Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, республикехь йиъ керла тIеман батальонаш кхолларх – "Север-Ахмат", "Юг-Ахмат", "Запад-Ахмат", "Восток-Ахмат" а. Уьш кхолларан Iалашонех лаьцна Кадыров Рамзана ца дийцина, уьш Украинерчу тIаме хьийсор хиларх цуьнан телеграм-каналехь дуьйцуш дац.
Республикан куьйгалхочо чIагIдо, "эскархойн контингента юккъехь къаьсттина нохчий хир бу", цо бахарехь, цара "Оьрсийчоьнан тIеман министраллин эскарийн дакъош" дузур ду. Муьлш бу и тIемалой – лаамхой олурш бу, йа говза эскархой бу – Кадыровс билгал ца даьккхира. Цо дIахьедина, керла тобанаш кхоллар "регионерчу кегийрхошлахь патриоталлан догойла вуно лакхара хиларца" доьзна ду.
Кадыровс дийцина, Нохчийчоьнан парламентан хьалханчаца Даудов Мохьмадца Хан-ГIаларчу эскархошна дIаяла кечйинчу гIишлоне хьаьжна ша.
- Хьалхо хиира, ГIалгIайчохь цIеран "ГIалгIайн" герз кхийсаран тоба кхоьллина – иза тIеман декхарш дIадахьаран контракт хIоттийна болчу, шайх лаамхой олучех лаьтташ хир ю. Оцу тайпа тоба кхолларх дIахьедира ГIалмакххойчохь а.
- Нохчийн бакъоларъяран организацеша а, блогерша а хаамаш бо, "лаамхой" санна Украинана дуьхьал тIаме хьийсорхьама лечкъочу меттигерчу бахархошкара шайга кхочучу информацех лаьцна. Иштта лачкъийначу цхьанна, Эна-Хишкара вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло, Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа набахте, шаьш айдинчу гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду хьо аьлла. ТIамтIе ваха реза хиллера иза, цигахь вийна.
- ТIамера юхабаьхкинчу цхьаболчу "лаамхоша" латкъамаш бо, шайна лур ду аьлла ахча схьа ца ло, оьшу гIирс боцуш тийсдаларшна юкъа кхуьссура, кхача а ца латтабора, бохуш. Т1аккха Нохчийчоьнан парламентан хьалханча Даудов Мохьмад цхьанакхийтира т1амера ц1а а баьхкина, оьшу дарба а, хьехийна ахча а ца делла бохучу нахаца. Хьаькамо камерна хьалха чехийра уьш.
- Хьалхо Кавказ.Реалиино теллира, украинхойн агIоно арахецна долу Нохчийчухала тIаме хьийсийначу "лаамхойн" тептар. Лаамхошна юккъехь дуккха а берийн дайш бара, кегийрхой, конспирологин теорийн агIончаш, лартIахь болх ца карорна тIом бан бахнарш а – пачхьалкхан пропагандех уьш тешар а, Украинерчу тIамехь шайн даймохк ларбеш хиларх тешар а ю оцу массочу нехан юккъера билгало. Лазийначу а, кхелхиначу а эскархойх лаьцна церан гергарчара дийцира.