ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхажтасарехь хIинцале а дакъалаьцна 27,18 % харжамхоша


Соьлжа-ГIала, 17Гезг.2021
Соьлжа-ГIала, 17Гезг.2021

Хаьлхара жамIаш довзийтина харжамашкахь Нохчийчохь дакъалаьцначу харжамхойн. "Харжамаш" (ГАС-Выборы) олучу автоматизацин системо далочу терахьашца, делкъал тIаьхьа 3 сахьт даьлча кхажтасарехь дакъалаьцна 27,18 % харжамхоша. цуьнах лаьцна хаам бо меттигерчу хаамийн гIирсаша.

Ткъа ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча и терахь ду - 16,85%.

Нохчийчохь хоржуш ву республикан куьйгалхо а, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан а, республикан парламентан а, Соьлжа-ГIалин думан а, ткъа иштта шина гIалан а, 14 муниципалан кIоштан а, 174 эвлан депутаташ.

Оьрсийчуьрчу Ппачхьалкхан думан депутатийн харжамашкахь дакъалаца регистраци йина 14 партина. Царна юкъахь ю КПРФ а, "Зелёные" а, ЛДПР а, "Новые люди" а, "Единая Россия" а, "Справедливая Россия - За Правду" а, "Яблоко" а, Партия Роста а, Российская партия свободы и справедливости а, "Коммунисты России" а, "Гражданская платформа" а, "Зелёная альтернатива" а, "Родина" а, ткъа иштта пенсионерийн Парти а.

Оьрсийчуьрчу 11регионехь, шайна юкъахь Нохчийчоь а йолуш, хоржур бу куьйгалхой, 39 регионехь депутаташ хоржур бу низамаш дохучу гуламашка.

Кхажтасар дIадоьрзур ду кIиранан дийнахь Гезгмашин-беттан 19-хь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG