ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хиллачу тIамах лаьцна кино йоккхур ю Америкерчу режиссеро


МухIажарийн куьпахь нохчийн зуда, 1999-гIа шо
МухIажарийн куьпахь нохчийн зуда, 1999-гIа шо

Нохчийчохь хиллачу тIамах лаьцна исбаьхьаллин кино йоккхур ю америкхойн режиссеро Канир Аюба. Белхан цIе хир ю фильман "Дарья". Le Matin гIирсо яздарца, кино чохь дуьйцур ду, тIамах веддачу нохчийн кIантана тховкIело еллачу Дарья цIе йолчу зудчун исторех.

"Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъара гӀоьртинахилар гайта тарлун дуккха а эмоционалан а, политикан а материал хир ю "Дарья" сюжетан бухехь", - боху режиссеро.

Филман сценарий кхо шо хьалха язйина, Лос-Анджелесехь вехачу оьрсийн эмигранто. Кино яьккхина бевр бу авторш 2022-чу шарахь.

Канир Аюб - америкахойн кинорежиссер а, сценарист а, дизайнер а ву. Къаьсттина гоьваьлла иза, Францин музыкалан Duft Punk дуэто дакъа а лоцуш, эксперименталан йоца "Все-таки человек" сериал яккхарна совгIаташ даларца.

Францойн журналиста Луазо Манона а яьккхира документалан филм, Нохчийчохь тахана а нах Iедало идош а, хьийзош а хилар гойтуш, тоьшаллаш далош. 12-за Нохчийчу а йоьдуш, кхаа дийнал дукха цкъа а ца Iаш, къайлаха яьккхина ша элира цо "Нохчийчоь: лар йоцу тIом" филм. Европехь тергоне эцна, алссам нах хьовсучех ю иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG