ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхетош-кхиор: мила ву берийн "Ахмат" идейна тIехьа лаьттарг, хIунда ца тов и оьрсийн националисташна


Нохчийчуьра "Кавказан ницкъ" патриотикан центрера кхиазхой. Кадыров Рамзанан телеграм-каналан видео йуккъера скриншот
Нохчийчуьра "Кавказан ницкъ" патриотикан центрера кхиазхой. Кадыров Рамзанан телеграм-каналан видео йуккъера скриншот

Чиллан-беттан йуьххьехь дийца даьккхира Оьрсийчоьнан депутато берийн "Ахмат" вовшахтохаралла кхолла йеза аьлла хьехарх. Оцу цIарца долчу нохчийн декъан эскархоша дешархой патриотикехь кхетош, кхион безара. Цу Iалашонна тIетайра йаздархо Прилепин Захар, "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Апти, Кадыров Рамзан а. Кавказ.Реалии сайто къастийра, муха боьзна бу и нах, стенца эргIад бахийтина цара оьрсийн националисташ.

Тюбик а, "Ахматенок"

Машанахь "Ахматенок" аьллачу берийн "Ахматах" лаьцна информаци гучуйелира къаьмнашна йукъарчу гIуллакхехула йолчу Пачхьалкхан думин комитетан декъашхочун Кузнецов Дмитрийн телеграм-каналехь дечкен-бутт бовш, амма дуьххьара цунах лаьцна къадийра цо гIадужу-беттан 5-чохь. Депутато дийцира, и дуьххьара дагадеанарг шен кIант Степан ву аьлла, Украинан дIалецначу дозанаш тIехь шен деца цхьаьна хуьлу иза. ВорхIолгIачу классан дешархочун йоккхуш шен цIе а йу "Тюбик" аьлла. "Степана са дуу сан, маца кхуллур ду кхиазхойн "Ахмат" дакъа, цигахь тIеман кечамбан а Iамош, урамашкахула маршехь лела а. Урамашкахула маршаца буьлабелла лелар дика хIума ду аьлла ца хета суна, амма Оьрсийчоьнна коьрта ду, жимчохь дуьйна вовшех кхеташ, пачхьалкхана пайденна цхьана йукъарлонаш лелош, оьрсийн а, нохчийн а тIаьхье хилар", - йаздина Кузнецовс.

Кузнецов Дмитрий
Кузнецов Дмитрий

2021-чу шарахь кхаьчна иза ша Пачхьалкхан думе, шеца цхьана партихь хиллачу йаздархо Прилепин Захара (бакъйолу цIе Прилепин Евгений.- Редакцин билгалдаккхар) мандатана дуьхьало йича. Цул а хьалха политикан жигархочун штабийн куьйгаллехь вара Кузнецов.

Шена кIелойинчул тIаьхьа дуьххьара гIуран-беттан 20-чохь гучувелира Прилепин шен структурийн командирийн кхеташонехь. ХIетахь зал чохь хиллачу цхьана кхиазхочо массарна хезаш дехар дира эскархошна а, бендоцчарна а "Къаьмнийн доттагIаллин Ахмат Академин" кепехь совгIат дарх. ТIеман-патриотикан вовшахтохаралла элира цо цунах, массо а къаьмнашкара кхиазхой кхетош-кхион.

И кхиазхо хиллера Степан-Тюбик – Кузнецовн кIант. ТIаьхьо депутатан телеграм-каналехь оцу барамехь дIайазйина видео гучуйелира: нохчийн "Ахмат" спецназан командиро маравуллу кхиазхо, "вешин кIант" олу цунах, цунна хьехарш а до.

Алаудтинов Апти а, Кузнецов Дмитрийн кIант Степан а
Алаудтинов Апти а, Кузнецов Дмитрийн кIант Степан а

Кузнецов-воккхахаверг диллина "доттагIалла лелон" волавелира Кадыров Рамзанан бIанакъостаца стохкалера шо долалуш. ХIетахь тIемаш боьлхучу меттиге воьдучу хенахь Кузнецовна улло ваьккхинера "Ахматера" масех эскархо.

ХIетахь дуьйна Кузнецовс кест-кеста хьахаво Алаудинов (йа, нохчийн командирах цо ма-оллура "Майра дог") шен телеграм-каналехь: винчу денца декъалво, йа цуьнан дешнаш даладо, ахматовцашна гуманитаран гIо латтадо.

Оцу дIасалеларехь цуьнца цхьаьна хуьлу Степан а – оккупаци йинчу Украинан дозанаш тIехь граффити йо цо, машенаш тIера мохь охьаоьцу, Гуьмсехь Оьрсийчоьнан йолахой кечбечу базехь герз тоха Iамадо, садоIу Оьрсийчоьнан эскарша украинхойн бахархошкара схьайаьхначу хIусамашкахь садоIу. Школе лелаш вац кхиазхо, йа шен индивидуале дешаран график йу цуьнан, хууш дац. Ша депутато дийцира, Украинана дуьхьал тIом болийча школашкахь дийца даьккхинчу "Коьрта къамелах" мукъаваккъарх шен кIант.

"Ас мукъаваьккхина Степан школехь дечу "къамелашка" ладоьгIучуьра. "Пропаганда" йу бохура цо и. Официозан патриотизм либералан низамел а зене хуьлу кегийрхошна", - йаздира Пачхьалкхан думин депутато.

Оккупаци йинчу ЛНР-н дозана тIехь ву Пачхьалкхан думин депутатан кIант Кузнецов Степан
Оккупаци йинчу ЛНР-н дозана тIехь ву Пачхьалкхан думин депутатан кIант Кузнецов Степан

"Мемасикаш" а, Прилепин Захар

"Ахмат" берийн академин Iалашонех лаьцна цкъачунна хууш кIезиг ду. И болх берашца дIахьон берш бу нохчийн спецназера эскархой, ткъа декъашхой хир бу – кеп-кепарчу регионашкара 11 шарна тIера 15 шаре кхаччалц долу бераш. Уьш а, чуделла кехаташ листа а луьстуш, хоржур болуш бу. Академихь хир ду тIеман-патриотикан ловзарш, цхьанхьа меттигаш талла лелар, говраш тIехь хехкалур бу, кеп-кепарчу къаьмнийн ламасташ довзуьйтар ду, "мемасикаш" кхолла а Iамор ду аьлла, дош делла Кузнецовс.

Берийн "Ахмат" вовшахтоха луург Прилепин Захар а, Кузнецов Дмитрий а, "Ахматера" Алаудинов Апти а, Бахшиенв Юсуп а ву. ТIаьххьарниг актер, режиссер, продюсер ву боху. Карарчу хенахь "ГIаттамхочун романс" патриотикан кино йоккхуш ву иза, Прилепинан Донбассерчу хиламех лаьцна йазйинчу книги тIехь.

Йаздархо Прилепин Захар
Йаздархо Прилепин Захар

Берин аьхкенан лагерь санна хила тарло академи: дуьххьара оцу йукъа бераш лехьор ду Нохчийчохь стигалкъекъа-баттан дезачу деношкахь, ткъа аьхка "Ахмата" кхиазхой буьгур бу сепаратистийн ЛНР-н дозанаш тIе, йаздо хьасташ билгал ца йохуш, RTVI гIирсо. Къастийна квота хир йу "Ахмат" спецназан декъашхойн берийн. Пачхьалкхан грантех латтон Iалашо йу проект – карарчу хенахь вовшахтухуш ду оьшу кехаташ. Билггал иштта дуй и, мел ахча оьшу, маса бер вовшахтоха дагахь бу – хууш дац. Кавказ.Реалиин редакцино проектан векалшка кехат дахьийтира жоьпашца, хIокху материалана публикаци йечу хенахь жоп деана дац.

Берийн "Ахмат" – Кадыровн гIо латтор а, формалехь боцу цуьнан Iаткъам а баржор ду, тешна ву Оьрсийчуьра Transparency International организацин куьйгалхо Шуманов Илья: "Цхьа хIума ду, рогIера нохчийн парламентхочо и бохуш делахь, кхин ду – Прилепин Захара и деш хилар. Бакъдерг дуьйцу, нийсо къуьйсу стаг санна тIеоьцуш ма вара иза. Кадыровхойн шатайпа имидж йу, ткъа Оьрсийчохь массарна а ца беза уьш, ткъа Прилепинан агIончаш дукхох беза, суна хетарехь. Царна дIагур ву керла партнер. ХIара цхьа кIеда, муха нислур бу ца хуу, Оьрсийчоьнан Iедалхой кхоьру ницкъ бу".

Оккупаци йинчу ЛНР-н дозана тIехь ву Кузнецов Степан. Кузнецов Дмитрийн телеграм-каналера сурт
Оккупаци йинчу ЛНР-н дозана тIехь ву Кузнецов Степан. Кузнецов Дмитрийн телеграм-каналера сурт

Пачхьалкхан грантан буха тIехь проект – ахча даккхарх истори йац, имиджах йу, билгалдоккху эксперто. ТIом болабелчхьана оцу кепара идейшна гранташ йаха гIертачу нохчийн Iедалхойн аьтто цахилар билгалдаьккхира цо. Масала, 2023-чу шеран гIадужу-баттахь "Цхьааллин Оьрсийчоьнан Къона гварди" нохчийн декъо пхи миллион сом дехнера кегийрхойн дешаран "Полк "Ахмат" проектана. "Малхбузен культурашка вирзина" меттигера эзар студент кхечу кепехь кхетош-кхион Iалашо йара цигахь. И проект тIе ца ийцира.

Кадыров Рамзан а, Алаудинов Апти а
Кадыров Рамзан а, Алаудинов Апти а

Изза хилира "Ахматан" инициативе кегийрхойн майданах а, "Турпалхойн тIаьхье" тIеман-спортан ловзарех а, Украинера Оьрсийчоьнна эскархойх лаьцначу "Турпалхойн йаххьаш" роликийн циклех а, иштта йоллу Оьрсийчуьра лакхарчу классашкара дешархошна лерина "Къона даймохк Iалашбархой" тIеман-патриотикан ловзарх а.

Оцу инициативашка президентан грантийн фонд чIогIа экама хьоьжу, хIунда аьлча, Нохчийчохь ишта а ду "дуккха а ахча", кхин дIа дуьйцура Шумановс: "ТIамана 28 миллиард сом дайа таро ма йу цигахь. Цундела, суна хетарехь, академих лаьцначу керлачу идейна тIехь ахча даккхалур дац. Со кхетарехь, Кадыровна гIо латторан имиджан пооект йу хIара. ХIун накъосталла дина цо Прилепинна, хууш дац, амма Украинехь тIемаш боьлхучу йукъанна, Прилепина ша а бина цигахь тIом, таронаш тIех сов йара".

Кадыровцащш VS националисташ

"Ахматехь" бераш кхетош-кхиоран Iалашоно Кадыровн а, Прилепинан а гIо латтор чIагIдан дезахь, цкъачунна и план башха кхиаме йац – инициативана реза бац националисташ.

Дуьххьара шен эргIадалла дIахаийтира депутатан Кузнецовн агIоне йазбеллачара. Цуьнан телеграм-канелхь йитинчу комментарешкахь цара хьийхира XIX-чу бIешерашкахь Кавказерчу эскаршна тIехь буьйралла динчу Ермолов Алексейн цIарах хилийта академи аьлла. Ермолов гIараваьлла ву меттигерчу бахархошка хиллачу шен къизаллица. Йа цIе тилла бохура цара ЧВК "Вагнеран" хиллачу долахочун Пригожин Евгенийн. Оцу идейца а догIуш, "оьрсийн турпалхойн" масалаш тIехь кхион беза оьрсийн бераш.

Цул тIаьхьа, националистех лаьттачу оьрсийн диверсин-штурман талламхойн "Русич" тобанан эскархочо Топаз Евгенийс къадийра, Кузнецов лартIахь цахилар а, иза хIуманна гунахь цахилар а. Айхьа хьайга хатта, элира цо, муха хир йу Нохчийчуьра бахархойн реакци, нагахь санна, меттигерчу депутаташа Санкт-Петербургера националистийн клубе кхетош-кхион шайн бераш хьовсийча.

ОьгIазе жоп делира цунна Кадыровн гIоьнчас Алаудинов Аптис: "чуьра цIоькъалоьмаш", "диванан турпалхой", фашисташ лерира цо оцу декъан эскархой. Алаудиновна хетарехь, иза а, цуьнан куьйгакIел берш а оьрсий бу, хIунда аьлча "хьалхарчу могIаршкахь пачхьалкх Iалашйеш бу". ТIаьхьо командирана тIетайра Кадыров Рамзан а, Прилепинан агIонча, тIеман корреспондент Кашеварова Анастасия а.

Хинйолчу академина луьйш хиллачу националистийн хьежамаш болчу блогерна Романов Романна жоп лучу Кузнецовс дIахьедира, "оьрсийн дайша масал оьцийла ду Кавказехь божабераш кхиорна тIехь". Оцу постана кхо эазр сов оьгIазе, товш йоцу комментареш йитира.

Блогеро керла видео арахийцира ксенофобин идейшца, цо хьахийра, тахана республикан куьйгаллехь волчун дас Кадыров Ахьмада Оьрсийчоьнна джихIад кхайкхор Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу хенахь. Камерана хьалха СИЗОхь латточу лаьцначунна йиттина Нохчийчоьнан урхалхочун кIант Кадыров Адам мича буха тIехь кхиийна ву хаьттира; дийцира элитана а, Нохчийчуьра могIарерчу бахархошна а тIедогIучу рицкъана йукъахь йоккха башхалла хиларх.

ХIара текст зорбане йоккхучу заманчохь дов дIатийнера, цхьана а агIоно шайгара кхин дош ца хазийра.

Бераш а, пропаганда а

Украинан шуьйрачу тIамца тIелеттачул тIаьхьа керла тренд хаайелира – Нохчийчуьра бераш жигараллица тIаме дерзор.

Масала, 2022-чу шеран лахьан-баттахь Шела кIошта валийра Оьрсийчоьнан 15 регионашкара а, оккупаци йинчу ЛДНР-ра 150 кхиазхо, "хала бераш" ду аьлла, чоьте эцна хиллера уьш. "Кавказан ницкъ" аьлла цIе тиллира проектана, и кхоьллинера Кадыров Рамзана а, берийн омбудсмено Львова-Белова Марияс а. Берашна дийцира Украинана дуьхьал бечу тIамера Оьрсийчоьнан эскархойн турпалаллех, Iамийра уьш герз карахь латтон а.

Цул совнах Нохчийчуьра школашкахь иэсан аннаш а, партанаш а хIиттийра, Украинехь байинчу кадыровхошна лерина. Царех цхьаберш бехке хила тарло нах лечкъорна, байарна, къизаллаш лелорна.

"Патриотикехь бераш кхетош-кхиорна леррина терго латторна" Нохчийчоьнан урхалхочо билгалйаьккхира шен йоI Кадырова Хадижат. ХIетахь Соьлжа-ГIалин мэрин школазхойн дешаран департаментан куьйгалхо йара иза, карарчу хенахь – Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун хьалхара гIовс йу иза.

Кеп-кепара школан вовшахтохараллаш Iедалан низамашкахь магийна йу, амма инициатива хила йиш йац дешаран программин дакъа, билгалдоккху "Хьехархойн альянсан" куьйгалхочо Кен Даниила: "ХIара дешарца цхьанакхеташ хила ца йеза истори йу".

Ницкъабр а, къизалла а къобалйар доьхкуш ду бераш Iалашдаран низамехь

Муьлхачу билламаш тIехь дешархоша дакъалоцу оцу кепарчу патриотикан барамашкахь Нохчийчохь, йуй церан дуьхьал бовла таро, хууш дац. Вовшахтоха хьийзачу "Халкъийн доттагIаллин "Ахмат" академих" лаьцна олуш, оцу хаттаран формалехь йоцу агIо хилар хьахийра Кена. "ХIокху идейно ма-дарра аьлча дохош ду синан а, низаман а дозанаш, берийн психикана зен дечу агIор хьаьжча. ТIеман пропагандица кхиош бу уьш".

Оцу йукъанна "Информацих бераш лардар…" федералан низамо доьхкуш ду адамашна ницкъбар, къизалла лелор тида а, къобалдан а, кхетадо эксперто: "Гуш ма ду, изза лелор долуш ду академихь".

Оцу кепара кегийрхойн патриотикан вовшахтохараллаш "идеологица тилор" ду элира бакъоларйархочо Дмитриевский Станислава. Советан заманахь хиллачу пионерашца а, нацистийн Германихь хиллачу "Гитлерюгенд" кегийрхойн организацица а буьстира цо уьш.

"Суна хетарехь, хIара доллу дагадеанарг Алаудиновн ду – кхин а тIе шен Iаткъамбар, авторитет совйаккхар,- аьлла хета спикерна. – Оьрсийчоьнан хьакамашна йукъахь, нохчийн муххале а, къовсам бу дIахьош, хIора а ша дIагайта хьийза, ша чIогIа ву, уггар а ца хилча йиш йоцур ву аьлла. Алаудиновн ишта проект исбаьхьа йу. Суна хетарехь, къона, чIагIдаланза кегийрхойн синош цIарматдар а, керла, шайна хьалхара бала нах кечбар а ду хIара. Нагахь санна, буьйцурш кхиазхой белахь, дукха ца Iаш, берхIийтта шаре бевр болу".

Прилепин Захаран мотивацих кхетадо бакъоларйархочо "2014-чу шарера схьа дуьйна цо лелочу тоталитаран идеологин тIаьххьара кеп" йу аьлла.

Нохчийчуьра патриотикийн инициативашна пачхьалкхо ахча ца далар тергоне эцча, Прилепина берийн "Ахмат" академихь дакъалацар Дмитриевскийна цхьа бух болуш хета – ишта Кремльна гур ду, регионера и некъ кхводийна боций, цул арахьа а лууш хIума дуйла.

  • Алаудинов Кадыровн Нохчийчоьнан коьртачех векал ву Оьрсийчоьнан федералан каналашкахь, цунна дуьхьайаьхна дуьненайукъара санкцеш йу. Украинехь "Ахмат" дакъа бехкедо маьрша нах байина бохуш.
  • Прилепин Захар а ву Британин, Евробертан, Канадин, Украинан, Швейцарин, Керлачу Зеландин, Австралин санкцийн тептаршкахь, тIом къобалбарна а, дезинформаци йаржорна а. Ткъе итт гергга пачхьалкхийн санкцеш йу Пачхьалкхан думан депутатан Кузнецов Дмитрийна дуьхьалйаьхна а.
  • Националистийн "Русич" декъана а, цуьнан куьйгалхошна Мильчаков Алексейна а, Петровский Янна а дуьхьал санкцеш йехира Американ Цхьанатоьхначу Штаташа 2021-чу шеран гезгамашин-баттахь, Оьрсийчоьрно агресси йолийначу заманчохь Харьковн кIоштахь "къаьстина къизаллаш" лелорна. ГIуран-баттахь "Русичан" командирашна дуьхьал а санкцеш йехира Евроберто ЧВК "Вагнер" тобанца боьзна хеташ.
  • 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь Финляндихь лецира Петровский Ян. Иза бехкевора 2014-2015-чу шерашкахь Украинехь тIеман зуламаш дарна а, бакъо йоцуш дозанехула чекхваларна а. ТIаьххьарчу гIуллакхехула 60 денна хан йийхира цунна. Петровский Оьрсийчоьне схьаваллалц шаьш тIемаш бийр бац аьлла, дIахьедира "Русичо".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG