ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохорна дуьхьал акцеш хилла Европерчу Оьрсийчоьнан векаллалашна хьалха


Венерчу а, Варшаверчу а, Брюсселерчу а, Ослорчу а, Бернерчу а Оьрсийчоьнан векалллалашна хьалха дуьхьалонан пикеташ дIаяьхьна нохчийн диспорийн векалша дахначу оршотан дийнахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикийн а, политикан оппонентийн а гергарнаш лечкъор сацадар тIедожош.

"Норвегехь хIоттийначу акцехь дакъалецира бакъоларъярхочо Гисаев Ахьмада а, Масхадов Анзора а (Масхадов Асланан воI), йисинчу гIаланашкахь - Нохчийчоьнан Республикан Ичкерин векалша. Нохчийн политикна Закаев Ахьмадна тийсинчу керлачу кхерамашца йоьзна яра акцеш - цуьнан гергарчаьрга иза сийсазвойтуш, цунна тIехь доцург кхоллийтина. Изза харцо лелийна Солтыханов Алим-Пашин гергарчаьрца а", - дIахьедина Кавказ.Реалиига Ичкерин векало Дунаева Розас.

Къамел динчо билгалдаккхарехь, протестан акцеш дIаяьхьира, Оьрсийчоьнан дипломатийн векалаллаша болх бечу дийнахь, шаьш хIоттийна резолюци цаьрга дIакхачорхьама. Дукхахйолчу векалташкахь дуьхьал хуьлура жигархой чубита, почтан яьшки чу таса резолюци, йа имейл тIе схьахьажае бохуш. Дунаевас бахарехь, Швейцарехь бен реза ца хилира резолюци кара дIаэца.

"Лулахошца йолу дика юкъаметтигаш, доттагIалла боху кхетам юкъара а боккхуш, яржош ю гамо, цабезам, девнаш, динан а, къоман а буха тIехь мостагIалла. Кадыровн [Рамзанан] зуламхойн администрацина дуьхьал берш лечкъор, байъар, сийсазбар, могIарчу бахархойн сий дайъар жигарадаьккхина"- аьлла ду Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн структурашка дIакхачийначу резолюци тIехь, эмиграци йинчу нохчийн политикийн а, жигархойн а гергарчеран бакъонаш эшош, тIеIаткъам баран факташ охьа а язъеш.

Гезгамашин-беттан юьххьехь Венерчу Шварценбергплац майданарчу мемориална хьалха а дIабаьхьира иэсан барамаш, Нохчийн Республика Ичкери йозуш йоцу республика ю аьлла, дIакхайкхийна 30 шо кхачарна лерина.

Гезгамашин-беттан 19-чохь дуккха а наха дакъалецира нохчийн диаспорано Австрехь вовшахтоьхначу митингехь. Цуьнан декъашхоша дIахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхо а, парламентан депутаташ а харжар легитиме дацара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG