ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь йазйелла "Яндексан" такси. Иза доьзна ду кадыровхойн рейдашца


Соьлжа-ГIала,
Грозный, 25 января 2016 года
Соьлжа-ГIала, Грозный, 25 января 2016 года

Нохчийчохь йолчу Оьрсийчоьнан "Яндекс" таксин компанин тарифаш шаьш йолчул кхузза йазйелла. Нохчийн оппозицин жигархоша бахарехь, иза доьзна ду меттигерчу кхечу таксин компанешна дуьхьал кадыровхоша йинчу "рейдашца".

Низаман урхаллийн белхалоша могIарерчу бахархойн духарца кечлой, такси кхойкху. Йуха и таксхо 20 эзар сом гIуда такха олий, хьовзаво, бохуш дуьйцу Niyso телеграм-каналан хьосташа. Нагахь гIуда дIа ца лахь, цуьнгара машен дIайоккхур йу олий, кхерам тосу. И тайпа хIумнаш "Яндекс", "Максим" компанешца болх бечарна бен лелош дац, боху оппозицхоша. Нохчийн юрист а, бакъонашларйархо а волчу Янгулбаев Абубакара хаам бира, Нохчийчуьрчу таксхочо шега и арз дарах.

Кавказ. Реалии редакцин дехарца церан тарифаш зен хьажира Соьлжа-гIалин масех вахархо. Стигалкъекъа-беттан 22-чу дийнан Iуьйрана "Яндекс" таксин" тарифаш 3,5 -зза лакхайаьхна йара, аьлла хаийтира къамелахоша, "Максим" компанера тарифаш "дукха хьала ца йевллера". Цу компанийн такси кхайкхар хала хиларна арздира къамелахоша.

"Яндексан" агIо лоцучара журналисташна цу хьолахь комментарий ца йира - и хаттар деш телефон тоха бакъо компанин клиент волчун бен йац аьлла.

Соьлжа-гIалахь болх беш ву масех меттигера оператор, царех уггаре воккханиг - "Грозненское такси. "Ирс Групп" фирмашна йуккъейогIуш йу и. Зазадоккху-беттан 1-хь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIа Кадырова Табарика схьайиллина йу. "Ирс Группа" цхьаьнакхетараллин капиталах 99 % цуьнан карахь йу. 2015-чу шеран гIуран-баттахь "Грозненское такси" схьайоьллуче веара Кадыров Рамзан. Сюжетехь гуш дара, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга транспортана оьшуш "цо эца мел аьлларг" йерриге эцна шаьш олуш.

  • 2018-чу шеран гIуран-баттахь меттигерчу Iедалхоша оьрсийн операторийн таксхошна бечу цу кепарчу тIеIаткъамех дIахьедира оппозицхочо Абдурахманов Тумсос.
  • 2020-чу шеран стигалкъекъа-баттахь ковидна дуьхьалчу барамашкахь республикерчу оперативан штабо болх бар дихкира "Миг", "Грозненское такси" йоцучарна массарна а. Цунах дерг дуьйцуш шен инстаграмехь хаамбира республикин транспортан министраллин куьйгалхочо, Кадыров Рамзанан невцо Черхигов Рамзана. Цу компанешна болх бан хIун магийнера, цо ца дийцира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG