха а луьстур ду


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан бахархой говрашкахь Бенойн Бойсхаран Дагестанера Новолакскан кIоштера коше бахарх лаьцна гIуллакх кхин а дахделла – Пятигорскан пхоьалгIа кассацин кхело "митинган" артиклехула сацамна дуьхьал хьажийна хилла латкъам Дагестанан Лаккхарчу кхеле юхаберзийна.

Талламна хетарехь, 2021-чу шеран Охан-беттан 3-хь новкъаяьллачу тобанан декъашхошца цхьана Давлетгереев Махьмуда Дагестанера Новолакскан кIоштан Новокули эвларчу кешнашна уллохь нах гулбеллачу барамехь дакъа лаьцна. Административан протоколехь билгалдаьккхина ду, говрахь болчу наха оцу тайпа маьхьарш диттина хиларх: "Тхан латта ду Аухован кIошт, тхан латта тIаьхь барамаш дIакхехьа цхьанне а пурба ца оьшу тхуна".

Кхелехь Давлетгереевс бехк тIе ца лоцура, ша Бенойн Бойсхаран кошехь динан барамашкахь дакъа лоцуш вара, лозунгаш кхайкхош а вацара, аьлла кхетийра цо.

Дуьххьара дац Давлетгерееван административан гIуллакх толлуш: 2021-чу шеран мангал-беттан 17-хь Дагестанан Новолакскан кхело цуьнан бехк ца хилар тIечIагIдира, амма и сацам дIа а баьккхина, гIуллакх юха листаре хьажийра республикан Лаккхарчу кхело. Лахьан-беттан 29-хь кхело оцу артиклехула уггар кIезиг гIуда туьйхира – 10 эзар сом. Оцу сацамна аппеляцин латкъам бира, амма Дагестанан Лаккхарчу кхело листа а ца луьстуш, юхабелира иза. ТIаккха говрашкахь хиллачу нехан адвокаташа Пятигорскан кассацин кхеле хьажийра и латкъам.

"Дагестанан Лаккхарчу кхелан суьдхочо адвокатийн латкъам тIе ца эцар гIуллакхан материалашкахь лакхарчу инстанцин сацамна дуьхьал латкъам бан бакъо луш векалалла ца хиларца доьзна дара", - яздина ду кассацин сацамехь, амма гIуллакхан материалаш бакъ ца бо и сацам, хIунда аьлча, адвокатийн оьшуш тоьшаллаш дара.

Цундела "митинган" артиклехула таIзар кхайкхорна бина латкъам Пятигорскерчу кхело Дагестанан Лаккхарчу кхеле юхахьажийна.

Хьалхо гIуда туьйхира Дагестанан вахархочун Аскендеров Вирсолтанна, кхело бахарехь, говрашца тобанехь дакъа лаьцнера цо. Аскендеровс дIахьедира, акцехь ша дакъа ца лаьцна, хIунда аьлча, "шайн лаамехь Имам Шемалан – Бенойн Бойсхаран коше хIитта баьхкина хилла Нохчийчуьра хьеший тIе бен ца лаьцна". ТIаккха 2021-чу шеран гезгмашин-баттахь Новолакскан кхело 10 эзарна гIуда тоьхна Аскендеровна. Оцу шеран гIуран-баттахь Дагестанан кхело низамца богIуш лерира и сацам. ПхоьалгIачу кассацин кхело и сацам хийцам боцуш битира.

  • Говрашкахь Дагестане бахаро резонанс эккхийтира, цунна реакци йан дийзира Нохчийчохь а. Республикан хаамийн министро Дудаев Ахьмада "манипуляци" ю аьлла, "рогIера говраш хахкар" лерина хIоттийна барам болуш санна гайта гIертар, цо иштта тIе ца дитина, Дагестанаца болу латтанийн резабцарца иза доьзна хилар а.
  • Аухован кIошт хилла йолчу кховсаман латтанаш тIехь иккхина и инцидент. Административан терахьера дIаяьккхира иза 1944-чу шарахь нохчий дIабохийча. Дагестанан Аухован кIошт меттахIотторан хаттар нохчаша 1990-чу шарахь дуьйна хIиттадо. 1991-чу шарахь кхоман депутатийн Гуламо тIелецира, кIошт меттахIотторан сацам, амма иза кхачам боцуш биссира, меттигера лакхой дехьабаха тоал ахча ца хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG