ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лечкъийна нах керлачу батальонашка дIабазбо Украинерчу тIаме хьийсо


Гайтаман сурт

Украинерчу тIаме хьажон Iалашонца керла йиъ батальонаш кхолла йолийна Нохчийчохь. Керла схьаэцначарах дукха кегийнах ницкъоша лечкъийнарш бу, уьш лаамаза батальонашка дIабазбо. Цунах лаьцна дуьйцу Украинан тIеман министраллин Коьртачу урхаллехь.

Лерринчу сервисийн хаамашца, дукхачу хьолехь буьйцурш нохчийн ярташкара бахархой бу – царна харц бехктакхаман гIуллакхашца, йа Iазапашца кхерамаш туьйсу, батальонашна юкъакхета дуьхьал хилахь.

Украинин ГУР-хь иза Оьрсийчохь тIом бан луучу нехан къоьлла хилар санна кхета. Масала, хаам бо, Москвара тIеман комиссаритийн белхахошна омра делла, Узбекистанан, Таджикистанан, Кыргызстанан а бахархошна агитаци ярца – боху, царна Оьрсийчоьнан бахархойн паспорташ хьехна царна, тIаме баха кийча хилахь.

Мангал-беттан 26-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира керла батальонаш кхолларх лаьцна – "Север-Ахмат", "Юг-Ахмат", "Запад-Ахмат", "Восток-Ахмат" а. Церан чоьте къаьсттина нохчий бен оьцур бац, бохуш дуьйцура. ТIаьххьаре а "Север-Ахматан" декъашхойн терахь полкан тIегIане кхачалц шордира – цига юкъа ийцира Нохчийчоьнан МВД-н патрулан-постан сервисан а, сиха реакци яран тобанан а белхахой, царал сов, рогIерчу нехан духар доьхнарш бара полкан дIахIиттаршкахь гуш. Хетарехь, уьш шайх лаамхой олурш бу.

Украинера юхабаьхкина лаамхой "Север-Ахмата" юкъаэцна хиларх, юкъаэца кечлуш хиларх а тIечIагIдира шен доларчу телеграм-каналехь Воложанин Алейксандра. Гуьмсарчу спецназан университетехь кечам бина цо, Северодонецкана оккупаци еш дакъа а лаьцна.

  • Кавказ.Реалиино масийттаза хаам бора, лаамхойн тобанаш шайх олуче нуьцкъаха меттигера нах дIабазбарх лаьцна. Цунах лаьцна дIахьедора масех нохчийн бакъоларъяран вовшахкхетарша а, блогерша а - Украинина дуьхьал тIаме хьийсорхьама лечкъочу меттигерчу бахархойх лаьцна хаамаш кхочу цаьрга сих-сиха. Иштта лачкъийначу цхьанна, Эна-Хишкарчу вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло, Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа набахте, шаьш айдинчу гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду хьо аьлла. ТIамтIе ваха реза хиллера иза, цигахь вийна.
  • Охан-баттахь Туркойчохь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Халитов Хьасана хаам бира, шен Нохчийчуьра цхьаволу ваша нуьцкъаха Украинерчу тIаме хьажорах лаьцна.
  • Балхахь боцчу Нохчийчуьрчу божаршна военкоматан белхахоша тIедожийна кехаташца жоьпаш яздан, хIунда ца лаьа царна ницкъаллин структурашкахь белхаш бан, йа Оьрсийчоьнан тIеман министраллин эскаршкахь хила. Иштта аудио дIасакхоьхьуьйту мехкан бахархошна, нохчийн хьаькамашлахь хьосташа бакъйина информаци Кавказ.Реалиина.
  • Гуьмсара спецназан университет карарчу хенахь Оьрсийчоьнан ерриг регионашкара лаамхой шайх олучарна Украинерчу тIаме баха аьтто луш йолчу кхаа меттигех цхьаъ ю. Кадыров Рамзана дIахьедора, хIора кIирнахь университето тIамна 200 гергга "лаамхо" кечварх лаьцна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG