ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь белларш дагалецира Берлинехь


Товбеца-беттан 23-чохь хиллачу гайтамера сурт
Товбеца-беттан 23-чохь хиллачу гайтамера сурт

Нохчийчохь лаьттинчу тIемашкахь белларш дагалецира Берлинан юккъехь. И де дIадаьхьира карарчу хенахь Германехь, Австрехь, Бельгехь бехачу нохчаша Unkremlin организацин беттан бараман гурашкахь.

"Бундестагана хьалхха дIахьош яра, Оьрсийчоьно оккупаци йинчу дозанаш тIехь лелочу тIеман зуламех дуьйцу акциш. Цхьа де делира тхуна Нохчийчохь ши тIом боьдучу заманчохь лелийначу зуламех лаьцна дийца", - хаамбира Кавказ.Реалиига оцу бараман декъашхочо, Австрерчу Ичкерин векало Дунаева Розас.

Цо бахарехь, дийно сарралц дIаяьхьначу акцино берлинхойн терго тIеозийна ца Iаш, оцу дийнахь Германин шахьарахь нисбеллачу туристаша а тидаме ийцира иза.

"Дукхахболчара хоьттура – оцу зуламех лаьцна цхьаммо а хIунда ца дийцина? Жоп лора, нохчий тапъаьлла ца Iара, дуьненан юкъаралле кхайкхамбора цуьнан терго йе бохуш. Амма дукхахболчу политикашна хIетахь хетара, Ичкери дIаяккхар "Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх ду" аьлла", - билгалдаьккхира къамелдинчо.

  • 2000-чу шарахь яьккхина голландхойн режиссеро Лео де Бурас "Соьлжа-ГIала цIерпошт" (Train to Grozny) документалан фильм гайтира Роттердамехь нохчийн диаспоро а, къобалъязчу Ичкерин векалша а дакъалоцуш. Оцу кино чохь гойту тIамо дIалаьцначу Нохчийчуьра суьрташ, иштта оцу хиламийн декъашхошца дина къамелаш а. ТIамца Оьрсийчоь Украине гIоьртинчул тIаьхьа и фильм юха а мехала хилира.
  • Товбеца-беттан 22-чохь Прагехь дIайолийра шина дийнахь дIахьош хилла Оьрсийчоьнан маьршачу къаьмнийн Форум – оцу барамехь дакъалоцуш бара ца бевллачу денна махкара арабевлла кеп-кепарчу къаьмнийн оппозицин жигархой, а политикаш а, доккхачу декъанна, къобалъязчу Ичкерин премьер-министр Закаев Ахьмад.
  • Нохчийн лаамхойх вовшахкхетта Дудаев Джохаран а, Шейх Мансуран а цIарах батальонаш Украинехьа тIемаш беш ю. Кремло хIоттийначу Кадыров Рамзана Iиттарш йина ца Iаш, хьалхо Украинан Iедалхой а цхьаьна бара царна тIаьхьабевлла- стохка Къоман кхерамзаллин Кхеташоно бIахошна дуьхьал санкцеш ехира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG