ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь мобилизаци юхаяьккхина яц – Кадыровн пресс-секретарь


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Пачхьалкхан ЧГТРК «Грозный» телехьожийлана еллачу комментарихь Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Вахидов Iилмана дIахьедина, Нохчийчохь мобилизаци юхаяьккхина боху хаамаш баржийнарг "Оьрсийчоьнан а, йа махкара вайн зорбанан гIирсаш бацара", "оппозицигахьа бирзина гIирсаш а, телеграм- каналаш а яра" аьлла.

Вахидовс бахарехь, "мобилизаци юхаяккха хьакъ ву, иза кхайкхийнарг – Лаккхара Коьрта буьйралла дийриг,- регионашкахь "шайггара тIерайккхийла дац". Вахидовс чIагIдо, "ма-дарра дийцича", гезгамашин-беттан 22-чохь мобилизаци дIахьур яц, "цаторийла яц кхин тIе а бахархой тIекхийкха" аьлла, дIахьединчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо бохург дара, "хIара процесс тIе а кхачале дуьйна махкахь тоъал дуккха а эскархой вовшахтоьхна хилар".

Вахидов Iилмана тIетуьйхира, Украинерчу тIамехь дакъалаьцначу нохчийн тIемалойн терахь "масех эзар стаг" ду, квотел а шиъ ах лакхара ду иза а. "Мобилизаци йинарш бу, уьш дукха бу, нагахь санна, оьшуш хилахь, кхин а тIекхайкха а бу", - дерзийна цо къамел.

  • "Леррина тIеман операци" дIаяхьарца доьзначу хеттаршкахула гулйинчу оперативан штабан кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, республикехь мобилизаци хир яц аьлла. Украинехь тIом боьдучу юкъанна республико "план тIехсов кхочушйина", аьлла кхетийра цо. Регионан куьйгалхо вистхуьлуш репортаж гайтира ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан сарахь болчу хаамашкахь.
  • Гезгмашин-беттан 21-хь Оьрсийчоьнан Президента Путин Владимира махкахь юьззина йоцу мобилизаци дIакхайкхийра, ишттачу омрана кIел куьйг а яздира. ТIеман министра Шойгу Сергейс дIахьедира, "юьззина йоцучу мобилизацица" догIуш, 300 эзар стаг дIакхайкха Iалашо ю, амма "Новая газета. Европа" зорбано президентан Администрацина тIе а тевжаш хаамбо, президентан омран кхъайлахчу пунктехь магийна ду миллион стаге кхачалц нах эскаре дIагулбан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG