Невский Александран орденца совгIат дина Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Цунах лаьцна хаамбина регионалан куьйгалхочо шен социалан машанашкахь. Цуьнан дешнашца, совгIат дина цунна "Нохчийчоьнан социалан-экономикан хьал кхиорна".
Товбеца-беттан 27-чохь 16:40 минот яьллачу заманчохь Кремлан сайта тIехь бина хаам бац Нохчийчоьнан куьйгалхочунна орден яларх. Кадыровс дийцарехь, совгIат дина цунна Оьрсийчоьнан вице-премьеран Хуснуллин Марата хьалхататтарца.
Официалан документашца а догIуш, тIаьххьарчу шина кIиранчохь Невский Александран совгIат дина шина стагана -Узбекистанан президентана Мирзиёев Шавкатана а, АО "НПО "Высокоточные комплексы" компанин коьртачу директоран гIовсана Коноплев Дмитрийна а (веллачул тIаьхьа).
Украинехь тIом боьдучу юкъанна Кадыров оьрсийн агрессин коьрта рупор хилла: шен телеграм-каналехь цо денна дуьйцу нохчийн эскархойн хьалхататтадаларх, цара дендолчух а яздо, иштта йоьшу шен мостагIашна байташ. Хьалхо Кавказ.Реалиина эксперташа дийцира, оцу каналехь фейкан хаамаш гучубийларх лаьцна.
- Кадыров Рамзанан дерриг а ткъе итт сов официалан Iедалхоша дина совгIат ду, царлахь "ТIемалойн сийлалла" II-чу даржера (2000 шо), "Даймахкана хьалха гIуллакх дарна" IV-чу а, III-чу а даржашкара (2006 а, 2021 шераш). 2006-чу шарахь Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белира цунна, ткъа 2020-чу шарахь Путина Росгвардин инарла-майоран чине ваьккхира Кадыров. Цул совнах, "Хьакъ волу Нохчийчоьна физикан культурин белхахо", а, "Хьакъ волу Нохчийчоьнан гIишлошъярхо" аьлла сийлахь еза цIераш елла цунна.
- Мангал-баттахь "Стоматологина гIуллакхаш дарна" I-чу даржан орден елира цунна, кхин а хьалха пачхьалкхан "Грозный"телеканалан совгIат дира цунна 45 эзар сом преми а луш, тотица яьккхинчу видеох.
- Адамийн бакъонаш хьешарна санкцийн тептаре ваьккхина Кадыров. Санкцеш хьакхало иштта цуьнан хIусамненах Кадырова Медних а, йоьIарех Кадырова Iайшатах а, Каринех а. Доккхачу декъанна цара бакъо ца ло царна пачхьалкхе бахка а, бизнес лелон а, иштта Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн дозанаш тIера активаш совцор ю. Хьалхо Кадыровна дуьхьалъехира экономикан санкцеш а.