ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Кадыровн юххерчу накъостан кIант "Ахмат" спортан клубан куьйгалхо хIоттийна


Висмурадов Абузайд
Висмурадов Абузайд

Республикан урхаллин куьйгалхочун гIовсан Висмурадов Абузайдан кIант "Ахмат" латаран клубан коьрта куьйгалхо хIоттийна. Хьалхо Висмурадов Рамзан оцу клубан латархо вара.

"Ахматера" керла хийцамаш бовзийтира цуьнан хиллачу куьйгалхочо Эдилов Валида. Керла директор шен инстаграмехь вовзийтина цо. "Иза гIиллакхе, шен амбицеш йолуш, болх безаш жима стаг ву, со теша, шена тIедиллина декхарш цо кхочушдийриг хиларх", - яздина Эдиловс.

Висмурадов Рамзан хьалха дакъалоцуш вара "Ахмат" клуберчу ах-профессионалечу иэдинчу летаршкахь. Цуьнан да, Висмурадов Абузайд – Нохчийчоьнан пачхьалкхан вице-премьер, нохчийн леринчу, сиха реакци яран (СОБР) "Терек" отрядан хьалханча а ву. 2019-чу шарахь Висмурадов "Магнитскийн актаца" а догIуш санкцийн тептаре ваьккхира, хаамбора Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло. ЦултIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикан урхаллан хьалханча нуьцкъаллин блокаца зIе лелоран хаттаршкахула гIовс хIоттийра.

Нохчийн "Ахмат" спортан клуб Американ санкцешна кIелахь ю, иза доьзна ду Кадыров Рамзан бехкеварца, саццанза адамийн бакъонаш хьешарна, дуьйцург ду дукха нах лечкъор, Iазап латтор, кхелан сацам боцуш республикехь нах байъар а.

  • Нохчийчохь республикан урхаллин куьйгалхочун гIовсан дарже ваьккхина Эдилов Iабдул-Керим. Урхаллехь цо тидамехь латтор бу кегийрхойн политикан, спортан, бюджетан ахча дайъарна тIехь контроль латторан хаттарш. Эдилов – иза Кадыровн берийн хилла тренер а, иэдина летаршкахь спортхо а ву.
  • Маршо Радионо масийттаза яздира, низамаш кхолларан а, уьш кхочушдаран Iедалан урхаллин даржаш дIалоьцу Кадыровн гергарчара а, юьртахоша. Дахначу шарахь дуьйна лаккхара даржаш кхочу хIинца даккхий хиллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун берашка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG