ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а нах лечкъорах лаьцна рапорт хьажийна ООН-е


Нохчийн полисхоша ХIинжа-ГIалара шелтерера Тарамова лачкъор, архивера сурт
Нохчийн полисхоша ХIинжа-ГIалара шелтерера Тарамова лачкъор, архивера сурт

Нохчийчохь тIом болчу шерашкахь адамаш лечкъоран, иштта Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш хьешаран а масалш далийна "Мемориало" а, "Бакъонан инициатива" йукъаралло а шайн рапортехь, Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацина а дIатесна цара и.

Оьрсийчоьнан ницкъахоша нах лечкъабо, уьш кхерон, шайна оьшу мукIарло цаьрга дайта, йа бекхам беш, аьлла ду документа тIехь.

"Кхерам кIел нисло – терроризмаца зIенаш йу, бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанашлахь дакъа лаьцна а бу аьлла, шеконаш йерш, иштта ЛГБТКИА+персонаш, Iедалхошна йа церан гергарчарна критика йийраш а. Дукхачу меттигашкахь бакъоларйаран органаша лечкъийна нах латтабо арахьарчу дуьненца зIе а йоцуш, царна тIехь гIело латтайо, кхинйолу шогалла а лелайо цаьрца", - чIагIдо рапортан авторша. Цара иштта билгалдоккху, лечкъийначарна дуьхьал шайггара бехкзуламан гIуллакхаш дохуш хилар а.

Нуьцкъаша нах лечкъорна дуьхьал йолчу Комитетан а, бертаза, йа шайн лаамехь доцуш нах тIепаза бовш хиларехула йолу Белхан тобано а динчу дехарна жоп луш кечдина ду документ.

  • Доккхачу декъанна рапортехь дуьйцу Нуханов Исламан кейсах. 2019-чу шарахь ютьюбе видео хIоттийнера цо, Соьлжа-ГIалара элитан кIоштах лаьцна, цигахь бехаш бу Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарнаш а, кхинболу лакккхара даржхой а. Цул тIаьхьа лачкъийра Нуханов, кхаа кIирнах сов латтийнера иза Соьлжа-ГIаларчу полицин декъехь, ша шена доцург а дийцийтинера цуьнга. 2020-чу шеран гIадужу-баттахь колонихь даккха диъ шо хан туьйхира цунна, бакъо йоцуш герз лелорна а, ницкъахочунна тIелатарна а.
  • Бакъоларйархоша рапортехь тидам тIебохуьйту, сингаттаме тенденци йаржарх, шайн бакъонаш Iалпшйан хьийза зударий кхерош. Масала, 2021-чу шарахь кадыровхоша Дагестанера шелтерера лачкъийра Кадыровн гонерчу цхьаннан йоI Тарамова Хьалимат. ЦIера йеддера иза, иштта шен ориентаци бахьана долуш а. Шо сов хан йара цуьнан кхолламах хууш хIума доцу, 2022-чу шеран лахьанан-баттахь "СК SOS" кризисан тоба йиллинчу Истеев Давида хаамбира, йоI дийна йу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG