ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а дагалецира Сталинан репрессешкахь белларш


1944-чу шарахь нохчашна а, гIалгIашна а йина депортаци
1944-чу шарахь нохчашна а, гIалгIашна а йина депортаци

Нохчийчохь мехкан куьйгалхочун йоIа, культурин министро Кадырова Iайшата дIакхайхийна, нохчий махках бахарна лерина "Иэсан суьйре". И дIаяхьа Iалашо ю Чиллан-беттан 25-чохь, официалехь вайнахана депортаци йина ши де даьлча.

"500 эзар стеган дахар декъаделира шина декъе. Вешан тIаьхьарчу тIаьхьенна вайга далур долу уггар кIезиг дерг – дагахь латтор а, вайн къоман истори ларар а", - аьллачу Кадырова Iайшатан дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло.

Цуьнца цхьаьна Даймехкан турслочун де даздан Нохчийчохь кIира хьалха тохабелира. Масала, школашкахь долийра тIеман-спортан къийсадаларш "Оьрсийчоьнна гIуллакх деш ву", "Къонахаллин КIира" акцеш а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана социалан машанашкарчу шен агIонашка ролик хIоттийра, депортацина лерина, 2020чу шарахь гIалин юккъехь хIоттийначу гуламера суьрташ юкъа а хIиттош. "ХIокха зуламах диллина къам хIаллакдар бен олийла дац", - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Депортацех лаьцна посташ хIиттийра Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама а, зорбанан министро Дудаев Ахьмада а.

ТIаьххьарчу шерашкахь бен буьйлабелла бац Нохчийчоьнан официалан хьаькамаш бохаман денна лерина посташ язъян. 2012-чу шарахь Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 10-чу, шен да дIавоьллинчу дийне дIатеттира бохаман а, иэсан а терахь. Оцу гIулчо, официалехь а доцуш дихкира, махках баьхначарна лерина, республикехь тезетан барамаш хIиттор.

Хьал хийцаделира, Кадыровс администрацерчу а, муфтиятерчу а хьаькамийн готтачу гонехь 2020-чу шарахь Чиллан-беттан 23-чохь, депортацехь кхелхинарш дагалоцуш митинг дIаяьхьначул тIаьхьа. ХIетте а, нах вовшахтухуш оцу денна лерина барамаш республикехь дIа ца баьхьира.

Сталина вайнах бохийна 78 шо кхочучу дийнахь тезетан барамаш дIахьош бу йоллу ГIалгIайчохь. Республикан бахархой Iуьйранна 10 сахьт даьлча гулбелира Назранерчу "Исс бIав" мемориалан комплексна хьалха иэсан акци. Динан ламасташца а догIуш, дIабаьхира барам – гулбеллачара КъорIана юкъара айяташ дийшира, цул тIаьхьа Сталинан репрессешкахь беллачарна тIера ламазаш дира, хаамбо "Интерфаксо".

  • 1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-чохь СССР-ехь Сталинан омраца вайнехан къаьмнаш – нохчий а, гIалгIай а- Юккъерчу Ази хьовсийра, ямартана бехкебина. "Чечевица" операци йоьдучу юкъанна ахмиллион сов стаг вохийра. 2004-чу шарахь Европан парламенто геноцидан акт ю аьлла, къобалдира.
  • Советан заманахь депортаци йира исс къомана – корейцашна, немцашна, финнашна- ингерманландцашна, ГIирмин гIезалошна, балкхаройшна, кхарачошна, гIалмакхошна, нохчашна, гIалгIашна, туркашна-месхетинцашна. Царех ворхI – немцой, кхарачой, гIалмакхой, гIалгIай, нохчий, балкхарой, ГIирмин гIезалой – оцу юкъанна бехира шайн къоман автономих а. "Репрессеш йинчу нахана реабилитаци яр" аьлла низам тIеийцира СССР-н тIаьххьарчу 1991-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG