ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кечйина батIалхьажойн тоба Украине тIамтIе хьажийна


БОБР-н тIеман барзакъ тIера йоза
БОБР-н тIеман барзакъ тIера йоза

БатIалхьажойн маса тидам бен тоба (БОБР) Украине тIом бан хьажийна Гуьмсерчу Оьрсийчоьнан спецназан университетехь Iаморошкахула чекхйаьккхинчул тIаьхьа, цунах лаьцна хаамбина шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"ТIемаш боьлхучу позицешкахь" яьккхина видео зорбане хIоттийна цо – стенгахь цара куп тоьхна, хууш дац. БОБР-н векало, Белхороев Ахьмадах тера волчо дийцина, нохчийн "Ахмат" декъа юкъайогIуш хиларх шайн тоба. Хьалхо Белхороевс видео дIайазйира Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана батIалхьажошкахьа гIо дохуш. Кадыровс вовзийтира иза, Нохчийчохь болх беш, шен доьзалца веха, полицин подполковник ву аьлла.

Карладоккху, БОБР-н тоба кхолларх дийца даьккхира лахьан-бутт бовш, террорхойн юкъаралла кхолларна бехке хила тарло аьлла, цIийнах талламаш бинчу батIалхьажошкахьа гIо дохуш, Кадыров Рамзан вистхиллачул тIаьхьа. Хууш дац, и ши хилам вовшашца боьзна буй а.

Тобанхошлахь 31 стаг ву аьлла, хаамбира, ткъа церан куьйгаллехь хиллера, стаг верна бехкелоруш, федералан лехамашка велла Аушев Абубакар. Иштта лаца кхайкхийна оцу тобанан цхьаболу декъашхой а цхьаьна. Телеграм-каналан хаамашца, ГIалгIайчоьнан ницкъаллин структурашца воьзна хетачу Аушевс 2020-чу шарахь аьтто боцуш кIело йинера батIалхьажошна луьйш хиллачу имаман вешина.

Делахь а, хIара хаам зорбане баьккхинчул тIаьхьа, Аушев зIене ваьллера "Кавказ Пост" ресурсан редакцица, батIалхьажошца ша хилар бакъ ца динера цо, дIахьединера иштта, бух боцуш шайггара кхоьллина ду шена дуьхьал айдина гIуллакх аьлла.

"Со ГIалгIайчохь вара, Къилбаседа ХIирийчохь а, Нальчикехь а вара. ХIинца со кхечу меттигехь ву, амма ас буьйцур бац волу меттиг. Соьгахь информаци ю, со вен гIерташ бу аьлла. Цул тIаьхьа ГIалгIайчу юха муха вогIур вара со?", - дIахьединера цо журналисташка.

  • Кеп-кепарчу лараршца, батIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш. ГIалгIайчохь политикехь а, бизнесехь а шуьйра позицеш дIалоьцу батIалхьажоша. БелхороевгIеран доьзал бевзаш бу Нохчийчоьнан куьйгаллица доттагIаллин уьйраш хиларца. Кест-кеста меттиг нисло, оцу юкъараллица зIе хадон луучарна тIаьхьабуьйлуш – цхьаберш декхаре хуьлу махкара дIабаха, шайн бIанакъостий тIе ца кхачийта. ТIаьххьарчу кIиранашкахь кеп-кепарчу бехкашца батIалхьажойн лидершна тIаьхьабийлар жигара даьккхина бакъоларйаран органаша.
  • Лахьан-беттан 17-чохь батIалхьажойн цхьахволчу лидерна Белхороев Якъубана набахтехь даккха исс шо туьйхира: кхело бехкевина иза, социалан страхованин Фондан куьйгаллехь волчу заманчохь бюджетан ахча цо дайарна а, бакъо йоцуш герз латторна а. Белхороев Якъуб лаьцначул тIаьхьа 2020-чу шарахь батIалхьажойн вежараллин I2 декъашхочунна бехкаш дехкира террорран юкъаралла кхолларна а, теракт ярна а.
  • 2021-чу шеран дечкен-баттахь Белхороев Мустафан кIанта Белхороев Алихана ша Эльджаркиев верца доьзначу гIуллакхехула дIалаьцначул тIаьхьа, ницкъахоша ша Iазапехь латтийна бохура. Оцу хьокъехь бехктакхаман гIуллакх кхин ца долийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG