ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIеман гIуллакхдархо дIаваьккхина эскарера Украине чугIоьртинчу хенахь "командировке" ваха дуьхьал валарна


Шелара эскархой Гайтаман сурт
Шелара эскархой Гайтаман сурт

Украинана дуьхьал тIом боьдучу юкъанна командировке ваха дуьхьалваьлла Нохчийчуьра эскархо-контрактхо хилла Каимов Заур шен хьокъехь дина омра къовса гIоьртина. Делахь а Соьлжа-ГIалин гарнизонан тIеман кхело юхатоьтхна цуьнан иск.

Каимовс кхелехь дIахьедина, хьанал шен контрактан декхарш кхочушдора ша – 2016-чу шарера схьа дуьйна минометан тохарш лараран командир вара ша – бехк боцуш низаман жоьпалле озийнера ша аьлла. Цуьнан командираша дIахьедира, товбеца-беттан 11-чуьра дуьйна контрактхо дуьхьал хиллера эскаран хьокъехь тIеман полигоне ваха. Оцу тIехула Каимов дIавоккъуш омра арахийцира.

Мича полигоне вохуьйтуш вара контракто, кхелан сацамехь йаздина дац. Каимовс гIуллакх деш хилла нохчийн Шела гIалахь куп тоьхна гвардин 70-гIа полк жигара дакъалоцуш ю Оьрсийчоьнан Украинана тIелатарехь.

Ша эскархо хиллачо тIечIагIдина, командировке ваха шена омра дарх тIеман лоьрийн комиссех чекхвала дагахь хиллера иза, оцу тIехула полигоне ца ваханера. Кхело дуьхьало йина Каимовн хьокъехь дина буьйр юхадаккха.

  • Кавказ.Реалии сайто яздира, Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а салтий дукха хьолахь Украинехь тIом бан дуьхьал хуьлий юхабогIу – оцу тIехула Оьрсийчохь балхара дIабоху "тIомбан гунахь бац" олий. Оцу хьолехь нисвеллера, масала ГIебарта-Балкхаройчуьра Росгвардин 115 белхахо, Буьри-ГIалара 50 контрактхо, Краснодар-махкара "Пластун" ОМОН -н эскархой а. Кхин а Къилба ХIирийчоь аьлла шаьш дIакхайкхийначу республикера оьрсийн базера 300 эскархочун аьтто белира, шайн лаамехь Украинера цIа баьхкича таIзарх бовла.
  • Буьри-ГIалахь кхело Давыдов Романан бехк тIечIагIбина, цунна бехке дуьллу шен лаамехь эскаран гIуллакх дIатасарна, арахь йаккха хан тоьхна цунна. Кавказ.Реалиин материалаш тIехь йаздарца, таIзар динарг пхеа баттахь Оьрсийчоьно Укрианехь тIамтIехь хилла.
  • Ростовн кIоштара Новочеркасскан гарнизонан тIеман кхело листира, контрактан хан чекхйаьллашехь Украинана дуьхьал болчу тIаме мобилизаци йарна, армера дIаваккха дуьхьал хиллачу масех эскархочун гIуллакх.
  • Дагестанера 136-чу бригадин контрактхой дуьхьал хилира Украинехь тIом боьдучу заманчхь шайн буьйранчаша дина омранаш кхочушдан, уьш юхабаьхкинера шайн дисклокаци йолчу Буйнакске. Цунах лаьцна хиира эскархочунна Батырханов Зауран административан гIуллакхан материалашна юкъара. Билггал маса контрактхо Украинера юхавеанера хаийтина дац.
  • Соьлжа-ГIаларчу кхело контрактхочунна Гереев Курашна арахь такха ах шо хан тоьхна тIеман дакха дIатасарна. Стигалкъекъа-баттахь дIатеснера цо дакъа, ткъа юхавеанера иза гезгамашин-беттан 24-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG