ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь коронавирусан уьнах 7 дархо велла тIаьххьарчу дийнахь-буса


COVID-19 вирусах тIаьххьарчу дийнахь-буса кхелхина Нохчийчохь ворхI пациент. Махкарчу Роспотребнадзоран урхаллан пресс-гIуллакххоша бина и хаам, яздо Чечня Сегодня агенталло.

Динчу зерашца, карарчу шеран Марсхьокху-беттан 12-чу дийнахь ерриг а йинарг ю 1263867 тест, тIаьххьарчу 24 сахьтехь тестех чекхваьккхина 3454 стаг.

17509 стеган тест позитиве гайтина йоллу пандемин хеначохь, ткъа тIаьххьарчу дийнахь-буса 145 стаг къаьстина уьнца.

Дарба а хилла. Лоьрийн тергонера ваьккхина 13700 вахархо. Пандеми йолаелчхьана махкахь кхелхина уьнах 385 стаг. COVID-19 вирусца ву 3424 дархо.

  • COVID-19 вирусна дуьхьал махкара массо а баккхийчара вакцина яйта еза, 60 процентна тIехь совцийла дац аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Вирусах бахархой кIелхьарабаха цхьаъ бен боцу некъ бу иза, аьлла цо, яздора Новости агенталло.
  • Мангал-бутт юккъе баьллачу хенахь, нагахь санна бахархоша прививкаш ца яйтахь, шога дозанаш деттар ду" аьлла, кхерамаш тесира Кадыровс. Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада полицина а, динан урхаллина а тIедиллира, вакцинаци ян езаш хиларх бахархой кхетош, болх болабе аьлла.
  • Вакцинаци ярх карах тоьшалла доцуш, ярташка а ца дуьту шаьш, бохуш денна хаамаш бо Нохчийчуьрчу бахархоша. Шайн латкъамаш баржабо цара суьрташца а, видеошца а. Машенлелорхошка сертификаташ хоьтту бохург бакъ ца до республикеру некъан полицин урхалло.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG