ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIамана аьлла Китайн дронаш эцна. Арахоьцучо доьхкура уьш Украинехь лелон


Кадыров Рамзан а, Китайн DJI Maviс 3 Enterprise дрон а. Кадыровн телеграм-каналера видеон йина скриншот
Кадыров Рамзан а, Китайн DJI Maviс 3 Enterprise дрон а. Кадыровн телеграм-каналера видеон йина скриншот

Украинехь тIемаш бечарна лерина Нохчийчохь Maviс 3 Enterprise дронийн парти эцна. Уьш йеш йерг китайхойн DJI компани йу. 2022-чу шарахь цара дIахьединера, тIеман Iалашонашкахь царех пайдаэцийта йухкуш йац шаьш аьлла, "жигара дуьхьало йо" бохура Оьрсийчоьнна а, ишта Украинан тIеман ницкъашна а уьш лело.

Итт квадрокоптер эца ахча делла Кадыров Ахьмадан цIарахчу йукъараллин фондо – и ахча цунна стенгара даьлла а хууш дац, шех фондах масийттаза "Кадыровн бохча" олура. Республикин урхалхочо дIахьедарехь, дронаш кечйина йу "тоьллачу технологешца", масала, тепловизоршца – гIирс Украине дIакхачор болуш бу нохчийн дакъошна. Кадыровс билгалдаьккхина, хIара дуьххьара бохьуьйту гIирс бац аьлла. Оцу йукъанна цуьнан публикацихь дронах галваьлла боху Mavik 3T.

2022-чу шарахь, шуьйра тIом баьккхинчул тIаьхьа, Китайн DJI кмпанино сацийра шен Оьрсийчуьра а, Украинера а болх. ТIаьхьо DJI компанино йемалдира фирма Китайн тIеман компанийн тептаре йазъйарна – официалан дIахьедарехь аьлла дара, компанин "цкъа а ца йоьхкина шен продукци муьлххачу пачхьалкхехь тIеман Iалашонехь пайдаэцийта" аьлла. 2023-чу шеран зазадокху-баттахь DJI -н продукци дIакъевлира Оьрсийчоьнан AliExpress сегментехь.

Оьрсийчуьра шен болх сацийнехь а, DJI-н дронаш тоххара а санна оьцийла ду Орсийчоьнан маркетплесашкахь а, лерринчу сайташ тIехь а. ЧухIоттийна тепловизор йолчу Mavic 3 Enterprise квадрокоптерийн мах бу лаххара аьлча 500 эзар сом.

Оьрсийчоьнна шаьш тIеман гIирса латтош бац аьлла, хьалхо официалехь дIакхайкхийра Китайн Iедалхоша. Стохка нохчийн "Ахмат" деккъан эскархошна керла машенаш йийкъира Украинана дуьхьал тIамехь дакъалацийта – царлахь йара Китайхь йина ShaanXi Tiger 4х4 гIагI диллина транспортер.

  • Оцу йукъанна Китайс масийттаза чIагIонаш йира, пачхьалкхо нейтралитет латтайо, тIемаш лаьттачу меттиге герз ца духку аьлла. Оханан-баттахь Китайн арахьарчу гIуллакхийн министро Цинь Гана дIахьедира, йа Оьрсийчоьнна а, йа Украинана а герз латтош дац шаьш, йа латтон Iалашо а йац аьлла.
  • Стигалкъекъа-беттан 16-чохь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, Китайн Халкъан Республикин куьйгалхочун дийцарш хилира Пекинехь. Цу шиммо йукъахь куьйгаш йаздира массо а хIума йукъа а лоцуш балхаца доьзна уьйраш лелон а, вовшашна гIо латтон а. Дийцарш дуьйладалале хьалха Цзиньпинь Сис дIахьедира, "Китайно а, Оьрсийчоьно а масал делла лулахошна йукъара гергарло муха хила деза гайтарехь" аьлла. Путина билгалдаьккхира, и йукъаметтигаш цхьанна а дуьхьал хьажийна йац, Китай Оьрсийчоьнан коьрта экономикан партнер йу элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG