ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Iедалхойн митинге ца баьхкина университетан студенташ дIабаьхна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан исламан Кунта-Хьаьжин цIарахчу Нохчийчуьра университетера 17 студент дIаваьккхина доьшучуьра. Омрана тIехь билгалдоккху, уьш дIабахаран бахьана доьшийлан чоьхьара низамаш талхор ду аьлла. Бакъонашларъярхоша чIагIдо, сепаратистийн «ЛНР», «ДНР» мехкашкахь а, иштта Оьрсийчоьно Украинан малхбалерчу кIошташкахь а дIахьочу референдумана тIетовчу митингехь оцу студенташа гезгамашин-беттан 23-чохь дакъалаьцна ца хилар ду.

Дуьххьара биллгал уьш дIабахаран бахьанех лаьцна хаийтира оппозицин 1АДАТ боламо. Кавказ.Реалиин редакцина тIечIагIдира доьшийлехь, омра билггал хилар, амма билгалдаьккхира, иза "могIарера гIуллакх" ду, хIора баттахь университетера иттаннаш сов дешархой дIабохуш бу аьлла.

"Дуккха а хIуманаш чIагIдойла ю вайн, хилла уьш митингехь йа ца хилла… Динчу омрана тIехь цхьанхьа гирий шуна "митинг" дош? ХIара митинг, йа уьш цхьанхьа баха безаш бара, йа цхьана акци, йа деша. Коьрта и дац. Коьрта ду, шайн деканаша тIедиллинарг цара кхочушдина цахилар",- аьлла, билгалдаьккхина Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь доьшийлан кадрийн декъан векало.

Университетан белхахочо иштта тергойира, оцу омрана тIехь цхьахволу студент "гIалатца" нисвелла хилар, хIинца документан чулацам хийцина бу.

Нохчийн Iедалхоша дIахьедира, референдумашкахьа хIиттийначу митингашкахь 50 эзар стаг вара дакъалоцуш аьлла. 1АДАТ-а хаамбира, митинг йоьдучу заманчохь Соьлжа-ГIаларчу коьртачу майданахь веб-камераш дIаяйъина хиларх, иштта дийцира митингехь дакъалаца бертаза шаьш хьийсорах дийцинчу дуккхаъчу бюджетан белхахоша латкъамаш барх а.

Референдумашкахьа хIитточу митингашкахь дакъалацар доьшийлийн куьйгалхошна тIедожорах хаамбира иштта Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а цхьана.

Референдумаш йирзинчул тIаьхьа президенто Путин Владимира куьйгаш яздира, оккупаци йина Донецкан а, Запорожьен а, Луганскан а, Николаевскан а, Херсонан а кIоштийн дакъош а Оьрсийчоьнан цIартIе дохучу федералан низамашна. Иштта цо куьйг таIийра, йиъ керла субъект пачхьалкхех схьатухучу федералан конституцин низамашна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG