ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин тептарера хьалхарчу меттигера дуьххьара дӀаваьккхина Кадыров

Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а

Шен политикан карьерехь дуьххьара хьалха вац Кадыров Рамзан, гурахь дӀабахьа леринчу Пачхьалкхан Думе харжамашкахь дакъалаца кечбеллачу Нохчийчуьра «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин декъашхойн тептарехь. Хьалхо Москвахь Ӏедалан партин съездехь ца хилира иза. Официалан боцчу хаамашца, республикан куьйгалхо дарба доцу лазар токхуш ву, цуо ша и харцдо.

"Незыгарь" а, "Говорит НеМосква" а хаамийн гIирсийн телеграм-каналаша билгал ма-даккхара, 2007-чу шарахь дуьйна дуьххьара Кадыровн метта Нохчийчуьрчу "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин тептаран лидер хӀоттийна регионан кхин векал. Иза ву Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думан депутат волу Саралиев Шамсаил. Цул тӀаьхьа бу цуьнан белхан накъостий Лечхаджиев Руслан а, Догаев Ахьмад а, цул тӀаьхьа республикан премьер-министр Даудов Мохьмад а, цуьнан хьалхара гӀовс Тумхаджиев Ӏийса а, администрацин куьйгалхо Таймасханов ГӀалас а. Депутат Делимханов Адам Нохчийчуьрчу цхьана мандатан гонехь партин кандидат хилла дӀахӀоьттина.

Кадыров цхьаъ бен вац Къилбаседа Кавказан федералан гонан куьйгалхойх, шен регионехь «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин тептарехь хьалхара воцург, тидам бина цуьнан Кавказ.Реалиин редакцино. Къилбаседа федералан гонехь иштта ши куьйгалхо ву: Ростовн кIоштан а, Кубанан а губернаторш Слюсарь Юрий а, Кондратьев Вениамин а.

Оцу йукъанна, гарехь Кадыров йуха а Нохчийчоьнан урхалхочун харжамашкахь дакъалаца дагахь волчух тера ду, хьалхо цуьнан кандидатура йуха а къобалйира президенто Путин Владимира.

• Карарчу хенахь 49 шо долу Кадыров Рамзан цомгуш ву бохуш, тӀечӀагӀбанза хаамаш баьржина лела 2019-чу шарахь дуьйна. 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь цуьнан критикаша чӀагӀдора, иза кхетамчуьра ваьлла бохуш. Стохка бIаьста «Новая газета Европа» газето йаздира, нохчийн куьйгалхо "панкреатикан некроз" йолуш веха масех шо ду аьлла. Цу хаамашна йуккъехула Кадыровс масийттазза зорбане йохура, ша могуш хиларх тоьшалла дан гIерта видеош. Цу Ӏалашонца тайп-тайпана спортан упражненеш йо цо. Кадыровс бохура, хӀора кхо бутт мел болу "капремонт" йо ша, хIора эхашарахь- "йоккха ремонт".

• 2025-чу шеран дечкен-баттахь Кремлехь Путин коьртехь а волуш дIайаьхьначу Пачхьалкхан кхеташонехь дакъалаьцначу Къилбаседа Кавказан а, Къилбан федералан а гонашкарчу куьйгалхойх цхьа Нохчийчоьнан урхалхо воцург берриш а бара.

XS
SM
MD
LG