ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь машенаш елла къорза береташ яьхначарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ставропол-махкарчу "Тамбукан" центрехь къорза береташ йохуш кху баттахь дIабаьхьначу къовсамехь тоьллачу Нохчийчуьрчу ОМОН-н командирна Бисаев Анзорна а, "Терек" СОБР-н командирна Лорсанкаев Сайдина а Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо совгIаташ дина Mercedes машенашца. "Новости" информацин агенталло бина цунах лаьцна хаам.

"Иза ший а тешамца къахьоьгуш схьавогIуш ву Нохчийчоьнан хьалхарчу президентан, Оьрсийчоьнан Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь. Бохор боцчу лаамо, доьналло, майралло гIо до царна шайн гIуллакхдарехь лаккхара жамIаш гайта. Къорза берет- спецназан тIемалочун сийлаллин лаккхара символ ю. Анзора а, Сайдис а тоьшалла дина, бIе процентана шаьшинна береташ кхачош хилар", - дIахьедина Новости агенталле информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада.

  • ГIадужу-беттан 17-чохь "Комсомольская правда" газетерчу журналиста Коц Александра социалан машанехь хаам бира, къорза береташ лелон бакъо къовсучу эскархойн ловзаршкахь, нохчий декъахь а болуш, дов иккхина, аьлла. ГIаш некъ бан безачу меттехь Нохчийчуьра бIаьхой машенашца финише дIакхачо болийра церан накъосташа, яздира журналисто.
  • Цхьамма яьккхина видео а яржийна Коца: гуш бу цу чохь эскархойн духаршлахь леташ бохку нах, ахбIе гергга. Некъа тIехула хаьвдда боьлху уьш. Царна тIекхочу Iаьржа машен, чуьра араиккхина стаг ву конфликт ерзош.
  • "Къорзачу беретийн "Витязь" дакъойн" ассоциацин куьйгалхочо Лысюк Сергейс шолгIачу дийнахь яьккхинчу видео чохь (ютьюб-канал War Gonzo, ГIадужу-бутт, 18) бакъ ца дира экзаменехь летта бохург, яьржинарг фейк ю, элира цо.
  • Американ Iедалша Кадыров Ахьмадан цIарах йолу Фонд "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь долчу санкцийн тептаре яьккхина. Адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал долийна ду и тептар Вашингтоно.
  • 2019-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондана пайда хилла 6,075 миллиард соьмана. Организаци масийттазза бехкейира, бюджетан белхахошка бертаза фонде ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма Нохчийчуьрчу Iедалша а, республикан дешаран министралло а харцдира иза.
  • Формалехь фондан куьйгаллехь ю мехкан куьйгалхочун нана Кадырова Аймани.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG