Бакъо йоцуш маршонех хьегочу украинхойх лаьцна рапорт арахецна Украинера а, Норвегера а, Германера а бакъонашларйархоша. Украинехь тIом болийчхьана Оьрсийчохь а, цо дIалецначу дозанашкахь а лаьцна латточу Украинан маьршачу бахархойн терахь ши эзар стаге гIоьртина хиларх хаамаш тIечIагIбан аьтто хилла церан. Билггал аьлча, уьш кхин а алсам хила тарло, Оьрсийчоьнан Iедалхоша оцу кепара хIума къайлахьо, ткъа ницкъахой тIетийжа къайладаьхьначу низамашна. Мичахь, муьлхачу хьелашкахь латтош бу лецна маьрша нах Къилбехь а, Кавказехь а, украинхойх мах стенна охьабуьллу Нохчийчоьно, Таганрогехьчул а республикехь йийсархошна гIоле стенна ду. Тхан редакцига дийцира цунах лаьцна рапортан цхьахволчу авторо, "Сова" экспертийн тобанан куьйгалхочо Савва Михаила.
Документехь ма-аллара, бакъонашларъйархоша набахтешкахь латточу Украинан бахархойх лаьцна информаци схьаоьцу йиллинчу хьостанашкара (Оьрсийчоьнан кхерамазаллин хьукматийн а, кхелийн а пресс-релизаш, журналистийн талламаш, Оьрсийчоьнан пропагандин зорбанехь а, телеканалашкахь а, социалан машанашкахь а буьйцу хаамаш), шайн гергарчаьрца йа тутмакхаш хиллачу нахаца, йа церан гергарчаьрца динчу къамелашкара.
Лецарш нисло Украинан оккупаци йинчу территорешкахь а, Оьрсийчохь а, шайна йукъахь кхечу пачхьалкхашкахь йеххачу хенахь баьхна а, Оьрсийчоьнахула чекхбовлучу заманчохь лецна украинхой а болуш.
Уггаре а йоккха хало йу, бехктакхаман гӀуллакх дололе а, официалехь бехк кховдабале а хьалха, и стаг масех баттахь, ур-атталла шарахь а официалехь доцуш изоляторехь латто йиш хилар. Ишттачу хьолехь тӀепаза вайна стаг лахар Ӏаламат хала хуьлу, хӀунда аьлча, царна шайн гергарчаьрца зӀене бовла аьтто ца ло, иза дуьненайукъара гуманитаран бакъонаш йохош хIума ду. И тайпачу нахах, маршонех баьхна, арахьарчу дуьненах дIахадийначу нахах рапортехь "инкоммуникадо" олу.
Нагахь санна, гIуллакх кхеле кхачахь, украинхой дукха хьолахь бехкебо шпионажалла лелорна, пачхьалкхана йамартбовларна, терроран тохарна, йа стаг верна, йа низамехь йоцу герзашца тоба вовшахтохарна.
Экспертийн "Сова" тобанан куьйгалхо Савва Михаил- политикан Iилманийн доктор ву, бахархойн маршонийн Центран эксперт ву, Кавказ таллархо а ву, йахнчу хенахь – Кубанан университетан профессор а вара иза. Курхаллаш лелор аьллачу гIуллакхехула лаьцна, шена арахь йаккха хан кхайкхийначул тIаьхьа Украине дIавахара иза, цигахь политикан мухIажар санна тIеийцира иза.
2023-чу шеран гIадужу-баттахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша "арахьарчу агентийн" тептаре йазвира иза "арахьарчу агенташна материалаш вовшахтухуш гIо дарна", "арахьарчу зорбанан гIирсашна интервьюш йаларна а", "къевлинчу украинхойн организацин кхеташонехь дакъалацарна" а. Ишта "лерринчу тIеман операцина дуьхьал къамелаш дарна а"- Украинана динчу тIелатарх тахана а иштта олу Оьрсийчохь. 2026-чу шеран чиллан-баттахь "арахьарчу агентана" тIедехкина декхарш кхочуш ца дарна, Краснодарера кхело кхаа шарна набахтехь йаккха хан кхайкхийра цунна.
– Ахьа а, хьан белхан накъосташа а бинчу белхо гойту лецначу украинхошца лелош дерг Оьрсийчоьнан регионийн цIе а ца йоккхуш. Шуна хууш дуй, муьлхачу регионашкахь, йа Оьрсийчоьнан дакъошкахь и нах латтош бу?
– Украинан маьрша бахархой, тӀом беш боцурш, карарчу хенахь латтош бу гергарчу хьесапехь таӀзаран колонешкахь, йоллу Оьрсийчоьнан дозанаш тIера, шайлахь Генара Малхбале а йолуш, СИЗО-н талламан изоляторшкахь.
Амма уггаре а лакхара концентраци йу - къилбаседан регионашкахь, и билгалдаьлла шина коьртачу факторца: цкъа делахь, иза тӀеман зонина а, Украинан дӀалаьцначу территорешна а уггаре а гергара регион йу. Мухха делахь а, низамехь доцуш маршонах хьегош болу украинхой йуьхьанца цхьанхьа гергахь латтош бу.
ШолгӀа делахь, Ростов гӀаларчу Къилбан кӀоштан тӀеман кхело луьстуш ду украинхошна дуьхьал доху бехктакхаман гӀуллакхаш. Цундела Ростовн кӀоштахь а, цунна гонаха йолчу кӀошташкахь а украинхой латтош хиларх тешам лаккхара бу.
– Олийла дуй, Тагарогера номер 2 йолу СИЗО – иза Оьрсийчоьнан къилбехь маьрша украинхой латтош йолу уггар а гоьйаьлла меттиг йу?
– Ишта дара 2022-чу шарахь, хIетахь СИЗО-х пайдаоьцура транзитан пунктах санна. И бохург хIун ду, лоьцуш болу украинхойх доккхаха долу дакъа, оцу Тагарогера СИЗО-хула чекхдолура, цул тIаьхьа кхин дIа хьийсабора уьш.
Украинхошна тIехь шайн хьаштдерг дойла йу
ХIетахь оцу талламан изоляторна цIе йахнера уггар а къиза, Iазапаш хьоьгуьйту меттиг йу и аьлла, амма карарчу хенахь цигахь, талламо бехкебина дуккха а украинхой бу. Таганрог Ростовна гергахь хиларна, цигахь латтош бу дуккха а бехкебинарш. Ростов гIалахь а бу уьш- хьалхарчу а, пхоьалгIачу а изоляторшкахь.
– Амма Таганрогера лоьмар 2 йолу СИЗО-уггар а къиза меттиг йу-кх, йуй?
– ХIаъ, и боккъала а къиза меттиг йу, цигахь нахана тIехь гIело латтайо, цигахь мацалла хьоьгуьйту цаьрга, шина баттахь азлуш, гIеллуш дегIан йозалла лахлора церан. Кхехкийна копаста йоцург, кхин кийра доьдуш рицкъ ца хилча, кхин хIун хир дара царах.
Мел лаххара а, тIаьххьалц схьа ишгта дара цигара хьал. Оха даим а оцу меттигана тIехь терго латтош йу, муьлхха а хийцам дIайазбо, тIехь Iазап хьоьгу СИЗО йу иза, амма цигахь цхьацца хийцамаш бу.
– ХIун ала гIерта хьо?
– Масала, дукха хан йоццуш Таганрогерчу лоьмар 2 йолчу изоляторо бехкебечарна тIаьхьа кхоьхьу посылкаш схьа ца оьцура. Цкъа бехктакхаман гӀуллакх долийча, стаг кхин дIа хуьлийла йац "инкоммуникадо" - цуьнан аьтто бу адвокат лаца а, гергарчу нахе кехаташ йаздан а, посылкаш схьаэца а бакъо йу.
– Масех белхахочунна дуьхьал, шайлахь оцу СИЗО-н хьаькам Штода Александр а волуш, Евроберто санкцеш йаьхна, Украинехь царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх а диллина. Цкъа а ца хилла хIума дуй и?
– Дац. Оцу кепара инзаре ирча меттигаш кхин а йу. Масала, Волгоградан кIоштара Камышинан талламан изолятор а, Пермскан кIоштара Кизель гIалара колони а.
Украинхойн низамхоша къастош бу гӀело латторна, сийсазаллаш лелорна, чохь латточу нахана товш доцу хьелаш хIитторна бехкеболу нах. Ишттачу цхьана меттехь йелла журналист Рощина Виктория: йеххачу хенахь Таганрогехь латтийна, цул тӀаьхьа Перман кӀоштарчу Кизиле дехьаяьккхинера иза. Хетарехь оццу Кизилехь кхелхинчух тера ду иза.
– Со кхета, тоьшаллаш а долуш, рогIерчу хаттарна жоп дац, амма суна хьуна хетарг хаа лаьа. Перман махкарчу Таганрогехь гӀелонаш йеш йолчу оцу СИЗО-шкахь болх бечу белхахошна цхьана кепара и къизаллаш лело шовкъ хилийта цхьаъ ло-те, йа цхьа леррина хьелаш хIиттадо царна? Оцу шайгарчу даржашкахь болх беш кхин дIа а хIунда буьсу уьш?
– Ма-дарра дийцича, хIара чолхе проблема йу. Масала, суна хууш цхьацца меттигаш бу, шайн стаг саццанза лоьхуш хиллачу нахе Оьрсийчоьнан цхьана талламан изоляторехь болх бечу стага оцу нахе телефон а тоьхна: "Са ма гатде аша, иза тхо долчахь ву. Дийнах ву иза" аьлла.
Цуьнца бIостане дерг а нисло- къизаллаш, сийсазаллаш. Амма оцу Iазапийн коьрта гIирс бу ФСИН-ан спецназ. ХIора Оьрсийчоьнан субъектехь йолуш йу иза. Акхаройн-дийнатийн цIераш тохку царна: "Акула" - Краснодаран кIоштара УФСИН-н спецдакъа ду, Орловн кIоштан УФСИН-н дакъа ду "Ягуар". И нах цхьана меттигера вукхунхьа дIасакхуьйсу, тутмакхашна йеттийта а, царна тIехь къизаллаш лело а Iалашонца.
ХIун мотиваци хир йу церан? Дукхахболу нах цига балха бахна ницкъбан шайн аьтто хилийта. Царна и хазахета, царна гIело латтон лаьа, ткъа украинхошна тIехь шайн хьаштдерг дан йиш йу церан.
Цигахь тешош документалан тоьшаллаш ду, масала, Федералан таӀзарш кхочушдаран урхаллехь хиллачу кхеташонехь дIайазйина видео. Цигахь регионийн урхаллийн векалшка ма-дарра дуьйцу, шайна луъург дан мегар ду украинхошна тIехь бохуш.
– Нохчийчоьнна тIелатар хиллачул тIаьхьа Кадыров Рамзана дIахьедира, Нохчийчохь латтош а бу украинхойн йийсархой аьлла. Нохчийчохь латточу украинхойх лаьцна цхьана а кепара шуна хууш хIуммаъ а дуй?
– Цкъачунна тхуна Нохчийчохь латточу украинхойн йийсархойх бен ца хаьа. Уьш латтош бу ишта, республикерчу полицино урхалла дечу объекташкахь а, Гуьмсерчу спецназан университет олучу меттигашкахь а. Ткъа иза, шолгӀа шера зулам ду, хӀунда аьлча, Кадыровс и йийсархой, лечкъа а ца деш, турс санна лелош бу.
"Къайлаха набахтеш"- Нохчийчохь муьлхха а чоьнах и хила йиш йу
Украинан дронашца оцу университет олучу меттигна тохар дина ду, цул тӀаьхьа Кадыровс дӀахьедира, тутмакхаш цигахь латтош бу аьлла. Хетарехь, уьш цхьана хенахь кадыровхоша тIамтIехь лецна нах бу, йа, кест-кеста нислуш ма-хуьллура, кадыровхоша кхечу Оьрсийчоьнан дакъаошкара эцна тIеман йийсархой бу. Тхуна девзаш ду билггал цу тайпа гӀуллакхаш.
Гой хьуна, карарчу хенахь Нохчийчохь болу украинхой- иза ша цхьа къаьстина хаттар ду. ХIунда аьлча, кхечу массо а хьолехь и хаттар Москваца къастош ду, амма буьйцурш йийсархой белахь, тIаккха иза Кадыровца къасто дезаш ду. Цо ша шена ишта статус кхоьллина, ша регионан паччахь волуш санна. Цу хийцаршкахь федералан центрна хетарг а, цетран лаамаш а тергал дIа ца бо цо.
– Ткъа муха ду Нохчийчохь йийсархой латтон хьелаш, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а санна ду?
– Нохчийчуьра цӀабаьхкинчу украинхоша шаьш цигахь дика кхебира бохура. Ас хьалха а хьахийра Таганрогера СИЗО; кхинйолчу дуккхаъчу объекташкахь украинхошна йуучунна-молучунна аьлла, хьажийна ахча, шайн кисана дуьллу хьаькамаша. Нохчийчохь иза иштта дац, суна хетарехь, иза регионехь тахана а лаьттачу патриархалан гоно бина тӀеӀаткъам бахьана долуш ду.
Къайле йац, Нохчийчохь патриархалан лолла лелоран ламаст латтош хилар, цхьана коьртачу билгалонца билгалдолу: элана эхь хета ца деза шен лайх хуьлуш долчух а, иза мухха велахь а. Кхузахь дуьйцург гуманизмах лаьцна дац. Лайш мацалла леш бу аьлла, кадыровхошна бехк ца биллитар ду и.
– Нохчийчохь ницкъ латтабой царна тIехь
– Суна цунах лаьцна хууш дац. Хьийзабо уьш, бакъдерг аьлча, хала ду сийсазаллина а, ницкъбарна а йукъара башхалла къасто. Амма бакъ ду, масала, Оьрсийчоьнан гимн ца лоькхуьйту Нохчийчохь. И гимн оцу махкахь а башха йезаш ца хиларна ду а хаац.
– Полицихь лецна латточу украинхойн бахархойх лаьцна дуьйцуш, ахьа йуьйцурш лармаш йарий, "къайлаха набахтеш" олуш йолу?
– Гой хьуна, "къайлаха набахтеш"- Нохчийчохь муьлххачу чоьнах а хила йиш йу уьш. Цу декъа тIехь цхьа а ца гӀерта Оьрсийчоьнан декъаза низамаш лардеш ду аьлла, моттаргӀанаш лело. Цундела уьш официалан камераш хила а тарло, амма цигахь къепе официалехь йоцуш хила трало.
– Цхьацца бехкаш а дохкуш, кхеле кхачочу украинхойн бахархошна адвокаташ лиеха хала хуьлий?
– Цхьаццаболчу гергарчарна адвокаташ карабо. И хала хуьлу чIогIа, хIунда аьлча, ишта юристаш Оьрсийчоьнан Iедалхоша кхерабо, царна тIаьхьа буьйлу.
Беттанашкахь адвокат лоьхуш меттиг а нисло, ткъа оцу заманчохь Iедало велла адвокат хуьлу оцу стагаца, амма иза, хууш ма-хиллара, талламехьа болх беш хуьлу. Оьрсийчоьнан репрессийн системо тахана чIогIа хIаллакйина Оьрсийчоьнан адвокатура.
- 2026-чу шеран чиллан-баттахь Оьрсийчоьно а, Украино а йийсархой дӀасахийцира "157 стаг 157-ннах" аьллча формулаца. Маьрша баьхначех 13% Нохчийчуьра бахархой бара, царех дукхахберш "Ахмат" декъехь гӀуллакх деш хилларш. Уггар а хьалха уьш маьршабахар дара Оьрсийчоьнан агIоно тIедиллинарг, кхинболу эскархой дIа а тоьттуш. Цо а план йохайора мел а, дийцира "Ваха лаьа" цIе йолчу украинхойн проекто. Маьршабаьхначех цхьаъ вара Бибулатов Роман. 2010-чу шарахь набахтехь даккха 11 шо хан туьйхира цунна. Ииза бехкевинера 8 шо долу ши бер а, 12 шо долу йоI а хьийзорна.
- Украинан СБУ-но бехкаш дехкина тIеман зуламаш дарна Кадыров Рамзанна, 2014-чу шеран гIадужу-баттахь йийсархойх лаьцна цо дина дIахьедарш бахьана долуш. ХIетахь Нохчийчоьнан урхалхочо кхайкхам бира, украинхойн салтий йийсаре ма иэца аьлла, амма и омра йухаийцира цо кхо де даьллачу хенахь.
- 2024-чу шеран йуьххьехь Кадыровс хьийхира, Луганскехь а, Донецкехь а лаьцна украинхойн 20 вахархо дIалур ву ша, нагахь санна, шен доьзална тоьхна санкцеш Американ Цхьанатоьхначу Штаташа йухайахахь аьлла. Iедалхошкахьа болчу блогерша а цхаьана, шена критика йан йолийча, цо элира, ша йинарг "троллинг йара" аьлла.