ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC-н нохчийн латархо, Кадыровн доттагI Чимаев Хьамзат Америке ца витина – зорбанаш


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, UFC-н латархо Чимаев Хьамзат а
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, UFC-н латархо Чимаев Хьамзат а

Нохчийн UFC-н латархо Чимаев Хьамзат Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка чу ца витина – Дечкен-бутт юккъе баьлча оцу махка ваха гIоьртинчу спортхочун виза сацийра. Цуьнах лаьцна яздо Sport24 сайта тIехь, хаам кхаьчна хьост билгал ца йоккхуш.

Оцу бахьанаца Чимаевн UFC-хь дIагIертарехь кхачамбацарш нисдала тарло, хIунда аьлча, дукхах долу латарш лигано Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь дIахьо, дуьйцу агенталлехь.

Ша латархочо шен виза сацорах лаьцна кхаьчначу хаамна комментарий ца йо. ХIинца, Sport24 гIирсо чIагIдарехь, цо Тайландехь дIахьош бу кечаман гуламаш, иштта Бразилехь Бернс Гилбертца шен хила мегачу латарна кечам беш а ву.

Чимаевн вашас бакъ ца до спортхо Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка ца вуьту бохург: "Бутт чекхболуш гIура ву Хьамзат Америке. Цуьнан виза Зазадоккху-батте кхаччалц ю. Суна хаарехь, UFC иза яхъярна тIехь болх беш ю".

  • 2020-чу шарахь UFC-н чемпионатехь рекорд хIоттийра Чимаевс - 66 денна чохь туьйлира кхузза. 2021-чу шеран Дечкен-баттахь, оцу хенахь Швецехь вехаш хиллачу латархочунна бакъоларъярхоша критика йира, цо Нохчийчу а вахана, Кадыровца суьрташ а дохуш, цо совгIат йина Мерседес машен схьа а оьцуш хьийзарна. ТIаьхьо – Нохчийчу дIавахначул тIаьхьа – Чимаев Американ цхьанатоьхначу штаташка кечамаш дан вахара, Кадыровца шен даьхна суьрташ дIа а дехира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG