ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчьурчу зорбан министре Дудаев Ахмеде вовшахкхетаре кхайкхина блогера Халитов Хьасана


Халитов Хьасан
Халитов Хьасан

Нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана кхайкхам бина шеца къамел дан вола аьлла, Туркойчохь республикерчу Iедална критика еш болу нах каро аьтто ца белира шен, бохуш дIахьедарш динчу Нохчийчьурчу зорбанан министре Дудаев Ахмеде.

Туркойчохь вехачу Халитовс видеокхайкхам арахецна YouTube каналехь ГIадужу-беттан 14-хь. Оцу видеохь Халитовс йийцина ша волу меттиг, хаам бина ша Дудаевца цхьаьнакхета кийча хиларх лаьцна, хаам бо Кавказ.Реалиино.

"Кху деношкахь цо хабар дийцира, сан цIе а йоккхуш. Ахмед, хьо тахана Iуьйринна соьца зIене велира, цхьа хIун ю ца хуу нийсо юьйцуш. Цундела ладогIа, ас долийна дац хIара, хIара хиламаш хилале хьалха со парггIат, вехаш вара Гуьржийчохь, болх а беш, амма аш кхочайоьхкина суна хIара проблемаш. ХIинца а доьхуш ву со Дукузовна а, бисначарна а таIзар де бохуш, цу кепара аш юьйцу нийсо гойтуш. ТIаккха, Делан пурбанца, ас тIеоьцур а ю, даре дийр ду со харцхилар, нагахь со харц велахь, и дерриг а иштта хилахь", - дIахьедина видеона тIехь Халитовс.

Дудаев Ахмедца шен хилла чат гайтина цо, ша волу геолокаци цуьнга дIаяхьийтина ша аьлла.

"Хьовса, кхузахь Iаш ву шуна со. Ас ца доьху шоьга шаьшшиъ вола, хIа-хIа, схьатакхабе кхуза шаберш, шайга схьабалалурш. Со цхьаъ ву, сан аьттонаш бац, шун болу, шуна тIаьхьаваьлла шу лоьхуш лела", - тIетоьхна Халитовс.

Туркойчохь кхечу пачхьалкхарчу нахана тIелатар дан кечлуш хилла аьлла шеко йолуш Нохчийчуьра схьаваьлла Оьрсийчуьра 6 стаг лаьцна аьлла хаамаш баьржинчул тIаьхьа, Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадров Рамзана видео зорбане яьккхина туркойн махкара. Цу тIехь цо дуьйцу, ша масех меттигерчу гIалахь хилла хиларх а, цигахь Нохчийчуьра "шайтIанаш" шена гина цахиларх а лаьцна, уьш "бовдарна". Цунна уллехь гуш вара Нохчийчуьра зорбан министр Дудаев Ахмед а.

"Дийнахь а, буса а ирх а, пурх а дуьйладелла чекхдевлира тхо масех туркойн гIаланах, ца кхийтира дуьхьал цхьа а "буьрса" маьхьарца ша реза воцуш хилар гойтуш хилла цхьа а стаг, кхерамаш тийсина а, беламе дIахьедарш дина а волу, кхузахь шаьш цхьаъ гойтур ду бохуш", - йоза дитнера Дудаевс видеона кIеллахь.

  • Туркойчуьрчу нохчийн диаспоран векалша дIахьедина, лаьцначу ялханнах цхьаъ лаьцна хилар цхьамма тIедожорца адамаш дайарна юкъахьакхавелла хила мегаш хиларна. Цунах лаьцна хаам бина нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана.
  • ГIадужу-бутт чекхболуш нохчийн болгера Халитов Хьасана бехке вира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ницкъаллин структурийн белхахо хиллачу Арсанукаев Ахьмадан гергарчаьрга шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна.
  • Халитовс хьахийна волу Дукузов Казбек бехке веш вара Forbes журналан оьрсийн версийн коьрта редактор, журналист Хлебников Пол верна. ТIаьхьо кхело бехказвитира иза. Дукузов Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу нахаца уьйраш йолуш ву бохуш, дIахьедарш до нохчийн оппозицин блогера Абдурахманов Тумсос.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG