ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь йиттинчу журналистана Милашинина тIехIуттуш аьхка акци хIотторна Петербургера йахархо лаьцна


Милашина Елена йиттинчул тIаьхьа
Милашина Елена йиттинчул тIаьхьа

Санкт-Петербургера пачхьалкхан университетан жуналистийн факультет чекхйаьккхина Мещерякова Валерия лаьцна. Бахьана ду, бархI бутт хьалха, товбеца-беттан 6-чохь, Нохчийчохь къизаллица йиттинчу "Новая газетан" журналистана Милашина Еленина тIехIуттуш цо хIоттийна хилла акци.

Москвара вокзалехь дIалаьцна Мещерякова, хаамбина цуьнан гергарчарна тIетевжина "ОВД-Инфо" гIирсо, полицихь цунна дихкина телефон лелон. Протокол хIоттийна Iедалхошка ца хоуьйтуш акци дIайахьарх – оцу административан артиклаца лаца бакъо йу. Буьйса йаккхийтина полицихь лаьцначуьнга, бакъоларйаран проекто хьажийна адвокат ву шен болх беш.

Цунна тIаьхьабовла бахьана даьлла акци дIайаьхьнера пачхьалкхан университетехь дешна бевллачарна хIоттийначу барамехь. Мещеряковас а, кхин цхьана дешархочо Антонова Елизаветас а плакат лаьцнера, йиттинчу Милашинан сурт тIехь долуш "Оьрсийчоьнан журналистикан йуьхь" йу хIара аьлла тIейаздина.

  • Товбеца-беттан 4-чохь Милашина Елена а, Немов Александр а Соьлжа-ГIала деара, Лаха Новгородера лачкъийна йалийначу нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина кхел кхайкхочохь хила Iалашонца. ТIелеттера царна аэропорте гIали чу богIучу новкъахь Iуьйранна. Бевзаш боцчу наха хIаллакдинера доллу документаш а, техника а, кхерамаш тийсинера коьрта тIе герз а лаьцна, и шиъ дуьйр ду бохуш.
  • Милашинин хьен туьта лазийнера, кегдинера пIелгаш. Корта а баьшна, "зеленка" йоьттинера цунна тIе. Иштта йиттинера Немовна а, цуьнан когах урс тухуш.
  • ТIелатар дарх хаамааш баьржина итт сахьт даьллачу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дош делира "йистйаккха". ШолгIачу дийнахь Нохчийчуьра Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх гIаттийра хулиганалла а лелош, адаман могушаллина зенаш дарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG