ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь даим хир ю Оьрсийчоьнан дакъа, боху Кадыровс


 Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнна коьртехь волчу Кадыров Рамзана ша тешна хиларх лаьцна дIахьедина, республика Оьрсийчоьнан субъект юьсур хиларх, нагахь шаьшшина даржера дIавалахь пачхьалкхан президент Путин я иза ша, хаам бо РИА "Новости" агенталло.

Кавказ.Реалиино дийцарехь, социалан машанашкахь болчу цуьнан агIонашка язбеллачара хаьттина Кадыровга, Нохчийчоь дIакъаьcтар ю аьлла хетий хьуна Оьрсийчоьнах аьлла, нагахь Путин дIаводахь.

"Я Путина а, я Кадыровс ца бина сацам республика Оьрсийчоьнна юкъахь хила еза аьлла. Иза дина халкъа референдумехь. Даржера дIагIур ву Путин а, Кадыров а, ткъа Нохчийн республика юьсур ю Оьрсийчоьнан Федерацин субъект", - дIахьедина Кадыровс шен гIоьнчин инстаграмерчу агIонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG