ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь йухалуьстур ду Мусаева Зарема хенал хьалха маьршайаккха аьлла дехар


Zarema Musaeva
Zarema Musaeva

Нохчийн оппозиционерийн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана Мусаева Зарема хенал хьалха маьршайоккхуш дина дехар йухалиста хьажийна Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело. Цу кепара къобал дина кхело цуьнан адвокатан Савин Александра дина арз, хаам бира "Iазапашна дуьхьал Командо".

Карарчу хенахь Мусаева Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-1 йу, иза циге дехьа йаьккхира кхелан дийцарш видеозIенехула дIадахьархьама – рогIера хира бу заздоккху-беттан 5-хь; зудчунна кхайкхийначу кхелана дуьхьал арз луьстур ду кассацин инстанцино.

2022-чу шеран дечкен-баттахь Мусаева Зарема лачкъийра Лахарчу Новгородера петар чуьра. Соьлжа-ГIала дIакхачийча дуьххьара 15 де буьйсий административан хан туьйхира цунна, полисхо сийсазварна аьллачу статьяца, цул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх долийра: дийцарехь, иза тIелеттера протокол хIотточу полисхочунна. ТIаьхьо Мусаевана тIетуьйхира курхаллаш лелорах артикл а.

Товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо хан кхайкхийра набахтехь йаккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъонашларйархошна хетарехь, нохчийн оппозиционерийн-вежарийн нанна тIаьхьабевла лелар политикан бух болуш ду, адвокаташа дIахьедира гIуллакх харц кхоьллина хиларх. 2023-чу шаран гIуран-баттахь Мусаева Зарема хенал хьалха маьрша йаккхар доьхуш, чуделла дехар тIе ца лецира.

  • Цунна таIзар кхайкхочу дийнахь кхелехь дакъалаца доьдучу "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а тIелетар дира.
  • Мусаева Зарема инсулинах йоьзна йу, диабет а, кхин а лазарш шен дегIаца долуш йу иза. Лаьцна латточу йукъанна могушалла кхин тIе а эшнера цуьнан.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG