ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь наркологашкара лазархойн тептарш схьадехна полицино - уьш тIамтIе бахийта хьийза

Кадыров Рамзан а, Айдамиров Дени а
Кадыров Рамзан а, Айдамиров Дени а

Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхарчу гIовса Айдамиров Денис тIедожийна наркологин центрашна, стохка дуьйна шайн чоьтехь болчу меттигерчу бахархойн тептарш полицига дIало аьлла. Цунах лаьцна тхан редакцига дийцина махкарчу хьасто. И хаам тIечIагIбина ишта редакцин шолгIачу хьасто а - регионерчу бакъоларйаран органашкара хьасто. Цо дийцарехь, цIераш вовшахтухуш йу, и нах Украинана дуьхьал тIамтIе хьийсон Iалашонца.

Тхоьгарчу хаамашца, Айдамировн тIедиллар дIасадаржийна дахначу кIиранах кехатна куьйгаш а йаздойтуш. Кехат кхаьчна Соьлжа-ГIаларчу наркологин центрашка; кхечу гIаланашка а, кIошташка а и кехат кхаьчнийла, хууш дац. Лоьрашна тIевахар, оцу нехан цамгарх лаьцна даржон бакъо йац, иза лоьрийн къайле хила йезаш йу Оьрсийчоьнан низамашца. Лазархочуьнгара бакъо йоцуш цхьа наггахь гIуллакх Iоттаделча бен и къайле йаста йиш а йоцуш.

Айдамиров – Кадыров Рамзанан хIусамненан вешин кIант ву. Чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс хIоттийра иза 2023-чу шарахь, ткъа оццу шеран мангал-баттахь полицин инарла-майоран чин делира цунна. Иза бехкевора нах лечкъорна а, царна тIехь къизаллаш лелорна а. Нохчийчуьра ведда хиллачу Дадаев Ризвана дуьйцура, "гейш латточу набахтехь" валлийра ша, шена тIехь ницкъбинчарлахь Айдамиров а вара аьлла.

2024-чу шеран гIадужу-баттахь Кадыровс кхерамаш тийсира, махкара къепе йохийнарш, иштта йихкинчех молханаш мелла, машенан урхалла дийриш а, ша тIом бан хьийсор бу аьлла. Кху шеран товбеца-баттахь "Новая газета Европа" хьасто йаздора, кIошташкарчу полицин дакъошна тIедожийна, хIора баттахь тIеман министраллица 25-на тIера 50 гергга стаге контратктана куьйгаш йаздойтуш, нах вовшахтоха аьлла. Хьалхо Кавказ.Реалиино а хаамбира, Нохчийчуьра маларх кхетта, йа наркотикаш лелош болу бахархой бертаза тIаме хьийсош бу бохуш.

  • Лахьан-баттахь Кадыров Рамзана кхерамаш тесира Оьрсийчоьнан регионашкахь бехачу республикера бахархошна, нагахь санна, церан лелар Iедалхоша "товш доцчу" агIор нислахь, уьш Украинана дуьхьал тIом бан хьовсор бу ша аьлла. Редакцино листира, и цуьнан дешнаш хIун маьIна долуш ду а, нохчашна цу дIахьедарх лаьцна хIун аьлла хета а.
​
XS
SM
MD
LG