ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь "Ахмат" спортан кхаа клубан балхана 2022-чу шарахь дайина 7,7 миллиард сом - зорбанаш


"Ахмат Арена" стадион, Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь
"Ахмат Арена" стадион, Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

Кадыров Ахьмадан цIарахчу говрийн спортан, футболан, латархойн тобанашна 2022-чу шарахь йинчу харжан барам 7 миллиард 725 миллионе хьалабаьлла, цунах 789 миллион – бюджетан ахча ду, ларарш дина "Верстка" гIирсо, юстицин министраллин хаамна тIетевжина.

Къаьсттина дукха ахча хьажийна говрийн спортан "Ахмат" клуб латторна – цунна йина харж йу 6 миллиард 625 миллион сом. Болчу хаамашца, и дерриг ахча кхаьчна хилла организацешкара а, бахархошкара а, церан цIераш- йохуш йац. "Ахмат" футболан клубана хьажийна миллиард ца кхоччуш ахча, оцу ахчанан кхозлагIа дакъа бюджетера кхаьчна ду. Латархойн "Ахмат" клубана дайина 100 миллион сов ахча – бюджетера ду и а.

"Верстка" гIирсо терго тIеозайо, кхаа спортан клубана дайина ахча цхьаьнатоьхча, барам жимма лахара бу махкара "Образование" къоман проектана хьажийначу ахчанел а. Кхозза совдолу Нохчийчуьра школаш тойеш дайинчул а.

  • Хьалхо Чехин пачхьалкхера Нохчийчу йалийра Кадыров Рамзанан Зазу цIе йолу говр. Политикна дуьхьал 2014-чу шарахь йаьхна санкцеш бахьана долуш говр йа йохка а, йа цигара цхьанхьа дIасайига а бакъо йацара. Ткъа кху шарахь говр лачкъийра. Йуьхьанца Кадыровс Чехин Iедал бехкедира ледарло йарна, цул тIаьхьа бакъ дира Зазу шен тIедилларца лачкъийна йара аьлла. Украинан къайлахчу сервисашца берта а вахна, лачкъайайтира ша, амма ахча ца делира ша элира цо.
  • Оханан-баттахь хааме даьккхира, "Ахмат Арена" стадионан вип-хьеший кхобуш бюджетерчу ахчанах кхин а пхи миллион сом оьшур ду аьлла. ХIара шо доладелчхьана хIинца шолгIа йеш харж йу и. Хьалхарчу контрактан мах Iедалхоша кхоъ ахмиллионца хадийнера.
  • Американ Iедалхоша "Ахмат" футболан клуб а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу Фонд а, латархойн "Ахмат" клуб а "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь долчу санкцийн тептаре йехира. Адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал долийна ду и тептар Вашингтоно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG