ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь эскархошна 1999-чу шарахь тIелатарна Кхарачойн-Чергазийчоьнан вахархо лаьцна


Басаев Шемал. Архивера сурт
Басаев Шемал. Архивера сурт

Кхарачойн-Чергазийчуьра НогIийн кIоштара 42 шо долу меттигера вахархо Джумагишиев Iабдуллялим лаьцна, 1999-чу шарахь Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанашца Нохчийчохь тIеман декъана тIелетта ву аьлла. Цунах лаьцна хаам бина пачхьалкхан ТАСС агенталло Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн юкъараллашца уьйраш лелочу Центрна тIетевжина.

Официалан версица, 18 шо долчу Джумагишиевс дакъалаьцна боху Червленная олучу станицана гергарчу эскархойн декъана динчу тIелатарехь. Iедалхойн лараршца, хIетахь 15 эскархо вийнера, 28-нна чевнаш йинера. Мича буха тIехь дина оцу кепара хьесапаш, къайлахчу сервисаша хоуьйтуш дац.

Джумагишиев бехкевина Оьрсийчоьнан Зуламан Кодексан кхаа къепехула: Талораш лелор, бунт гIаттор, бакъоларйаран органийн белхахочунна тIелатар. ГIуллакх толлучу йукъанна лаьцна иза, хууш дац – меллалц латтор ву чохь. Велла дIаваллалц набахтехь йаккха хан тоха тарло Джумагишиевна.

  • Басаев Шемалан а, Хаттабан а тIемалой Нохчийчуьра Дагестане бахара, цигахь тIемаш бира цара 1999-чу шеран марсхьокху-баттера гезгамашин-батте кхаччалц. Юьхьанца мехкан Ботлихан, тIаьхьо Новолакскан кIошташкахь. Талламан версица, верриг а цхьа эзар ах эзар хиллера уьш. Оьрсийчоьнан тIеман министраллин зерашца, вийна цигахь 300, чевнаш йинера 800 сов Оьрсийчоьнан эскархочунна а, иштта бакъоларйаран органийн белхахошна а, маьршачу бахархошна а. "Контртерроран операци" йоло цхьахдолу бахьана хилира оцу хиламех, шолгIа Нохчийчуьра тIом аьлла, билгалбаьккхина хилла. ХIетахь, 1999-чу шеран гезгамашин-беттан 30-чохь Оьрсийчоьнан эскарша Нохчийчоьнан дозанаш дIелийцира.
  • Бехктакхаман жоьпалла тIедожадо иштта, 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина хилла, амма амнисти еллачарна а.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG