ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь вайначу таксхочух а, цуьнан пассажирах а хилларг хууш дац хIинца а


Гаглоева Римма

Нохчийчохь вайначу гIалгIайн таксхочун Арсаев Адаман а, Къилбаседа ХIирийчуьрчу цуьнан пассажиран Гаглоева Риммин а хьокъехь долийна бехктакхаман гIуллакх йист ца йолуш толлуш ду ГIалгIайчохь. Кху шеран Чиллан-беттан 6-чохь дуьйна зIене долуш дац и шиъ.

Кавказ.Реалиино ма - яздарра, таксхочун болх беш хилла 43 шо долу Арсаев къайлавелира 57 шо долчу шен пассажирца Соьлжа-ГIаларчу аэропортера Беслане боьлхуш. Ши де даьлча Арсаевн машен кехаташца а, мобилан телефонашца а, зударийн бедарш чохь йолу тIоьрмигца а схьакарийра ГIалгIайчуьрчу Сунжа гIалахь.

Яйначу зудчун вешин кIанта, ММА-н латархочо Гаглоев Георгийс дийцира, гIалгIайн полисхоша юьхьанца хаамбира шега, цуьнан дейиша Нохчийчуьрчу цхьахйолчу полицин декъехь ю аьалла, амма тIаьхьо шен дешнаш юхаийцира цо.

Шиъ йа шиннал сов стаг верна аьллачу Iедалан къепехь айдина гIуллакх. Гаглоева Римма къайлаялар бахьана долуш дийцарш хилира мехкан куьйгалхочунна Менялой Сергейна а, Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхошна Кадыров Рамзанна а, Калиматов Махьмуд-Iелина а юккъехь.

Гаглоев Георгийс бехкебо Соьлжа-ГIалара ницкъахой иза лачкъорна, Нохчийчохь палтосучу нахана тIаьхьабевлла лелачу кампаница а дузуш. Цуьнан дешнашца, "хьам дIабоккхуш" хиллера иза.

  • Масийтта шо хьалха доладелла Нохчийчохь хIумахуу нах лецар. ТIаьххьарчу цхьана шарахь меттигерчу телевизионо гайта а гойтуш, мел лахара а, 14 вара лаьцнарг. Даим санна, шайгара даьллачунна дохкобуьйлу лецна балийнарш, камерана хьалха бехк ца биллар а доьхуш. "Терроризмел а, наркоманел а кхераме" ду боху сюжеташкахь цара лелориг.
  • ХIора шарахь Нохчийчохь 100 эзарна юккъера тIепаза вов 110 стаг. Иза 4-за дукха ду Оьрсийчуьра юккъерчу терахьца дуьстича.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG