ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь бозуш боцу мохк хила луучара къамел дина Европан Кхеташонна хьалха


Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн кхеташонаш дIахьон чоь, Страсбург. Архивера сурт
Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн кхеташонаш дIахьон чоь, Страсбург. Архивера сурт

Республикана суверенитет йаккха гIерта Европера нохчийн диаспора аьлла, дIахьедина "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата дечкен-беттан 26-чохь Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн делегаташна хьалха. ПАСЕ- хь йолчу украинхойн делегацин гIоьнца нисделла цуьнан вистхилар.

Цхьанакхетарехь дакъалаьцна иштта "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочун гIовса, къобалйазчу Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Асланан кIанта – Масхадов Анзора а.

"Сесси йирзинчул тIаьхьа со вистхилира ассамблейн делегаташна хьалха Нохчийчоьнан Ичкерия республикана деоккупаци йарх. Сан къамелдан аьтто белира украинхойн депутатийн гIоьнца. Нохчийчоь йозуш цахилар дуьненаюкъаралло тIелаца тарлуш хиларан гIулчех цхьаъ йара иза", - дийцина Кавказ.Реалиин редакцига Сулеймановс.

"Цхьааллин ницкъан" лидершца дийцарш хиларх лаьцна комментарий йина фейсбукехь Украинан Радин арахьарчу политикан хеттарийн а, парламентарийн юкъаметтигийн а комитетан куьйгалхочо, ПАСЕ-н вице-президенто Мережко Александра.

"Дукха бала хьегна турпала шайн халкъ империн лоллера даккха къийсам латточу оцу доьналла долчу нахаца цхьанакхетар доккха дозалла ду. Суна хетарехь, европхойн къаьмнашна юкъахь меттиг дIалоцур бу Ичкерис, со теша, деоккупаци йирзинчул тIаьхьа Европан Кхеташонан декъашхо хир ю Ичкери", - дIахьедина Мережкос.

ТIаьххьарчу шерашкахь Ичкерин векалш кхойкхуш бацара ПАСЕ. 2002-чу шарахь, оцу заманчохь Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн куьйгалхо вара Шидер Петр, цо Страсбургехь тIелецира президентан Масхадов Асланан векал Закаев Ахьмад – карарчу хенахь нохчийн диаспоран цхьахволу лидер, Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхо. Иштта Закаевс къамелдира ПАСЕ-хь 2010-чу шарахь Къилбаседа Кавказерчу адамийн бакъонехь долчу хьолах дуьйцуш.

  • ГIуран-беттан 14-хь фракцишна йукъарчу депутатийн "Маьрша Ичкери" вовшахтохаралла гучуйаьлла Украинан Лакхарчу Радехь, цунах лаьцна фейсбукерчу шена агIонехь дийцира депутато Мережко Александра.
  • Европера нохчийн диаспорийн векалша, Ичкери маьрша хила луучу агIончаша къаьстина ши съезд дIаяьхьира. Лахьан-беттан 25-чохь а, 26-чохь Францихь хIоттийначу гуламна хьалха вара "Толам" боламан хьалханча Сулейманов Джамбулат. Де даьлча Бельгехь хилира къобалйазчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада вовшахтоьхна конференци. Диаспорийн шина лидеран политикан къовсам санна хилира и ши съезд: цхьаболчу бараман декъашхоша лечкъа а ца деш дIахьедира Ичкерин агIончаш шина декъе бекъабаларх.
  • Товбеца-беттан 20-чохь Лакхарчу Радехь кхоьллира "Маьршачу Кавказехьа" депутатийн тоба. Цуьнан декъехь вара юьхьанца урхалла дечу партин а, оппозицин партин а цIарах итт депутат. Стигалкъекъа-баттахь Гончаренкос хьйихира, чергазийн геноцид а, Ичкерин маршо а къобалйар.
  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира цигахь хиллачу 287 депутато. Сацаман цхьахволу автор вара Гончаренко.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG