ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Iазап хьегначунна тховкIело йаларх сацам бийр бу Эрмалойчоьнан кхело


 Мукаев Салман Ереванехь, 2023 шо, стигалкъекъа-беттан 23-гIа
Мукаев Салман Ереванехь, 2023 шо, стигалкъекъа-беттан 23-гIа

Ереванан административан кхелехь тIаьххьара кхеташо хилла Нохчийчуьра вахархочун Мукаев Салманан гIуллакхехула, шена тховкIело ца йалар ду цо къуьйсуш. Нохчийчохь Мукаевна тIехь гIело латтийна, цуьнан боьршачу нахаца уьйраш йу аьлла, кхоллайеллачу шеконашца. Цунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх ду бакъо йоцуш тIеман гIирс латтийна аьлла, амма и гIуллакх бух боцуш ду, шайггара долийна боху цо.

ДIайаьхьначу кхеташонехь кхело ладуьйгIира адвокате, тIеийцира цуьнгара тоьшаллаш, ишта адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело бина сацам а. Кху беттан 29-чохь шаьш тIаьххьара бина сацам бовзуьйтур бу аьлла, де билгалдаьккхина. Сацам дIакхайкхош кхеташо хIоттор йац, кхелан сайте хIоттор бу сацам, хаамбина кризисан "СК SOS" тобано Мукаевн адвокатана Петросян Асмикана тIетевжина.

Петросяна дийцина, ша чукхайкха аьлла, хьехначу теше ла а ца дуьйгIира кхело, цо дуьйцур дара Нохчийчохь нахана тIаьхьабийларх. "Йукъарчу хьолах тоьшаллаш" хIинцале а цаьрга дIакхачийна" аьлла адвокато. Цо бахарехь, "кхеташо дика чекхйелира". "Лаккхара шансаш йу аьлла хета суна. Хьовсур ду-кх, лаахь а, ла лаахь а дикачу агIор доьрзур ду олийла дац, хIунда аьлча, хIокху гIуллакхан политикан аспект а йу", - билгалдаьккхира Петросяна.

Цуьнан дешнашца, Мукаевгахьа боцу сацам кхело тIеоьций, апелляци йийр йу, цул тIаьхьа ЕСПЧ, и гIуллакх толлучу оцу йукъанна цо Iалашвийриг Эрмалойчохь вуьсур ву.

  • Соьлжа-ГIалахь гомосексуал ву аьлла, харцонца бехкаш дехкина, гIело хьегийтина Мукаев Салман Эрмалойчохь ву, Оьрсийчу дIавала кхерам а лаьтташ. Меттигерчу Iедалхошкара йа мухIажаран статус а, йа Европе дIаваха бакъо йаккха а аьтто ца болу цуьнан, ткъа Оьрсийчу дIалахь – вен кхерам лаьтта цунна. Оьрсийчохь Мукаев лехамашка велла, Эрмалойчоь дуьхьал йу политикан тховкIело йала.
  • 2021-чу шарахь кадыровхоша ток йеттийтира цунна, коьртах тIоьрмиг биллина са дукъийра, камера хьалха дIа а хIоттийна, ша гей ву бахийтира, ишта ЛГБТ-нахаца цхьаьнакхетарш вовшахтохийтира. Мукаевн аьтто хилира шен дегIа тIера чевнаш дIайазйайта жимачу пIелгIашна тIехь цIока йацара, корта бара лазийна, йаьIна йистина йара.
  • Иза лачкъийначул тIаьхьа буьйхира Мукаевн доьзал: итт шарахь кхуьнгахь хилла зуда цуьнан гергарчара дIайигира. Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь Мукаев Салмана дийцира, Соьлжа-ГIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъехь шех хиллачух, Оьрсийчуьра дIа стенна вахна а, шена депортаци йахь шех хиндолчух а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG