ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь нах лечкъорна тIехула Путин Владимире кхайкхам бина бакъоларъяран юкъараллаша


Путин Владимир
Путин Владимир

Оьрсийн а, дуьненаюкъара а юкъараллаш, шайлахь Human Rights Watch, Norwegian Helsinki Committee, Amnesty International, International Federation for Human Rights, Iазапашна дуьхьалояран Комитет, арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал" а, "Гражданское содействие" а йолуш, президенте Путин Владимире бевлла. Цара дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш байначу баттахь Нохчийчохь лечкъийна хиларх, тIедожийна Нохчийчуьра репрессеш хIуъа дай сацайе аьлла, яздо Кавказ.Реалиино.

"Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллин органаша бакъ ца до, лечкъийна нах шайгахь хилар. Делахь а, цигара нах лечкъорах жоьпалла, мехкан урхалхочунна Кадыров Рамзанна муьтIахь йолчу ницкъаллин структурашна тIехь ду ала билггал бух бу", - аьлла ду бакъонашларъяран дIахьедарехь.

Цара дагадоуьйту, Оьрсийчоьнан Федерацин субъект Нохчийчоь хилар, ткъа цуьнан куьйгалхо Оьрсийчоьнан президентан куьйгакIел ву аьлла. Цундела нохчийн хьаькамо лелочух жоьпалла Путинна тIехь ду, боху бакъонашларъярхоша.

Кхайкхаман авторшна хетарехь, цхьангара цхьаъ далахь цIийнах мел верг жоьпе озош, Кадыровн политикан критикаш совцо гIерта практика йолу дикка хан ю Нохчийчохь. Бакъоларъярхоша кхойкху, "и зуламаш дан омра динарг а" цхьана, бехке мел верг таIзаре хIоттор, уьш муьлххачу даржехь белахь а, нийсонан кхелан низамашца а догIуш".

Лечкъийра нах ГIуран-беттан 21 -25-чу деношкахь, буьйсанашкахь ерриг а Нохчийчухула. Доьзалца шен зIе хаьдда хилар журналисташна хаийтинчех хьалхарниг вара Турцехь веха блогер Халитов Хьасан – шен да а, ваша а вен кхерам бу, бохура цо. Гергарнаш шен а, шен зудчуьн а бовдийна, хаам бира оппозицехь волчу блогера Абдурахманов Тумсос а.

ГIуран-беттан 23-чохь шен куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш лачкъорах лаьцна хаам баржийра адмийн бакъонаш тергалъечу "Вайфонд" цхьанакхетаралло. Оццу дийнахь вайра Германехь вехачу Human Rights Center Ichkeria ("Ичкерин адамийн бакъонийн центр") директоран Арцуев Асланан виъ гергара стаг.

Даймахкахь бисинчу шен гергарчарна гIело еш хиларх лаьцна орца кхайкхийра Германерчу блогера Мализаев Микаила а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристан Янгулбаев Абубакара а дIахьедира, шен ден а, ненан а агIора 40 гергга стаг дIавигарх лаьцна.

Нах лецале хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийра, царна чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна хилла видеоматериалаш гайтира меттигерчу телехьожийлехь, яржийра инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.

Нохчийчохь нах лечкъийна хилар лач хьахийра Кадыровс йоьдучу пресс-конференцехь, амма тIе ца дитира цунна юкъара ша хилар. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, и нах идорна тIехьа хила тарло, "блогерша а, бакъонашлархъярхоша а вас йина нах". Амма цIерашца а, масалшца а ца бийцира цо ша хьахийна нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG