ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчохь низамех лаьцна дийца оьшуш дац". Бакъоларъярхоша - Мусаева Заремина тIехь кхел йолорах лаьцна


ЯнгулбаевгIеран доьзалхойн суьрташ ду Соьлжа-ГIалахь цIергахь дагош, чиллан-беттан 2-гIа де
ЯнгулбаевгIеран доьзалхойн суьрташ ду Соьлжа-ГIалахь цIергахь дагош, чиллан-беттан 2-гIа де

Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIоштан кхелехь Товбецан-баттахь, дийцина ма-хиллара, Мусаева Заремина тIехь кхел йолалур ю, кхелахо лаьттина волчу Янгулбаев Сайдин зудчунна, бакъоларъярхойн Абубакаран а, ИбрахIиман ЯнгулбаевгIеран нанна тIехь. Диабетах а, кхин а цхьамогIа лазарех а бала хьоьгуш йолу Мусаева Зарема бехкейо, ша Нижний Новгородера Нохчийчоьнан коьртачу гIала нуьцкъаха схьаялийча, полисхочунна тIекхетта, ницкъ бина, бохуш. Бакъоларъярхошна оцу хьолах лаьцна кхеташ ду: Кадыров Рамзанан йийсархо хилла Мусаева Заремах, цуьнан кIенташа лелочу оппозицин гIуллакх бахьанехь.

Зуламан хронологи

Дечкен-беттан 20-чохь, Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша Мусаева Заремин петар чу а лилхина, нуьцкъаха Соьлжа-ГIала дIийигира иза, теше санна хеттарш дан. ДIалоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетам чуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.

Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг боккхуш лаьттара цо". Лачкъийна ши кIира даьлча бен дуьххьара Мусаева Заремина тIекхача аьтто ца белира адвокатан. Чохь латто сацам беш кхел йоьдучу юкъанна Мусаева кхетамчуьра яьлла яра.

Федералан кхелахочун хIусамнана кадыровхойн хьийзо йиш ялахь, тIаккха кхана цара и полисхой, а прокурораш а дIалоьцур бу

Дуьххьарчу дийнахь дуьйна федералан кхелахо лаьттинчун зуда, нохчийн бакъоларъярхойн нана лачкъорах лаьцна истори резонансе хилира. Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс хилларг фантастика ю элира, дIахьедира, Кремлехь "цунах ца теша". ТIаккха ЯнгулбаевгIар терроризмана бехке а беш, дина зевне дIахьедарш Кадыров Рамзанна хетарг ду элира – цунна цхьа а тоьшалла дина дац хIинца а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо, ма-дарра аьлча, Мусаева лачкъор цуьнан кIенташа оппозицин канал лелорца дуьйзира, амма цуьнан къамелаш вуно тешаме дацара, билггал бакъонийн дозанаш хедадора цара. Лачкъийначун цхьаволу кIант, Янгулбаев ИбрахIим, баккъала а ву 1ADAT оппозицин боламца воьзна, амма цуьнан нана а, кхинболу гергарнаш а цхьанне агIор боьзна бац цуьнца.

Дуьненаюкъарчу тIегIане елира скандал: Американ пачхьалкхан департаменто зорбанашна лерина дIахьедар арахийцира, Нохчийчуьра Iедалхоша иттанашкахь нах, шайн декъехь даймахкара дIабахначу оппозицихойн гергарнаш а болуш, дIалецарх, лечкъорах лаьцна болчу хаамаша сингаттамехь латтабо шаьш, аьлла. ДIахьедарехь къастийна хьахийна Мусаева Зарема.

ЕСПЧ-но Оьрсийчоь декхаре йина хIора шина кIирнахь Мусаеван могушаллин хьолах лаьцнарг шайна довзийта. Кхелан регламентан 39-чу низамца а догIуш тIеэцна и барам, цунах пайда оьцу къаьсттинчу меттигашкахь, стеган дахарна а, могушаллина юхатоха йиш йоцу кхерам лаьттачу хенахь.

Мусаева Заремина тIехь кхел яле хьалха Кавказ.Реалиис бевзаш болчу нохчийн бакъоларъярхошка а, иштта лачкъийначун кIанте а хеттарш дира, иза дIалацарца йоьзна истори оццул резонансе хIунда хилла, иза Нохчийчоьнан куьйгалхочун зорбанера эшам бу ала йиш юй, гражданскан юкъараллин йиш хир юй йолалучу кхеташонна тIе Iаткъам бан.

Нохчийн бакъоларъярхо Титиев Оюб, керла кхоьллинчу "Мемориалан" белхахо

- Мусаева Заремин истори Нохчийчоьнна дуьххьара яра. ХIунда аьлча республикехь, ерриг Кавказехь а, божарша динчунна дуьхьал ненаца тIом лелор эхье лоруш ду. Цул сов, цо резонанс гIатторехь цхьа бахьана хилла иза, хIунда аьлча наханна ца лаьа ишттачу зуламна къера хила.

ХIинца оцу гIуллакхех лаьцна [федералан зорбанашкахь] дуьйцуш а дац, ерриг ойла Украинехь хуьлучунна тIейирзина ю. Цундела Кадыров Рамзана зорбанехь эшна ала ца хIутту со. Амма моралан агIор – хила мега. И хилам еххачу хеначохь Нохчийчоьнан бахархойн иэсехь буьссур бу, эхье хилам санна.

Суна хетарехь, Мусаева Зареман кхел йиллинчу кепехь хир ю, амма низамехь хир ю бохург хьехо а ца оьшу. И бехктакхаман гIуллакх гIатторо а гойту и дерриг низамца догIуш ца хилар. Тхан, бакъоларъярхойн, цхьанне агIор аьтто ца кхочу и гIуллакх низамехь чекдалийта.

Низам лардаран гарант ю бохучу Кремло республикан бахархойн бакъонаш ца ларйо. Кхин механизмаша Нохчийчохь болх ца бо. Со тешна ву, и гIуллакх бакъонца листар - иза хила йиш йоцург ду, республикехь санна, ерриг оьрсийн кхелашкахь а.

Звягина Наталья, дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Amnesty International организацин оьрсийн декъан директор

— Ах шо ду Мусаева Зарема Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латтош. Цхьа а бух боцуш шен хIусамера дIайигина йийсархо иза хилар хууш ду массарна а.

Цуьнан истори – нанна тIе Iаткъам а бина, цуьнан кIант-бакъоларъярхо дIасацон гIертарх лаьцна истори ю, - дерриг дуьненчуьра наха доглазамца тIелоцу иза. Амма тIе куьйг дахьа йиш йоцучу кхелахойн чкъорана а и истори гайтаме ю. Низам, бакъонаш Оьрсийчохь массарна хьокъехь цхьатерра болх беш ца хилар гойтуш маьIна ду цуьнан.

Кхелахочун статусо а, леррина кхерамазалле йолу бакъоно а кIелхьара ца воккху, хьайчул а чехка "Гелендвагенаш" а йолуш, кIоштехь шен долара ницкъахой болучу нахах. Шайнаш дIа ца тоссу бохурш муьлххачух дIахада йиш ю, цхьаъ хуьлушехь.

Суна гарехь, "корпорацино" (дуьйцург оьрсийн Iедал ду. – билг.) шен дозанаш чIагIдан а, юкъагIерта магийна барам билгалбаккха , ша кIелхьараяла а меттиг ца буьту. Иза оцу хьолана юридикан хьежам бац, делахь а, Мусаеваца хуьлург дозанал арадаьлла.

Кхелахочун доьзална 1уналла даран Iалашо низам лардаран хьукматашкара бакъларъярхошка йирзина. Зареман гIуллакхехь рогIера инстанци – иза къастийначу доьзална хьокъехь "корпорацин" ницкъийн барам дIанисбан а, бакъо метта хIотторан аьтто бу. Суьдхойн юкъараллин меттана сой хилча, ас и аьтто дIатоссур бацара.

Хабибрахманов Олег, "Iазапнашна дуьхьало яран Тобанан" куьйгалхочун гIоьнча

– Нах лечкъор Нохчийчохь дукха хенахь дуьйна рогIера ду. Йиисинчу регионашкахь иштта меттигаш хуьлу, амма дукхазза кIезга. Цундела Кадыровхой стаг дIалацархьама кхечу регионашка бахча, цо массо хенахь резонанс ойъу. ХIунда аьлча, кхечу регионашкара бахархой оцу тайпачух боьлла бац, шаьш цхьажимма а низамо лардеш хета царна.

ШолгIа фактор – ницкъахой дукха чIогIа бIоболарца федералан кхелахочун петар чу лилхира. Низамо маггане ца магдо кхелахочун тIе куьйг ца дахьарца йоьзна бакъо хьаша. Муьлхха а кхечу полисхочо, кхелахочун кехат гича, кхин хIумма а дийр дац, цуьнца гIуллакх долор дац. Цара [нохчийн ницкъахошна] ур-аттала юхаберза ойла а ца йина. ТIаккха со ["Iазапашна дуьхьало латточу Командан" куьйгалхочуьнца] Бабинец Сергейца теш хилира, герз кара эцна волчу бархI белхахочо вуно шогачу кепехь федералан низам хьоьшаран – низамна тIе шеташ етта кийча бара уьш.

Гайтаме ду, Мусаева Зарема вуно чIогIа дуьхьала яра шен кIентарша жигаралла лелорна, къаьсттина иза, инсулинах йоьзна йолу нана, набахте кхаьчна. Суна хетарехь, иза [лаьцна латтор] йийсархочун кепехь ду, амма иза ша кадыровхошна оьшуш йоцушехь. Цуьнан лазар бахьанехь, баккъала а набахте хьажон йиш яц иза – оьрсийн низамехь оцу тайпа бIостане нисделларг ду: стаг колоне хьажон йиш яц, амма СИЗО чохь беттанашкахь латто йиш ю.

Вайн кхелаш, вайн прокуратура, вайн полисхой бIаьргаш дIакъийла буьйлабелла кадыровхоша низамаш хьешарна. Iедална ма-ярра карт-бланш ю иза. Уьш ца кхета, оцу тайпа харцо лелор го боккхуш санна дух-духа нисло, шен барамашкахь шорлуш. Тахана федералан кхелахочун хIусамнана кадыровхойн хьийзо йиш ялахь, тIаккха кхана цара и полисхой а, прокурораш а дIалоьцур бу. Иштта уьш шайн кхерамазаллех бовлу.

Дагадоуьйту, Мусаева Зарема дIалацале Пятигорскехь цуьнан кIант Янгулбаев Абубакар дIалецира, амма хеттарш а дина дIахийцира иза. Амма нохчийн ницкъахой дукха дика кхетара, цуьнан карахь кеман билет хилар, тIаьхьо цо цунах пайда а ийцира. Хетарехь ЦIоьнртарарчу бIаьвнашна – Кремлан бIевнашца аналоги – кхетта, коьрта турпалхо карар ваьлла хилар, тIаккха милла а дIалаца сацам бина цара.

Мусаеван гIуллакхна тIехула хилла хаамийн тулгIенах эшний Кадыров? Муьлххачу метте дIа а вахана, шен луург лело кийча волчу хьолан ден васт кхуллура цунна зорбанаша. Кадыровн ша а хета оцу кепехь, амма ша эсала гайта гIерташ хьийза иза. ТIаккха тхан, бакъоларъярхойн, кхин аьтто ца хили и хьал тхагхьа дерзо. Тхуна иза зен ду.

Хетарехь, Кремло цхьадолу жамIаш дина хIинцле. ХIунда аьлча, эзарнашкахь наха ЯнгулбаевгIеран суьрташ дагош Соьлжа-ГIалин юккъехь лелийнарг (юьйцург ю чиллан-беттан 2-хь хилла митинг. – билг.) цIаьххьана Владимир Владимировична буьйсана Нохчийчоьнан социалан-экономикан хеттарш дийцаре дан лиира – Кадыров Москва вахара. ШолгIачу дийнахь республикан официалерчу нехан Мусаева Зареман историх лаьцна муьлхха а дIахьедарш севцира. ХIинца аса ойла йо, чиллан-беттан чакхенгахь кечбечу хиламашца доьзна хила тарло иза дIакхайкхар, цигахь Кадыровга къаьстина роль а кховдош. Такъа иккхина сканал оьшуш ца хиллера цигахь.

Бакъоларъярхо Янгулбаев Абубакар, Мусаева Заремин кIант

– Наха сих-сиха хоьтту, нана дIахецний? "ХIан-хIа", аьлла жоп делча, уьш цец буьйлу. Опоозицин а, бакъоларъяран а гIуллакхашца иза йоьзна ца хилар гуш хилча, иза дIа стенна ца хецна, аьлла хета царна. Харц кхоьллина юридикан бух бу иза, йийсархо санна иза латторхьама, пачхьалкхан террор олург ду-кха иза, Iедало бакъонашларъярхошна тIе Iаткаъам барехь зуламаш лелочу хенахь. Иза леладо пачхьалкхо ша дийна йиссийта.

Арахьара бакъоларъярхой а цец буьйлу, хIунда, стенна оьшу Кадыровна оццул беттанашкахь зуда йийсархо санна латтор, кхин тIе цуьнан чуйолла ца магош йолу цамгарш хилча. Хьалхарчу а, шолгIачу а категорешна и хьолан дахдалар маьIна а, бахьана а доцуш хета. Амма со тешна ву, оцу тайпа хьежамаш а, мах хадор а сонта, харц а ду.

Кадыровс нана лачкъор цо хIиллаца кечйина хиллачу планашца доьзна дац, цуьнан шайтайпанчу амалца доьзна ду

Кадыровх а, цунна кIелахь йолчу Нохзчийчохь а (ткъа Нохчийчоь цунна кIелахь ю) дика кхета оьрсийн бакъоларъярхой, къаьсттина цигахь болх беш хилларш. Верриг ца кхета, амма къаьсттина республикехь адамийн бакъонашца долу хьолана тIехь хьоьжург кхета. Царна дика евза къоман шатайпаналла, Кадыровн а, цуьнан гонан психотип теллина цара.

ТIаккха, тIаьххьарчара боху, со цаьцра реза а ву, Кадыровс нана лачкъор цо хIиллаца кечйина хиллачу планашца доьзна дац, цуьнан шайтайпанчу, лакхарчу эмоционалан хьекъалца къаьсташ йоцучу амалца доьзна ду. Доцца аьлча, цо ФСБ-ца, ур-атталла нижегородскан МВД-ца барт ца бинера, иза эмоционалан чурвийлар а, импровизаци а яра.

Кадыровс ницкъ лелабо къаьсттина гIора доцучу наханна дуьхьал. Кхин дIа Кремло цуьнан зуламаш низамехь хилийта сацам бина, нанна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх а доккхуш, юридикан бух тIехь иза йийсархо лацар санна ца хилийта. Украинера зуламан агрессиве тIом "леррина операци" дешнашца къайлабаккха гIертар санна ду.

Суна хетарехь, нанна тIаьххьара а маьрша хир ю. Оцу тIехь шеконаш яц. Амма хаттар – маца. Оцу кхелан системехь нанна сагатдийраш дуккха а бу, делахь а, уьш а бу Кадыровн йийсархой, буьззинчу барамехь цуьнан испульсиван синхаамех боьзна а болуш.

***

СИЗО чохь Мусаева Заремина оьшуш долу молханаш дIакхачадо, амма уьш латториг лоьрийн санитаран дакъа дац, арахьара рогIера нах бу.

Кадыров Рамзана ца лечкъадо Мусаева Зарема дIалацаран бахьанаш – цо бахарехь, ЯнгулбаевгIеран доьзал оппозицин 1ADAT боламца боьзна бу. Дечкен-беттан 21-чу дийнера 24-че кхаччалц Нохчийн Республикан куьйгалхочо оцу темина лерина 10 текст а, видео а арахийцира шен телеграм-каналехь. Чиллан-беттан 1-хь пачхьалкхан думан депутата Делимханов Адама дIахьедира, "дийнахь, буьйсанна, ницкъ, хьал, тIаьхье ца кхоош" ЯнгулбаевгIарна тIаьхьбевлла хьийзар ву ша.

Зазадоккху-баттахь хиира, Янгулбаев террорхойн а, экстремистийн а тептаре вазвина Росфинмониторинго 11741-чу номерца. Цул а масех бутт хьалха Роскомнадзоро Оьрсийчохь блок туьйхира 1ADAT боламан интернетерчу гIирсашна. Иза дира Соьлжа-ГIалин Заводскойн кIоштан кхелан сацамца. "Кадыровн зуламе раж" цIе йолу арахецрш ду аьлла Нохчийчоьнан прокуроран гIовсо иза дIакъовларан бахьанех цхьаъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG