Нохчийчохь Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш лечкъорна а, иштта йоллу Оьрсийчохь бакъонашларъярхошна Iаткъам барна а дуьхьал акци дIаяьхьна нохчийн диаспоран векалша Норвегин парламентана хьалха Ослохь тахана. Де хьалха бен хаам бина ца хиллера барам хIоттош хиларх, цундела дукхахболчу жигархошна тIаьхьо бен ца хиънера цунах лаьцна. Майданахь вовшахкхеттера 50 гергга стаг.
Норгийн маттахь йозанаш тIехь долу плакаташ дара гулбеллачийн карахь: "ГIо лаца вай "Мемориалан", "Сацайе киднеппинг а, зударий хьийзор а!", "Магнитскийн низам Путинна а, Кадыровна а дуьхьал".
Оцу кепара бистхилира гулбелларш "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристан Янгулбаев Абубакаран а, блогеран Абдурахманов Тумсон а, "Вайфондан" куьйгалхочун Садулаев Мансуран а, кхинболчийн а гергарнаш лечкъорна дуьхьал.
Иштта протест кхайкхо коьртачех тема яра цигахь бакъоларъяран "Мемориал" центр а, "Дуьненаюкъара Мемориал" организаци а дIайохор а.
"Дуккха а шерашкахь адаман бакъонашкахьа къийсам латтийна "Мемориало", цо гIо дина иштта Нохчийчуьрчу бахархошна а", - дIахьедина Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь, Ослохь хIоттийначу акцехь дакъалаьцначу "Мысли Ислама" ютуб-канал лелочу Белокиев Ислама.
Лечкъийна нах ГIуран-беттан 21 -25-чу деношкахь, буьйсанашкахь ерриг а Нохчийчухула. Доьзалца шен зIе хаьдда хилар журналисташна хаийтинчех хьалхарниг вара Турцехь веха блогер Халитов Хьасан – шен да а, ваша а вен кхерам бу, бохура цо. Гергарнаш шен а, шен зудчуьн а бовдийна, хаам бира оппозицехь волчу блогера Абдурахманов Тумсос а.
ГIуран-беттан 23-чохь шен куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш лачкъорах лаьцна хаам баржийра адмийн бакъонаш тергалъечу "Вайфонд" цхьанакхетаралло. Оццу дийнахь вайра Германехь вехачу Human Rights Center Ichkeria ("Ичкерин адамийн бакъонийн центр") директоран Арцуев Асланан виъ гергара стаг. Даймахкахь бисинчу шен гергарчарна гIело еш хиларх лаьцна орца кхайкхийра Германерчу блогера Мализаев Микаила а.
Денош хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийна, царна чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна видеоматериалаш яржийра махкарчу телегойтийло шен эфирехь а, инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.