ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь "массо сферашкахь тоьлла схьайогIу" элира Кадыровс Путине. Амма статистико кхин боху


Путин Владимир, Кадыров Рамзан
Путин Владимир, Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь шен республикехь дерриге чIогIа вуон доцуш ду; дерриге Путин бахьана долуш дика схьадогIу,” - аьлла, президентана баркалла элира. 2022-чу шарахь регионехь тайп-тайпачу сферашкахь тоьллачарех меттигаш йаьхна ду шаьш. Амма цо мел дийцинарг официалан – статистикица цхаьанадогIуш дац.

Иштта Кадыровс Путине дийцина, Нохчийчоьно дIадаханчу шарахь хьалхара меттиг баьккхина дукха "пачхьалкхан программаш къиамца кхочушйарехь а, иштта, "Кхерамзалле, дика некъаш" къоман проект а, "ЦIена хи" регионалан проект кхочушйарца а. Цо билгалдаьккхина, "эвсара гIалин среда а, социалан догазификаци а, "Iилма", Экологи" къоман проекташ кхолларехь а республика хьалха хилар. Оьрсийчохь школан дешаран дикаллин рейтингехь Нохчийчоьно тIаьххьара меттигаш дIалаьцнера.

Кадыровас дийцарехь, республикера белхазалла 8 %-процентал кIезга йу. Амма и терахь Оьрсийчохь уггаре ледарниг хилар билгал ца даьккхира цо - цуьнца дуьстича, Нохчийн республика уггар тIаьхьарчу меттигал хьалхарчу меттехь нисло.

Цу цхьаьнакхетарехь оьрсийн регионан куьйгалхочо кхин цхьа дIахьедар дира, Нохчийчоьно йуха а хьалхара меттигаш бахарх вуон амалаш цахиларца, демографин кхиарца, "Индекс а, гIалин эвсара среда" рейтингашкахь хьалхарчу меттехь йу аьлла. Шен рогIехь, Росстатан официалан-хиламаш толлучу РИА Новости Iедалан-гIирсо Нохчийчоь 75-чу метте хIоттийра 2022 шарахь хиллачу социал-экономикан хьолаца жамIа деш. (аннекси йина ГIирма а йу цу рейтингана йуккъейогIуш - ред. билг). тайп-тайпанчу критеришкахь I00 балл хила тарлучохь республико 32 бен ца баьккхира.

  • Стохка Нохчийчоь хьалха йара белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, мехах хIусамаш лаца нехан таро цахиларехь а, хьехархойн алапаш лахара хилар тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а. Иштта кхин дIа а - алапаш нийсонца хIиттийна цахиларехь, нехан таронаш ледара хиларехь, пенсийн барамаш кегий хиларехь. И йерриге рейтингаш Оьрсийчоьнан пенсхойн фондо а, пачхьалкхан коьртачу статискан органо Росстато а деллачу терахьашца нисйина йу.
  • Меттигерчу Iедалхоша 2022-чу шарахь шайн республика дахаран хьелашца тоьллачу иттана йуккъехь йу аьлла дийцира. Тайп-тайпанчу сферашкахь кхиамаш гойтуш шайн регион схьайар йух-йуха билгалдохура цара. Официал- статистикан терахьашца шаьш эшначарех доллушехь.
  • "Инзаре баккхий кхиамаш" буьйцуш вистхилира зорбанан министр Дудаев Ахьмад. "Стратегийн инициативийн агенталлин" (АСИ) хаамашна тIетевжаш ду шен къамел элира цо. Амма билгал ца даьккхира цу гIирсан хаамаш нахана хетаршца доьзна хилар.
  • Зазадоккху-беттан юьххьехь Кадыров Рамзанан 17-шо долу кIант Ахьмат Путин Владимирца цхьаьнакхийтира. Цу шиннан цигахь даьхна суьрташ Кадыров Рамзана шен телеграмехь дIахIиттийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG