ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь имам верах гIуллакх кхеле кхачийна


Шамурзаев Турпал-Iела
Шамурзаев Турпал-Iела

Нохчийчоьнан Шелковскан кIоштара Воскресеновское эвлара 54 шо долу имам Гакаев Iабдурахьман верах гIуллакх талламо листина даьлла. Прокуратуро бехкхилар тIечIагIдина, материалаш кхеле хьажийна.

Талламан версица бехкевечо стаг вийна цуьнан 4 шо долчу кIантана хьалха, ша дийриг видеокамераца дIа а йаздеш, хаамбина пачхьалкхан "Чечня Сегодня" агенталло. Цул тIаьхьа ша зулам динчу меттигера шен машенахь къайлаваьллера иза, "эвлара араваьлла хьуьнан асане вирзинера, цигахь урс дIа а кхоьссина, машен цигахь а йуьтуш, гIаш дIаваха дагахь хиллера иза, луларчу махкахь лачкъа Iалашонца". Амма лецира.

Стаг веран бахьана билгалдаьккхина дац. Лерринчу къизаллица стаг вер аьллачу артиклехь бехкаш дехкина цунна, оцу зуламехула велла дIаваллалц набахтехь йаккха хан а цхьаьна кхачайо.

  • Нохчийчуьра Шелковскан кIоштара Воскресеновское эвлан вахархо Гакаев Iабдурахьим вийра дечкен-беттан 14-чохь. Иза вехачу цуьнан керта а вахна, зуламхочо урс детташ видео йаржийра социалан мащанашкахь. Масех чакхарма дехьа жима кIант а ву лаьтташ цу видео тIехь, тIаьхьо къаьстира, вийначун кIант иза хиллийла.
  • ШолгIачу дийнахь лецира иза вийна аьллачу шеконашца Шамурзаев Турпал-Iела. ГIуллакх шен тергоне эцна Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра. Шамурзаевн гергарчара гечдар доьхуш видео дIайазйира.
  • ТIечIагIбазчу хаамашца, коьртаца лазар долуш хилла Шамурзаев, дарбанаш лелийна цо психиатрашна а, молланашна а тIеоьхуш. Гакаев дарбанаш лелош хилла боху, иштта вевзаш хилла хила тарло иза Шамурзаевна. Кавказ.Реалии сайто йаздира зулам дан цуьнан аравала хила тарлучу бахьанех лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG