ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь куп тоьхначу дивизин эпсаро къинтIера довлар дехна украинхошка тIелатарна


Днепрехь дохийначу цIа чуьра нах арабохуш бу Оьрсийчоьнан ракеташ йиттинчул тIаьхьа, дечкен-бутт 2023 шо
Днепрехь дохийначу цIа чуьра нах арабохуш бу Оьрсийчоьнан ракеташ йиттинчул тIаьхьа, дечкен-бутт 2023 шо

Нохчийчохь куп тоьхначу дивизин взводан хиллачу командиро Евремов Константина дийцина "Би-би-си-га", йийсаре лецначу украинхойн салташка къиза хеттарш деш, царна тIехь Iазапаш хьегарх, армера шен дIаваларх а, Оьрсийчуьра вадарх а.

Ефремовс гайтина суьрташ а, тIеман документаш а теллинчул тIаьхьа, журналистийн тIечIагIдойла хилла 2022-чу шарахь чугIоьртинчу юьххьехь иза билггал Украинехь хилар – Запорожьен кIоштахь, иштта Мелитополехь а. Ефремов – оьрсийн эпсарех хьалхара ву диллина йийсархой аьшнашбарх дийца реза хилларг.

Лакхарчу лейтенанто дийцина Запорожьен кIоштара Каменка гIала шайн декъе балийначу украинхошка хеттарш дарх. Ефремов Константина буьйралла дечу декъана тIедиллинера "штабан тыл" Iалашйар. Хеттарш дийриг полковник вара.

"Цхьана дийнахь полковнико хаьттира йийсархочуьнга: "Хьайн полкера, взводера хьайна бевзачу националистийн цIе йаккха". КIант ца кхетара цуьнан хаттарх, тхо, боху цо, хIорданан пехота ю. Оцу тIехула полковнико йиттира цунна, масех церг а йоккхуш", - дийцина Ефремовс.

Цо бахарехь, полковнико масийттазза тапча хIоттийнера йийсархочун коьрта тIе. Кхаанна тIе кхаччалц дагардина, йолуьйтур ю ша тапча бохуш; дагардора, тIаккха уллох йолуьйтуш тапча кхусура. И деш лаьтташехь хеттарш дора цо цуьнга. Йийсархочо мохь хьоькхура, хеттарш ца хезара, хIунда аьлча гIовгIано къорвинера иза, - дийцина"Би-би-си-ца" къамелдинчо.

Цо билгалдаьккхина, кIиранах ницкъбора аьлла: "ХIора денна, йа буьйсанна, цкъацкъа дийнахь шозза а".

"Демилитаризацин" цаторийла хиларх а, иштта Украинана "денацификаци" йарх а Оьрсийчоьнан Iедалхоша шайн чугIортаран бахьанаш ду аьллера юьхьанца, билгалдоккху Свобода Радионо.

Ефремовс урхалла дина хилла Нохчийчохь минаш дIайохучу 42-чу дивизин взводан. Оцу даржехь веара иза аннекси йинчу ГIирме стохка чиллан-беттан 10-чохь Iаморашка.

"Цхьа а тешаш вацара тIом хир бу аьлла. Массарна а моьттура Iамораш ду. Лакхара эпсаршна а ур-атталла ца хаьара аьлла хета суна", - дIахьедина хиллачу эскархочо. Чиллан-беттан 27-чохь буьйр дира цунна а, цуьнан декъана а Украинехьа дIагIорта аьлла.

ТIаьхьо Ефремов ГIирме юхавеача, иза а, кхин а ялх стаг а эскарера дIавала гIоьртира: "Тхаьш куп тоьхна хиллачу хьуьнхара дIадахара тхо. Буьри-ГIалара сан доттагI веара суна тIаьхьа, цо дIавигира со".

Стигалкъекъа-беттан 27-чохь Ефремов, цо дийцарехь, Соьлжа-ГIаларчу тIеман декъе а веана, рапорт йаздира цо: "Со бехкевн буьйлабелира. Украинехь цхьа де а даьккхина боцчу наха кIилло а, ямартхо а ву хьо бехира соьга. Сайн лаамехь дIа ца валийтира со, даржехь вогIуш вац аьлла, дIаваьккхира со".

Гезгамашин-баттахь Оьрсийчоьнан президенто мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа, Ефремовс бахарехь, иза кхетара, Украинехь цкъа хиларна а, эпсар хиларна а, ша паргIат вуьтур воций. Gulagu.net бакъоларйаран проектаца зIене ваьлла, церан гIоьнца Оьрсийчуьра дIавахара иза.

"Доллу украинхойн къоме сайна гечдар доьху ас, герз карахь кхайкхаза хьаша хилла церан хIусаме варна. Ас далла хастам бо, сан карах цхьанна а зен ца дарна, цхьа а ас вийна цахиларна. Сайна зен ца хиларна а, хастам бо ас далла. Сан бакъо йац украинхошка къинтIера довла баха. Айса сайна а геч ца дало соьга, цара гечдийр ду аьлла, са а ца туьйсу. Суна цкъа а луур дац, оцу лартIахь доцчу гIуллакхехь хила, ас дакъалоцур дац", - дIахьедина Ефремовс.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло жоп ца делла "Би-би-си-но" хиллачу эскархочо чIагIдечун хьокъехь дахьийтинчу кехатана.

  • ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу офисо дIайаздина ду Украинехь тIом боьдучу заманчохь йийсархошца къизаллаш лелийначу меттигех лаьцна. Билгалдоккхура, организацин векалша 400 сов йийсарехь хиллачу эскархошка, украинхошка а, оьрсашка а хеттарш дина хиларх. Дуьненаюкъарчу эксперташа дIахьедира, шина а агIор йийсархошна ницкъбина меттигаш хаабелира шайна аьлла. "Нагахь санна украинхойн йийсархойн бакъонаш талхийна, Iазап хьегийтина, цаьрца вон хилла меттигаш юьстича, хIора йийсаре оьцучу муьрехь хуьлуш хIума ду и. Уьш чохь латторан хьелаш ледара хуьлу Оьрсийчохь, йа оккупаци йинчу Украинан кIошташкахь", - дIахьедора ООН-н Украинерчу мониторинган тобанан куьйгалхочо Богнер Матильдас.
  • Лахьан-баттахь Волгоградерчу 291-чу полкан 42-чу дивизера мобилизаци йинчийн хIусамнаноша а, йижарша а, наноша а видеокхайкхам бира Путине, Украинерчу тIеман хьалхарчу позицешкахь болу шайн божарий цIа бахкийта аьлла. Цара бахарехь, боллу мобилизаци йинарш тIамтIе дIабигинера лоьрашкара тоьшалла а доцуш, царех дукхаболчийн проблемаш йара могушаллица, заьIапхой лелош а бара уьш.
  • Стигалкъекъа-баттахь украинхойн талламхоша дIахьедира, 42-чу дивизин 70-чу гвардин полкан масех декъо дуьхьало йина тIамехь дакъалаца, шаьш Оьрсийчу дIадига аьлла, тIедожийна цара аьлла.
  • Охан-баттахь украинхойн тIемалоша хаамбира, Донецкан кIоштахь 42-чу дивизин 70-гIа полкан хьалхара тактикан батальонан тоба йохийна шаьш, дийна висина цхьа сержант Магомедов Гитиномагомед аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG