ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Кадыровн берийн хилла тренер вице-премьеран дарже хIоттийна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчохь республикан урхаллин председателан гIовсан дарже ваьккхина Эдилов Iабдул-Керим. Урхаллехь цо тидамехь латтор ду кегийрхойн политикан а, спортан а, иштта бюджетан ахча дайъарна тIехь контроль латторан хаттарш а. Эдилов – иза Кадыровн берийн хилла тренер а, иэдина летаршкахула спортхо а ву.

Керла вице-премьер хIотторах лаьцна Кадыровс хаамбира министрийн кабинетан декъашхошца хиллачу кхеташонехь: "Керлачу даржехь Эдилов Iабдул-Керимна хьалха лаьтташ вуно хала а, жоьпалле декхарш ду. Со тешна ву, цо шега кховдийна тешам берриг къобалбийра хиларх", - даладо Кадыровн дешнаш "Грозный-информ" агенталло.

Хьалхо Эдилов Iабдул-Керим Нохчийчоьнан куьйгалхочун секретариатан хьалханчан даржехь вара.

  • 2019-чу шарахь нохчийн латархо Эдилов UFC-н контракташкара дIахадийнера: промоушенехь кхиамаш даха нохчийн спортхочунна новкъарло йира чевнаш а, 2016-гIа шо долалуш чекх ца яьккхинчу допинган тесто а. Нохчийчохь харцдора Эдилов UFC-ра дIаваьккхина бохург, тIечIагIдора, иза шен лаамца дIавахна хилар, Кадыровца къамел хиллачул тIаьхьа.
  • Маршо Радионо масийттаза яздира, низамаш кхолларан, уьш кхочушдаран Iедалан урхаллин даржаш дIалоьцу Кадыровн гергарчара а, юьртахоша а. Дахначу шарахь дуьйна лаккхара даржаш кхочу хIинца даккхийхиллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун берашка.
  • 2017-чу шеран ГIуран-баттахь Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн Министралло санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Урхалло бехкевира иза кхелан сацам а боцуш нах байъарна, Iазапехь латторна а, кхинйолу адамийн бакъонаш хьешарна. Санкцийн тептаре баьхна Кадыровн гонера кхин а хьаькамаш а, нуьцкъахой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG