ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь юха а кегийна республикин урхаллан декъашхой


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан премьер-министра Хучигов Муслима вовшахтоьхначу Iедалан хIоттам лаьттина цхьа бутт гергга хенахь, ткъа хIинца цигахь юха а бина хийцамаш. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана меттигерчу хаамийн гIирсел а хьалхе бина Нохчийчоьнан Iедалехь хиллачу хийцамех лаьцна шен телеграм-каналерчу аккаунтехь.

ГIадужу-баттахь премьер-минитран социалан хаттаршкахула когаметта хIоттийна волу, культурин министр хилла Дааев Хож-Бауди – Кадыровн гергарсатаг, ден йишехула – хIинца хIоттийна дешаран а, Iилманан а министр. Оцу даржехь цо хийцина Кадыровн шича – Байсултанов Идрис, Кадыровс могашаллин министран дарже хьалхатеттина волу. Байсултанов кардиологан говзалла йолуш ву.

Могашаллин министр хиллачу Сулейманов Эльханах вина республикан Iедалан гIантден когаметта. Индустрин а, энергетикан а министр Шаптукаев Рустам хIоттийна Экономикан а, территорийн а кхиаран а, махбаран а министр.

Цуьнах дисна Нохчийчоьнан индустрин а, энергетикан а министран дарж кховдийна Липецкан областехь республикан кьуйгалхочун векал хиллачу Хакимов Адаме.

Кавказ.Реалиино дагадоуьйту, Нохчийчохь Iедалан даржашкахь республикин куьйгалхочун Кадыров Рамзанан бераш а, вешийн а, йижарийн а бераш а, шичой а, маьхчой а, кхин болу а гергара нах хилар. Цо балочу хаамашца, республикехь пачхьалкхан даржаш тайп-тайпачу хенахь дIалоцуш вара 100 гергга Кадыров Рамзанан гергара стаг.

Шен доьзалхоша цу кепара кхиаме карьераш ярна шена бехк биллича Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира: "Суна эхь цахета. Нагахь ас сайн халкъах, республикех жоп луш хилча, со ларош а хилча, царна хIун башхалла ю министр а, кIоштан куьйгалхо, я Iедалан гIантда милла хилча а? Цо сан кIезиг сагатта до".

  • Кхушара ГIадужу-баттахь хIоттийначу Iедалан 24 декъашхочух 13-тта КадыровгIеран кланера стаг ву. Цуьнца цхьаьна вице-премьерех цхьаъ (Висмурадов Абузейд) ву лаккхара дешар дешна хиларан шеконе амалан диплом долуш – 2007-чу шарахь чекхъяьккхина ХIинжа-ГIалан финансийн а, бакъонан а институт "юриспруденция" говзалла караерзош, ткъа куьлтурин министр вац лаккхара дешар дешна а.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто керла санкцеш кхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал адамашна тIехь Iазап латторна а, кхел а янза, адамаш дайъарна а, кхин йолу а адамийн бакъонаш талхорна а. Санкцеш хьакхаелла цуьнан зудчух Кадырова Меднех а, церан шина йоIах Iайшатах а, Каринех а (Хадижат). Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхам бина кхечу пачхьалкхашка а цу кеппара гIулчаш юкъаяхахьара аьлла КадыровгIеран доьзалерчу нахана дуьхьал.
  • 2020-чу шарахь ГIуран-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун шолгIа йоI Кадырова Хадижат хIоттийра Соьлжа-ГIалан школе даханза долчу берийн дешаран департаментан хьаькаман дарже.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG