ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь коммуналан декхаршна дуьхьал машенаш схьайоху ницкъхоша


"Газпром межрегионгаз Грозный" компанин белхахошца юкъахь ярташкара чу-ара буьйлучу некъашна тIехь терго латтош бу Нохчийчуьра ницкъаллин структурийн белхахой, машенлелорхошна тIехь коммуналан декхарш дуй а хьовсуш. Кавказ.Реалиига бина цунах лаьцна хаам Нохчийчуьрчу Грозненскан а, Гуьмсан а масех кIошташкарчу бахархоша.

Меттигерчу бахархоша дийцарехь, машен схьайоккхур ю бохуш, кхерамаш а туьйсуш, газах гулделлачу декхаран ах дакъа охьадилла декхаре бо уьш. Оцу юкъанна, ахча дала тIедожийна, дуьйцучу адресца бехаш, амма и хIусам долахь йоцчарна а.

"Iуьйранна, даим а санна, сайн дарбанна Соьлжа-ГIала ваха новкъаваьллера со, амма Петропавловскан шоссехь Iаьржачу барзакъца болчу наха сацийра со, кехаташ толлуш. Цаьрца хиллачу газан белхахоша 70 эзар сом декхар ду элира суна тIехь. Ас 10 эзар дIаделира, хIетте а машен схьаяьккхира соьгара", - дийцина 67 шо долчу пенсионеро Идриса.

Петропавловская олучу эвлара 26 шо долчу Заура хаамбира, патрулехь болчаьрца лелош гергарло хиларна аьтто хилира шен эвлара аравала аьлла.

"Газах 43 эзар сом охьадилла бохура соьга. Со кхеташ вац, стенгара довлу и терахьаш. Цхьана Лахьан-баттахь даланза ду тхо, вуьшта шен-шен рожехь дIалуш ма ду. Машен схьа ца яьккхира соьгара, накъоста гIо дира", - аьлла, тIетоьхна цо.

Мессенджерашкарчу группашкахь а яржийна аудиош, машенаш цIахь йитий арадовла, нагахь санна газах тIехьарчийна декхар делахь бохуш, дIахьедеш.

Нохчийчуьрчу кхелан пурстоьпийн федералан хьукмате велира Кавказ.Реалиин корреспондент, машенаш дIаяхарх лаьцначу информацина тIехула. Амма, хаамийн гIирсашца болх бечу коьртачу говзанчас Магомадова Рашанас жоп ца делира.

"Газпром межрегионгаз Грозный" компанин инстаграмерчу аккаунтехь а бина хаам бу, декхархой гучубохуш рейдийн барамаш болорах лаьцна. Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIедилларца, "ЖКХ-н декхар охьадилла сихо яйта барамаш" бу дIахьош, яздо хьукмато.

Публикацехь иштта хаамбина, "ца девлла цхьаъ дийриг хиларх" газах ахча схьадала дуьхьал хилахь, амма, ца хоуьйту, хIун барам дуьхьал боккхур бу.

2020-чу шарахь Куьрчала кIоштан полицин декъан куьйгалхо волчу Агуев Рустама тIедожийра шен куьйгакIел болчарна, некъан низамаш дохочаьргара машенаш схьаяха, машенлелорхой урамаш цIандан хIиттабе аьлла.

Масканаш ца лелочу машенлелорхошкара машенаш схьаяха аьлла, тIедиллира ковидца къийсам латточу оперативан штабан кхеташонехь парламентан спикеро Даудов Мохьмада стохка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG