ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь рейдаш йу: полицин лерринчу полкан командиро "чохь ца совцахь" шаьш хIаллакдийр ду шу аьлла, кхайкхамбина бахархошка

Чалаев Замид
Чалаев Замид

Республикера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин лерринчу полкан командиро Чалаев Замида кхайкхамбина меттигерчу бахархошка, шайн машенахь нах дIаса а ма бига, буса шайн чохь а Iе аьлла. ДIахьедар тергал ца динчарна "кхел йоцуш, таллам боцуш, герз тухур ду" аьлла цо. Тхан редакцин хьасташа дийцарехь, Соьлжа-ГIалахь полицина тIелатар ду кечдеш бохуш, даьржина дуьйцу, цундела ницкъахоша рейдаш йу дIахьош.

Шинарин дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Ахматан кIоштахь (Ленинскан) дийнахь талламаш бина, хаамбина редакцин хьасташа. Цара бахарехь, полисхой къаьсттина буса ха деш лаьтта. Махкахь кхечу йарташкахь рейдаш дIахьош йуй, хууш дац. Устрада-ГIаларчу тхан хьасто рейдаш хиларх хаам тIе ца чIагIбира.

Де хьалха полицин лерринчу полкан командиро Чалаев Замида шен инстаграмехь масех кхайкхам зорбане баьккхира. Буьйсанна шайн чохь Iе, бохура цо бахархошка.

"Нагахь санна, буьйсанна цхьаммо хьан керта а веана ша цхьанхьа вигахьара алахь, ког ара ма баккхалаш. Нагахь санна, аша хIара къамел лергах ца ухьий, оха жоп доьхур ду шуьгара. "И суна вевзаш вара", "цо аьлларг ца дан бIегIийла ца хийтира" бохуш бехказадийла гIертарх гIуллакх хир дац. Нагахь санна, и стаг оха дIавуьгий, кхел а, таллам а боцуш, цунна топ тухур йу. Оха шу ловзор дац. Тахана Нохчийчохь йолу маршо цхьанхьа а йац. Эзарнаш кIенташа шайн синош дIаделла хIокху маршонехьа, цундела Нохчийчоь оха шуьга ловзайойтур йац. Шаьш дайъа ца лаахь, шайн чохь Iе", - дIахьедина Чалаевс.

ГIадужу-беттан 19-чохь республикехь массо а меттигашкахь дIахош рейдаш йу аьлла, дийца даьккхира нохчийн оппозицин Niyso телеграм-каналан жигархоша. Церан хаамашца, ницкъахоша мел лахара а ши стаг лоьхуш ву тIелатар кечдеш вара аьлла, царах шеконаш йолуш. Нохчийчоьнан дозанехь а ха чIагIдина, талламаш дIахьош бу Гуьмсехь а, дIахьедира боламехь. Информаци кхечу хьасташкахь цкъачунна бакъйина йац.

  • Официалехь йоцчу информацица, гезгамашин-беттан 7-чохь Нохчийчохь уьрсаца тIелеттера меттигера вахархо полисхошна. Гуьмсехь тIелата кечлуш бу аьлла, шайн йешархочунна а, оппозицин жигархочунна а тIетевжина, хаамбира "Кавказский узел" интернет-гIирсо а. Жигархочо бохура, тIелеттачун когах чов йина, иза дарбанан цIийне охьавиллина, ткъа цуьнан гергара нах "лачкъийна бигина, уьш лебеш бу" аьлла. Кхечу хаамашца, полицин цхьана-шина белхахочунна а йинера чевнаш.
  • 2025-чу шеран охан-баттахь ТIехьа-Мартанара вахархо уьрсаца тIелеттера некъан полисхочунна. Иза вийра. Полисхойх цхьаъ кхелхира йинчу чевнех дарбанан цIийнехь. Ши де даьлча тIелеттачун дакъа администраци хьалха хIоттийначу митинге деара. Iедалхоша тIедожийра, цигахь школера бераш а, хьехархой а, пачхьалкхан хьукматашкара белхахой а цхьана хилийта аьлла.
  • 2024-чу шеран гурахь Нохчийчохь "зачисткаш" йолийра, Росгвардин коврана тIелатар динчул тIаьхьа. ХIетахь шиъ эскархо вийра. Бакъонашларйархойн хаамашца, Грозненскан кIоштахь лецира "бIе стаг". Полицин дакъошкахь цаьрга харжам бе элира: Украинана дуьхьал тIамтIе, йа шаьш дуьхьал даьккхинчу гIуллакхца набате доьлху шу аьлла.
​
XS
SM
MD
LG